ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшехь мухIажаршна йиттина низамхоша?


Беларуси, нохчийн мухIажарш Брестерчу станцехь
Беларуси, нохчийн мухIажарш Брестерчу станцехь

ТIаьхьарчу шарчохь хаьдда а яц Полше схьаоьхучу Нохчийчуьрчу мухIажарийн рагI. КIиранашкахь а, цхьаберш ур-атталла беттанашкахь а Беларусин дозанна тIехь хан яьккхина, Полше дIакхаьчначул тIаьхьа церан халонаш амма дIаюьйлалуш бен ца хуьлу. Меттигерчу мухIажаршна леринчу лагершкахь беттанашкахь хан яккха деза церан, шаьш къайлаха, легале а доцуш, кхин дIа а Европин кIоргене дIадига стаг валлалц. ХIунда аьлча, доккхачу декъехь Полше боьлхурш вайнах цигахь саца дагахь ца боьлху. Нагахь санна церан тIаккха Полшера Германе я Австре я муьлхачу а кхечу махка дIабаха кадаьллехь, цигахь уьш Полшехула сехьабевлла хилар теллиначул тIаьхьа оццу махка юхахьовсабо уьш кхечу Европан мехкийн Iедалша. Цул тIаьхьа тIаккха уьш шайх «ДIакъевлина лагер» олучу ах –набахте а, ах-мухIажарийн лагер а санна йолчу меттехь сецабо, арабовла а, бахаран-бахкаран маршо а йоцучу.

Ишттачех цхьана дIакъевлинчу лагерехь хилла еари Iуьйранна меттигерчу полисхошний, нохчийн мухIажаршний юккъехь Iоттабаккхам. Ватсаппехула еари Iуьйранна дуьйна дIасакхоьхьуьйтучу орца дехаран а, латкъаман а аудио-хаамашкахь дийцарехь, сахуьлучу хенахь цу лагере чу а лилхина, тухуш-Iуттуш масех нохчо, шайна юккъехь зударий а болуш, дIалийцина Iедалхоша. Иштта дуьйцу и хаам баржийначо.

Боьршачу стеган аудио-кхайкхам: «Вежарий, йижарий, оцу Полшехь дIакъевлинчу лагере Iедалхой чу а лилхина, бетах йоьхкина тутмIаьжгах а йолуш, тухуш-Iуттуш нохчи дIабигина цара. Ши бер долуш зуда а ю цара дIайигина, кхо кIант а ву. Бетах хIума а етташ, вуно дера бигина цара уьш».

Шаьш хиллачун тешаш берш а бу аудиолаткъамаш беш, хилларг билгал муьлхарчу лагерехь ду я шайн цIераш а цара ца яхахь а. Хила мега цара иза кхерамазаллин бахьанашца ца олуш а.

Зудчуьн аудио-латкъам: «ЧIогIа тешанбехк бина цара тхуна сахуьлучу хенахь. Йоккха харцо ю цара тхоьца лелориг кху чохь. Цхьа а гIо дац тхуна деш, цхьа а лор вац кху чу вогIуш. Сийсара тхан массеран а неIаре хехой а хIиттина, етташ, ши бер долуш йолу и цхьа зуда дIайигина цара, хьоькхуш мохь болуш. Иза мичахь ю хууш дац, депортаци йина боху цунна. Дай, ши кIант а вигина. Етташ, текхош бигира уьш, тхох цхьа стаг ара а ца волуьйтуш».

Бакъдолчехь Полшерчу мухIажарийн дIакъевлинчу лагерехь хилларг хIун таллархьама Маршо радио гIоьртира, цу аудио хаамашкахь къамелаш деш берш муьлш бу къасто, амма материал эфире яллалца цу нахаца зIе ян ка ца делира. Бакъду, Полшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхо волчу Ильясов Шарпуддинца къамел хилира Маршо радион. Цо дийцарехь, иза хиллачун хьокъехь меттигерчу прокуратуре латкъам язбан кечлуш ву. Амма цкъачунна билгал хиллачун тIаьхьа кхиа а, и аудиокхайкхамаш беш болу нах ур-атталла муьлхарчу лагерера бу къастон а ка ца даьлла цуьнан. Делахь а, хиллачун сурт тайп-тайпанчу хьостанашкара информаци талла а теллина, гергарчу хьесапехь иштта юхаметтахIоттийра цо Маршо радиоца къамелехь.

Ильясов Шарпудди: «И тайпа дIакъевлина лагерш кхузахь пхиъ-ялх ю. Цигахь латтош берш Полшера кхечу мехкашка дIа а бахана, цигара схьа юхахьовсийна болу нах бу, уьш юха а кхечу мехкашка дIа ца бахийтархьама цу чохь латтабо уьш. Цхьана шарахь ах шарахь и нах цу чохь латтон бакъо ю уьш кхузарчу низамца. Соьга кхаьчначу информацица, цу лагерерчу цхьаболчу нахана депорт ян гIоьртина полисхой, ткъа вайнаха царна дуьхьало йина. ТIаккха вукхара шайн леринчу декъашкара Iедалхой схьакхайкхина. Цара цигахь, хетарехь, варзакъаш а, бIаьргах хи доккху газ а йиттинчух тера ду. Кхана Iуьйранна сайца масех накъост а эцна цига гIур волуш ву со».

Полшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхо дийцарехь, хIоьттин

Полшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхо дийцарехь, хIоьттинчу хьолехь уггаре а хьалхох дан дезарг — иза хиллачун кхочуш таллам бар а, бехк боцучу нахана дуьхьал Iедалхоша ницкъ бинехь, иза прокуратуре таллийтар а, хиллачун закъалташна юристийн а, адамийн бакъонашларйархойн а гIо кхачор ду.

Ильясов Шарпудди: «Iедалхоша леринчу гIирсех, масала, хи доккху газах пайда эцар хIун бахьана долуш хилла, цара маьршачу нахана дуьхьал ницкъ бар стенца доьзна ду бохург таллийта тIеман прокуратуре латкъам хьажор бу оха, цигахь хилларг къаста а дина. И нохчи болчу вахана, царна тIе а кхочур ву со, хIун накъосталла дан йиш ю а хьожур ву».

Цу юкъана Полшерчу кхечу лагершкарчу нохчийн мухIажарша мелла а кхечу агIор дуьйцу хилларг, ватсапехула даржийначу орцанийн костанашкахь ма-дийцара а доцуш. Маршо радионца къамел динчу цхьаццаболчу мухIажарша бехказбоху меттигера Iедалан белхахой. Цкъачунна хилларг массо а агIор билгалдаьлла ца хиларна церан верси цкъачунна бакъ-харцана толлуш ю редакци.

XS
SM
MD
LG