Маршо Радио: Кхел йолаялар, юьхь, муха го хьуна, хьо реза волуш, муха ю юьхь?
Мусаев: «Тхуна схьагучу хьолехь башха дегайовхо хила меттиг яц. Суьдхочо дуьйцучуьнга хьаьжча а, цуьнан лере хьаьжча а, оцу кхелан чоьнехула лелачу полицине хьаьжча а …хIора тхан къамелаш хуьлучу дийнахь чухиина Iаш хуьлу цхьацца, шишша талламча. Шайн хирриг дан гIерташ лелаш хуьулу-кх хIорш.
Масала, хIокху пачхьалкхан низамехь муха хила дезаш дара? Оцу чохь суьдхо ву, цхьанне а агIонехьа а воцуш, тхо ду, адвокаташ, дехьа агIор прокурораш бу. Оцу прокурорний, адвокатний юкъара къовсам бу оцу суьдхочо къастон безарг.
Амма тхан къовсам прокурорца а, суьдхочуьнца а бу, хIунда аьлча, суьдхо прокурорехьа волундела. Цул тIаьхьа оцу кхелера арадевллачул тIаьхьа полицино лелае харцонна дуьхьало ян а езаш нисло тхан. Иштта, вериг а цхьаьна а кхетта, шайн хирг дан гIерта хIорш. Амма хила-м Дала диннарг бен а хир дац».
Маршо Радио: Тоьшаллин база,масала, машенаш юьйцучохь, ши машен юьйцу. Цхьаъ - ша ерриг. ШолгIаниг – цунах терра,изза ноьмарш а йолуш, арахецна. Машенан да и шен машен ядийнийла хина вац. И хIуманаш иштта муха нисло?
Мусаев: «Иза ядийна а ма яц!»
Маршо Радио: Муха нисло, гуш лаьтташехь, дийнан делккъехь, харцо ма ю иза?! И харцдерг, цхьаъ вукхунах тосу кеп муха карайо?
Мусаев: «Цкъадолчунна, тхуна схьагарехь, и машенаш – нийса машен, харц машен – лелийнарш, цу машенна кехат динарш, машенаш идош хилларш, царна тIера ноьмарш хуьйцуш лелларш къайлабахьа гIерташ ю прокуратура.
Тахана цхьа теш вара тхан кхайкхина, ма-дарра дийцийта цуьнга, цо дина тоьшалла ма ду, и дIадийцийта хIунда ца лаьа шуна, аьлча, тIетаьIIина дуьхьало еш прокурор ю. Ткъа и дийцийта гIерташ тхо ду. И дов лаьтти тхан.
Гуш лаьтташехь, церан вовшашца йолу юкъаметтиг а, иза дийнна цхьа банда хилар а, и машенаш идош берш, юхкуш берш – иза къайладахьа гIерташ бу уьш. ХIунда аьлча, церна юкъаметтигаш ма-ярра суьдхошка, бехккъасторхошка дIайийцича, цунна тIехьа болу нах, хIара хIума дийца долийнарш, гучубовла мега. Я хIара гIуллакх долийнарш. Иза царна чомехьа ца хета».
Маршо Радио: Мурад, ахь хьайн цхьацца йозанашкахь боху, шатайпа, цкъа а ца нислучу кепара, чIогIа цIена, оьзда кIант ву Юсуп. Иза стенгара схьаэцна, хIун амал гучуяьлла, яздо ахь?
Мусаев: «Юсуп суна дика вевза цхьа шо ах шо дIадолуш лаьтта. Суна схьахетарехь, Делах тешашший, Делах кхоьрушший, нахаца юкъаметтиг эсала йолушший, шеца схьагуш цхьа а сакхт доцушший стаг ву иза.
Хьанцца а йолу юкъаметтиг юьйцу ас, соьца вон-м хIунда хуьлура иза, суьдхо велахь а, талламхо велахь а, гочдархо велахь а, шена уллехь лаьтташ волу гIаролхо велахь а – массаьрца а чIогIа эсала а волуш, вац цхьа кIеда-мерза хила гIерташ, охьатаьIина, сийлахь а ву иза, эсала а ву иза, оьзда а ву иза.
Масала, хIара гIуллакх суьде дIадаха деза аьллачу хенахь, гIулллакхан материалашка хьовса дезаш дара тхо. Ткъа цунна луш шен хан а ю. Таллламхо ю тхан Сотникова бохуш, цо ян а еана боху, ша доьзалхочух а яра, дарбан цIийне чуйижа езаш а яра, и девнан гIуллакх аш тахана чекхдаккхийтича, тIе куьйгаш а таIийна, сихо йича.
Ас боху: «ХIай, дукха яха хьо, хьо-м дарбан цIийне яха езаш хила а там бара, хIокху стеган дахар ма ду вай тахана кхузахь къастош дерг! ХIинца ахь кхуьнга йийцинчу харцо бахьанехь, дахарх йисина хан набахтехь яккха езаш хила ма тарло, сих муха лур ду тхо, хьан гIуллакхна тIаьхьа девлла?»
Ас иза аьлча, хIокху Юсупа боху, баккъала а, йитахьа, иштта и хьал цуьнгахь хилча, дIа куьг таIадайтахь, кхано юха цхьаъ дийр ду вай. ТIаккха цо иштта аьлча, куьг а таIийна, дIаяхийти оха и тхайн талламхо. ТIаккха иза араяьллачул тIаьхьа сагатдеш ву иза. Соьга боху цо: «Деллахь ма хьашт доцург ду иза, цо дIадаьхьна долу хIокху гIуллакхан и тептарш чIогIа деза дара, доьзалхочух а хилча, еза хIума текхо мегар ма дацара цунна, гIо дайта дезар-кха цунна».
Баккъал а охьахиина, цхьана эха сахьтехь цунна сагатдеш, къамел до цо соьга. Ша баккъал а дог цIена волчу стаго бен лан йиш ма яц иштаниг. Цхьа тамаше, кху дуьненчуьра а воцуш санна, цхьа дог-цIена стаг ву иза.
Ткъа иштта вийцича, дагна кIеда стаг ву моьттур ма дуй ца хуучунна. Цул хьалха, цхьа шо хьалха, суна моттарехь, и талламхо юкъахь а йолуш, оцу талламхочунна хаа а хууш, кхара дIа а лаьцна, цхьана кIиранах тIехь ницкъ бина цунна, чIогIа луьра ницкъ бина цунна тIехь – ток етташ, садукъдеш, когех хIума етташ. КIиранах и хьал шена тIехь латтийннашехь, оцу ша хьийзош болчу нахе цара ала бохуш долчух ах дош а ца аьлла цо, цхьаъ-м тешна а ца аьлла.
Цунна тIехь лелийнарг , иза цхьа дуьненан жоьжахате ю-кх, ахь и хьал девзачуьнга, хьаьнга а хаьттича. «ДIавала, хIара-м массо а хенахь иштта хьуна тIехь лаьттар долуш ду-хьуна, ахь и оха боххург аллалц, цара шега аьлча, «массо а хенахь лаьттар долуш цхьа а хIума дац кху дуьненчохь, шайн болх схьабе аш», бохуш, хIумма а шек а ца волуш, иштта цу баланех, цу хьовзамех чекхваьлла стаг ву иза.
Цундела, иштта и доьналлий, и сийлаллий, и шен оьздангаллий – дерриг а шеца долуш стаг ву, чIогIа кхоам болуш стаг ву хьокху къацахетарийн карахь вита. Дала мукъалахь, ца вита а хьовсур ду-кх тхо».
Маршо Радио: Адвокатийн карарчу заманахь оцу кхелашкахь цхьа а мах бан а бой, пусар дан а дой?
Мусаев: «Оьрсийчохь хIора дийнан йолу практика ю-кх иза, адвокаташка ла ца догIа гIертар, цо хIуъа дийцарх, тергал ца дар, иштта кхидIа а. Амма и бехккъасторхой оха хIунда хаьржира аьлча - оцу хIуманех кIелхьара довлархьама.
Масала, оцу Мосгорсудера профессионалийн суьдхо прокурорехьа хуьлуш ву-кх, муьлхха а дов и хоттуш велахь а, ткъа къаьсттина хIара санна долу дов. И «присяжный» олу бехк къастабе нах, уьш арахьара схьагулбина ма буй, цхьана а суьдхочунна, прокурорна, талламчана муьтIахь а боцуш, цара хьокху гIуллакхца цхьа нийсо яре сатуьйсу оха.
Цхьаболучара, дIадовда, хьерадевлла шу, бехккъасторхошка муха хоттуьйту аш и санна долу дов, хIара нохчо ма ву, важа вийнарг хIета а, вета а эпсар, кху халкъан турпал а ву аьлла кхайкхийна ма ву , шайнчаьргахьа озабезам бийр ма бу цара, гIазакхий ма бу уьш, олу тхоьга.
Оха эриг хIун ду? Цу кхерамах тхо кхета, таханлерачу дийнахь, хIара Москох санна ксенофоби, шовинизм йолуш меттиг дуьнентIехь хир а яц, амма муха а делахь а, и бехккъасторхой бакъонехьа берш нисбелча, цара нийсо ян мега, и стаг схьаваьллачу меттиге а ца хьоьжуш, цуьнан къоме а ца хьоьжуш, амма важа профессионалийн суьдхо хилахь, цигахь цхьа а сатийсам бац».
Маршо Радио: Шина зуламах дайн зулам хаьржина-кх аш …
Мусаев: «Шиннах дайниг хаьржина. Юха а, тIаккха а оха сатуьйсу, и тхаьш хаьржинарг зулам ца хиларе».