Университетийн а, институтийн а болх зуьйш, цхьана баттахь леррина зераш дIадехьна Оьрсийчохь дешаран а, Iилманан а министаралло цхьаьнатоьхначу Iилманчийн тобано. Шатайпа жамIаш дина цу тобано Къилбаседа Кавказехь йолчу доьшийлийн хьокъехь.
Царах дукхах йолчийн болх эвсаралла лахара йолуш санехьа ца лерина говзанчаша. Царна хетарехь, къаьсттина ледара хьал ду ДегIастанахь а, Нохчийчохь а. Дагестанахь, масала, пхеа лакхарчу доьшийлех болх эвсаралла йоцуш лору зераш динчара. Цу декъехь кхин а гIаддайна хьал ду Нохчийчохь. Вуьшта аьлча махкахь ю мел бохучу лакхарчу доьшийлашкахь даладелла сурт дац аьлла сацам бина Iилманчийн тобано.
Цу юкъахь ю Миллионщиковн цIарах Соьлжа-гIалин мехкадаьттан институт а, Нохчийн Пачхьалкхан университет а, Пачхьалкхан институт а. Массо доьшийлийн болх зуьйш йолчу тобано стенна делахь а тидам-тергоне ца эцна исламан динан кIоргенаш йостуш йолу Нохчийчуьра шиъ доьшийла.
Ма дарра аьлча, махкара ю бохучу кхаа вузех цхьа а цхьаъ ца магаяр, цхьа кхардаме я тIехтохаме лерга юх а ягош, тIара тохар санна туьду цхьаболчу тергамхоша. Кхечара бакълена а тоаме ца лору цу доьшийлаш беш болу болх.Ишта бахархоша а тIехь даре до деша дIахIуьттуш ахчанаш дахарал сов, дешар дIадоладелча а, массо экзаменашкахь студенташкара хьехархоша ахчанаш дохуш хилар.
Оьрсийчоьнан дешаран а,Iилманан а министаралло кхоьллинчу говзанчийн тобано шайн зерашкахь гIортор йинарг хIара гайтамаш бу: юккъерчу барамехь с хьаэцна ЕГЭ олчу экзаменехь студенташа даьхна баллаш; университетан я институтан Iилманчаша язбина (зорбатоьхна я книшка араяьккхина) Iилманан белхаш, кхечу пачхьалкхашкара Iамийна арахецна студенташ-говзанчаш маса процент ю а; цхьана Iилманчин коьрта цIарх вузана мел са-пайда хилла а; доьшийлийн инфраструктура муьлхачу тIегIанахь ю а.
Цу пхиа бустам-барамах 4 кхачо йолуш ца хилча доьшийлин болх санехь а, я пайдехьа а ца лору говзанчийн тобано. «Церан болх ишта лерича а,-боху дешаран министараллехь хьаькамех цхьаъ лаьттинчу Глебова Любовс,- и бохург дац и гайтамаш лахара хилча и вуз дIакъовлур ю бохург. Дуккха а хIума доьзна хир ду цунна гергахь кIоштехь и доьшийла мел оьшуш а,мехала а ю бохучух а.