Нохчийчохь белхазалла кест-кеста йийцаре йеш йу Ӏедалан кхеташонашкахь – Кадыров Рамзана дош делира белхазаллан терахь ах гергга лахдан, марсхьокху-баттахь президент Путин Владимир веаначу хенахь. И Ӏалашо кхочушъйарх лаьцна хаам бира шо чекхдолуш, амма, керла шо долалуш республикан куьйгалхочо йуха а бахархошкара бехк баьккхира, царна "болх бан ца лаарна". Белхазалла лакхара хиларан бакъдолу бахьанаш ду йаккхий предприятеш цахилар а, лахара алапаш, дика белхан меттигаш "шайна" йитар, бахархойн долахь йолу бизнесаш шайна долайерзо Ӏедалан лаам хилар а, билгалдоккху меттигерчу бахархоша Кавказ.Реалии редакцица динчу къамелехь.
Дечкен-беттан 1-чу дийнахь Путинан проспект а, Назарбаевн урам а вовшахкхеттачу меттехь некъ схьабоьллуш, вистхуьлуш Кадыровс бехке бира республикера бахархой болх бан ца лаарна. Цо дӀакхайкхийра, шен Iалашо хилар керла некъ а, масех хьужри а, хьафизийн школа а йар. Амма республикехь гӀишлошъйарехь болх бан лаам болуш нах бац аьлла латкъам бира цо: "Ур-атталла цигахь кибарчиг йилла нах ца карабо тхуна. Нах карийча а, цара доьху лекхара алапа. Тахана, Iедал белхахошна а дац 30-40 эзар бен алапа луш".
Ӏедалан гӀишлошъйарехь нахана болх бан ца лааран бахьана, редакцин къамелхочо Заурбека, масал далош, лахара алап а, алапа тIера ахчанаш дӀадахар, хьакамашах тешам ца хилар а. Нахана гӀишлошъйарехь белхаш беш ву иза. Пачхьалкхан секторехь, республикан куьйгалхочо дуьйцу алапаш – 40-50 йа 80 эзар сом ду бохуш дуьйцург, бакъ ца хета Заурбекан:
"Капекийн дуьха гӀишлошъйарехь цхьамма а болх бийр бац. Йаккхийчу гӀишлошъйаран компанеша – ткъа уьш хьенан йу вайна хаьа, мигранташ шаьш чу а балош, балха оьцу. Царна ах алапа делча а тоьаш ду. Масала, ас цхьаъ метр плитка йуьллург 1 эзар сом дехахь, Таджикистанера белхахочо и болх шозза борах бо. Цундела, заказчико, шена ворах верг балха дӀаоьцу. Таджикистанера белхахочунна 500-600 сом тоьаш ду, церан цӀахь и доккха ахча ду, кхузахь доьзал кхаба аьтто бац хьан, оцу ахчанца".
Инзаре дуккха гӀаланаш, гIишлош йаш, цхьа завод йа, цхьаъ йоккха предприяти ца йина
Нохчийчоьнан белхан министралло бечу хаамца, 2024-чу шеран гIадужу-батте кхаччалц, белхан меттигаш лоьхучу центрашкахь 2035 белхан мукъа меттиг йара. ХӀора белха меттигана 19 кандидат а волуш. Уггаре а алсам белхахой оьшуш хилар гуш ду дешаран а, Ӏилманан а (27,9 % йерриг а вакансех), могашалла Ӏалашъйаран (19,4 %), юьртабахаман (8,5 %) секторехь. Iедало хаддаза хьехош йолу гӀишлошъйаран сектор, уггаре а лахара белхахой оьшуш бу (массо а дӀакхайкхийначу мукъачу меттигех 6,7%), ткъа иштта исбаьхьаллин а, културан а, самукъадаккхаран а (5,9%) а, транспортан а (4,4%).
Соьлжа-гӀаларчу йахархочо Сацитас дийцарехь, аьтто ца хуьла ишттачу мукъачу меттигашкахь балха хӀотта. Болх луш болчара "шайн нахана дика меттигаш ларйо", билгалдоккху цо, уьш нагахь санна йелахь а.
"Ас юридикан факультет чекхъйаьккхина. Йуьхьанца, массо а санна, болх лоьхуш лелла со, цкъачунна нотариусан гӀоьнча санна. Амма цигахь лакхара кхаъ бала безаш бара, амма алапа лахара дара. Болха боцуш дуккха а Iийра со. ТIаккха, сан доттагIчо тешийра со йохк-эцар доло, иза ша а дуккха а шерашкахь йохк-эцар лелош йара. И бахьана долуш, жима духаран туька схьайиллира ас. Суна цунах чIогIа беркат хилла дӀахӀоьттира", - дуьйцу цо.
"Ӏедал шена схьайоккхуш ду, сом долу массо а хIума а".
Марсхьокху-баттахь, Путин Нохчийчу веача, республикан куьйгалхочо дIахьедар дира, шо чекхдалале белхазалла 8% тӀера 5% кхаччалц охьайоккхур йу аьлла. Шо чекхдаларе а ца хьоьжуш, Ӏедалан кхеташонехь республикан премьер-министро Даудов Мохьмада дӀахьедира, планаш кхочушхилла, белхазалла 5% кхаччалц охьайалла аьлла. Цо билгал ца даьккхира, масех баттахь оццул инзаре жамӀаш муха нисделла.
ХӀоранна а тӀедожийра дара йа официалан "Грозный" таксехь болх бен, йа шайн "таксовать"дар сацо деза. Со Москва болха лаха вахара
Шеран официалан статистика тӀаьхьо хӀоттайо – республикерчу Чеченстато, стохка гIадужу-батте кхаччалц долу терахьш бен зорбане ца баьхна: цаьрга хьажча, гайтам лахбала болабелла, зазадоккху-баттахь 0,3–0,4% кхаччалц цхьана баттахь. Цул хьалха иза хийца ца луш лаьттира дерриг а 2023-чу шарахь – 7,9–8% тӀегӀанехь.
Росстато белхазалла гойтуш йолу статистика Дуьненаюкъарчу къинхьегаман организацин (МОТ) олучу методикаца хIоттош йу, иза бохург ду, официалан хаамашна йукъа официалан кепара гӀо дехна нах бен ца йаза бо, кхетадо экономист а, Либералан миссин фондан декъашхочо Жаворонков Сергейс.
"Нагахь санна хьо масала, хӀусамнана, йа талорхо велахь, ахь белхан меттигаш лоьхучу хьукматашка дехар а ца динехь, хьо официалехь болх боцуш санна дӀайазийна вац. Хьо цхьа шатайпа "хӀаваэхь" ву: болха а бац хьан, амма официалехь тIедогIург дац хьан. Оьрсийчоьнан Федерацехь 20 процент гергга бу, цу тайпа нах, суна хетарехь, Нохчийчохь кхин а алсам хила тарло. Ткъа официалехь болх боцурш 5% хила а тарло. Кхузахь, вай тидаме эца оьшу, меттигера специфика. Масала, боьрша стаган, йуьхьӀаьржо йу, шена белхазаллан ахча деха", - билгалдоккху эксперто.
Ӏедало дӀакхайкхийна белхазалла 5% бен йацахь а, университет чекхайаьккхинчул тӀаьхьа, кегийрхойшна республикехь болх ца карош Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дӀабаха безаш хуьла.
Ӏелас, Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикан факультет чекхайаккхина. Масех шарахь кхиам боцуш шен говзаллехь болх лехна цо. Кхин аьтто ца баьлча, Москва дӀавахана иза. Цо дуьйцу, Нохчийчохь шан цхьана йукъана гӀишлошъйархойн меттигашкахь"Яндекс" таксехь а болх бина хилар, амма Iедало и аьтто а дӀахьаьдийра“.
"Ас эра дацара со чIогIа вехаш вара, амма сайн тоъал ахча дара, Iедалера хӀумма а йоьхуш вацара. ТӀаьхьо, Ӏедал массо а таксисташ шайна кога кIел бахьа буьйлабелира. Массарга а, йа официалан такси "Грозный" балха хIотта йа “таксовать” дар сацаде элира. Цигахь система муха йу аьлчи: цара хьуна машен ло, ахь дийнахь план дӀало, дисинарг хьуна дуьса. Суна пайде дацара иза. Со Москва дIавахара, болх лаха", - дуьйцу цо.
Советан Ӏедал долчу хенахь Къилбаседа Кавказехь уггаре а йаккхийчех хиллачу "Красный Молот" заводехь болх беш хиллачу стага (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца) дуьйцу, белхазаллан бахьан- республикехь йакхи заводаш цахилар ду.
"Республикан куьйгалхоша хӀора кхеташонехь дӀакхайкхош ду шайн кхиаамашах. Амма хьо дика хьаьжча, оцу инзаре гӀаланаш кхиорна йукъахь цхьа а завод а, промышленни фабрика йац. Йерриге а республика йохка-эцаран центрашца а, бензинан станцешца йуьзна", - билгалдоккху цо .
"Субсидеш тӀехь а латтош, къомана тIехь Ӏуналла дан атта ду"
Бакъонашларъйархочунна а, адвокатна а, Мемориалан декъашхо хиллачу Гисаев Ахьмадана хетарехь, республикехь белхазалла хиларан коьрта бахьана экономика цахилар ду. Нохчийчоь, шина тӀаман зенах меттахӀоьттинехь а, тӀемаш хилале хьалха хилла промышленни комплекс йухаметтахӀоттийна йац.
"Муьлха белхан меттигех лаьцна дуьйцар ду вай? Федералан центро меттахӀотто ца магийнарг республикан куьйгалло меттахӀотто йиш йац", - билгалдоккху цо.
Гисаевн хетарехь, Нохчийчохь тӀом дӀахьочу хенахь экономикан потенциал- заводаш а, фабрикаш а леррина хӀаллакйина, тӀейогӀучу хенахь республика йозуш йисийтархьама а, цхьа а шен экономикан тоам ца хилийтархьама а.
Билгалдаккхар. Соьлжа-гIала Къилбаседа Кавказан промышленностан а, Ӏилманан а, культурин а йаккхийчех центрех цхьаъ йара. 1984 шарахь гӀалахь вехаш 383,5 эзар стаг вара. Царах кхоалгӀа дакъа промышленни 60 предприятешкахь болх беш дара. Дукхахайолу заводаш а фабрикаш Соьлж-ГӀалахь а, Устрада-гIалахь а, Гудермесехь а йара. Республикан промышленностан гиганташ - Шарипов А. мехкадаьтта доккху завод (НПЗ), Ленинан цӀарах йолу мехкадаьтта доккху завод (НПЗ). Анисимов, ГХЗ, ЧЮЦЗ, ЗНМ "Красный молот" 1994–1999 шерашкахь хиллачу тӀемашкахь, уьш йерриге а хӀаллакйира., оцу йаккхийчу предприятех цхьа а меттахӀоттийна йац, цхьа Чуьра -Эвлара завод йоцург.
Республикехь керла индустри ца кхоллайелча, белхазаллаца долу хьал тодала йиш йац, боху Венерчу "Ичкерия" културан центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна. Цунна хетарехь, федералан центр йац республикера индустрин комплекс меттахӀотто Iалашо йолуш, меттигера Ӏедалш цаьргара пурба доцуш и болх бан баьхьар болуш бац.
"Заводийн метта маьждигаш, динан школаш, йохка-эцаран центраш йеш йу чаккхе а йоцуш. Ткъа бахархой, йерриг а оьрсийн пачхьалкхехула болх лоьхуш лела. Республика, субсидиш тӀехь латтор дуккха а гIоле ду меттигерчу Ӏедалшна а, федералан центрна а: къоман тIехь Ӏуналла дан атта ду иштта", - бохуш, дерзадо цо шен къамел.
Нохчийчохь, стохка дечкен-баттера гезгмашан-батте кхаччалц, белхазлой бу аьлла дӀайазбинчу бахархошна пособеш делла - 5,2 миллиард сом барамехь. И ахчанан барам Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь уггаре а лекхара бу, регионийн бюджеташкара луш долчу массо а белхазаллан пособех 10% ду, боху Федералан Къинхьегаман а, белхан а сервисан хаамашца. 2024-чу шарахь Нохчийчоьнан бюджетан федералан центрера 7,1 миллиард сом субсидиш делла. Кху шарахь, уьш 5,7 миллиарде кхаччалц охьадаха дагахь йу федеран центр.
- Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь йийцаре йеш тема хилла дӀахӀоьттира Нохчийчуьра белхазалла. Цо дIахьедар дира, регионехь гӀишлошъйарехь меттигаш йу -80 эзар сом алапа луш, амма нах, болх бан лууш бац, социалан пособеш гӀоле хеташ. Республикера Кавказ.Реалиин редакторшца къамелдечара белхаш боцуш хиларан кхин а бахьанаш билгалдоху, царна йукъахь кхаьънаш а ца делча, балха хӀотта аьтто ца хилар.
- "Хроника" а, "ExtremeScan" а проекташа бинчу талламца, Нохчийчохь а, Дагестанехь а бехачу 70% бахархойн хӀора доьзалан декъашхочунна хӀора баттахь 30 эзар соьмал ахча сов ца долу, ткъа бахархойн кхоалгӀа дакъа бохург - 12 эзар сом бен а ца кхоччуш ду. Иза иштта делахь а, нохчийн хьаькамаша кхидӀа а дуьйца массо а социалан а, экономикан а декхарш, кхиамца чекхдаьхна хилар, массо а декъехь "инзаре кхиамашца" бохуш.