Украине чугIоьртичхьана Тийначу океанан хIордан гIашсалтин элитан 155-чу бригадехь ("Iаьржа береташ") вийна 234 эскархо, хаамбина Оьрсийн сервисан Би-би-си гIирсо. ЧIогIа лазийнарш а, белларш а, тIепаза байнарш а лерича терахь хила тарло 1450 стаг – цуьнан штатехь хиллачийн ах бу уьш. Доьазза лакхара ду и терахь, оцу декъан Нохчийчохь итт шарчохь хиллачу эшамашца дуьстича.
"Медиазона" гIирсаца йукъахь аьтто хилла веллачу 234 стеган цIераш хаа йиллинчу хьасташкахула. Беллачарлахь, чIагIдарехь, мел кIезиг а 18 эпсар ву, шайлахь танкашна дуьхьал гIагI латточу сервисан хьаькам подполковник Москвичев Сергей, виъ майор, пхи капитан. Вон лазийнарш хила тарло 950 стаг. Социалан машанашкахь гергарчара дIахьедора бригадера 42 эскархо тIепаза варах.
Билгалдоккху, Украинана динчу тIелатарехь хIордан гIалшсалтеша кхочудеш хиларх, дукха хьолахь йукъарчу вовшахтохараллашна тIедохкуш хилла декхарш: масала, мостагIчун позицешна гIаш штурм йар. Къаьсттина дукха нах белла Киевн кIоштахь тIом боьдучу хьалхарчу кIиранашкахь, ишта 2022-чу шеран гурахь Донецкан кIоштара Угледарехь штурм йича а. Украинхойн Iедалхоша бехкаш дехкира оцу бригадера эскархошна Бучехь тIеман зуламаш дарна.
155-чу бригадера кхо дакъа эшамаш –мобилизаци йинарш бу. Белларш дукха хиларх лач тIечIагIдо, тIеман министраллица контракташ дина, тутмакхаш хиллачаьрца бригадин могIарш дуьзна хиларца, билгалдоккху хьасто.
Даккхий зенаш хиллашехь, Оьрсийчоьнан Iедалхойн ка йолу бригада йуза, иза дIаса ца йохийтархьама. Угледаран кIоштахь тIемаш беш бу уьш. ТIаьххьара 155-чу бригадера хIордан гIашсалти валарх хаамбира гIуран-беттан 1-чохь. ХIетахь къаьстира 46 шо долу Иванов Денис валар а, билгалдоккху журналисташа.
Малхбузенан аналитикийн зерашца, кхо эзар стаг вара 155-чу бригадехь тIом болабеллачу йуьххьехь.
Кавказ.Реалии сайто цIерашца хIоттийна тептар ду лелош Украинехь байинчу Къилбаседа Кавказан а, къилбан а бахархойх. Карарчу хенахь тептарехь ву – пхи эзар стаг Редакцино кIиранах масийттаза карладоккху и.
- 2022-чу шеран лахьтан-баттахь 155-чу хIордан гIашсалтин бригадера эскархоша латкъам бира Приморьен гуернаторе Кожемяко Олеге, Донецкан кIоштан къилбехь дуккха а нах шайлахь баларх. Цара дийцинера, буьйралло ойла ца йеш сацамаш тIеэцарна деа дийнахь шайх 300 стаг вийра аьлла.
- Украина Iалашйечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь тIечIагIдира, нохчийн Росгвардих пайда оьцуш хилар "заградотрядех" санна: тIемаш боьлхучу аренца дIасауьду салтий сецош.
- Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 2I-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
- 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Буьри-ГIалин гарнизонан тIеман прокуроран искашца дIакъевлира, Оьрсийчоьнан эскарера Украинана дуьхьал болийначу тIамехь хуьлучу эшамех йазден йиъ ресурс. Оцу массо а гIуллакхехь прокуратура тIетовжу пачхьалкхан къайленна а, персонал хаамаш Iалашбарна а.