ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собар кхачийнарш


Нохчийчоь, 2014 шо
Нохчийчоь, 2014 шо

Дов даьлла цхьа стаг вийна, кхин цхьаъ лазийна Нохчийчохь Хьалха МартантIехь. Царна герз диттина зуламхо лоьхуш бу ницкъаллин структурийн белхахой. ТIаьхьарчу хенахь, цхьа хIумма а доцучу хIуманашна тIехула девнаш а дохуш, вовшен байар алсамдаьлла нохчашна юкъахь.

Нохчийчохь наггахь а бен хан дIа ца йолу кегийн а, баккхийн а нах вовшех ца леташ, я цхьацца гIарадолуш долу девнаш ца дуьйлуш. Говзанчаша дийцарехь, дерриг а къам син хьаштийн дарба оьшуш ду.

Цхьа бутт сов хьалха Соьлжа-гIалахь цхьана жимчу стага, ша сацийначу полисхочунна уккул чу тапча а тоьхна, иза верах нах уггаре а цецбаьхнарг яра цуо иза даран кеп. Меллаша, воха а ца вухуш, букъан тIехьа а ваьлла, ша нах бойуш волу киллеро санна тапча туьйхира, шен тIоьрмиг чу хьоьжучу полисхочунна. Иштта цигара, сих а ца луш, меллаша дIавахара иза.

Адамалла а, собаралла а даиман а дахаран коьрте даьккхина хиллачу нохчийн юкъараллехь хилла болу хийцамаш гуш бу. Нах и кIоршамалла тIе ца дита гIертахь а, хIора стагана шех цу тайпа хIума хьакхаделча хаьа мел хала ду собаре а, иманехь а хила, хIокху сихачу заманахь муххале а. Цундела кест-кеста хуьлу нохчашна юккъахь цIий Iанош долу девнаш.

ТIаьххьара цу тайпаниг хилла Хьалха-МартантIехь. Шина вешийца дов даьллачу меттигерачу вахархочо тапча а йиттина царах цхьаъ вийна, важа лазийна.

ХIинца и стаг лоьхуш ву полицино а, беанчу бохамо бIарзбинчу веллачуьнан гергарчу наха а. Дукхачу наха халахетарца билгалдоккху цу тайпа чолхаллаш юккъараллехь дукха хилар. Дайша, къонахчунна низаме даьккхина собар ца хилар ду иштта нохчий вовшашна чуччабахар, аьлла хета Муслан цIе йолчу Сунжа кIоштарчу вахархочунна.

Муслан: «Сихалла ю, муьлхачу а заманахь чIогIа вуо. ШайтIа хьоьвза юккъе. ХIинца, гуттара а хьоьвзина иза. Зулам долу цуьнах. Герз вовшах тохар хилла дув ай хьалха заманахь дуьйна. Сихдинчу хIуманах, зулам бен кхин хIума ца хуьлу. Массо а хIуманна шен-шен мах ма бу».

Дин а, Иман а махкана чухьоьвзина бохуш далахь а, вовшах ца дашар а, куралла а яьржина хиларна терго йо Муслана. Катоьхна дерриге а къоманна, психологийн реабилитаци ца яхь, кхана-лама вуо тIаьхьалонаш хирг хиларна шеко яц цуьнан.

Нохчийн историк волчу Демалханов Сулеймана а дуьйцу махкахь нахана юкъахь хуьлуш долу доьвнаш, дукхачу хьолехь, машарца дерзалура долу, дуьйлуш ду, собар ца хиларан бахьанашца бохуш. Цуо иштта элира цунах лаьцна.

Сулейман: «Вай ваьшша нохчаша а олуш ду, вай сих ду олий. Амма, нохчаша уггаре а лоруш хилларг хилла собар. Сихалло юьхьIаьржа хIоттаво. Ши тIом а хилла вайна. Дукха адаманна психологин бохам хилла. Реабилитаци еш а яц цхьана а тайпа».

Нах вовшашца оццул буьрса хиларан бахьанаш ша-тайпа го психологана Мотина Ангелинина. Карара зама а, хилла болу тIемаш а ду бехке цунна элира цуо.

Ангелина: «Иза гуш ду, сиха хиларца. Карарчу заманна юкъараллехь иштта сихалла схьаяьлла хиллачу шинна а тIамах. И хIума дукха айдан а ца деза, амма иза терго йоцуш дита а мегар дац. Мелхо а оцу баланна терго ца яхь, иза кхераме хила мегаш а ду. И тIаьхьалонаш хааяла мега и тамашийна хилла болу тIемаш лайначу чкъуран тIехь».

Нахана оьшуш долу дарба а билгалдоккху психолого Мотина Ангелинас. Коьртаниг син хьашташ кхочуш дар ду аьлла хета цунна.

Ангелина: «Буьйцуш болчу баланех дарба хила деза син хьаштийн хьелашна терго ярна тIехь. Суна хетарехь, дахаран културан барам лакхабаккха беза. Рационалистийн агIонаш а, мехаллаш а, айян еза, баккхийчара лоруш хилла йолу».

Къоман син могашаллан дарба муха хила деза бохуш лоьххушехь, де дIа ца долу, нохчий вовшашна чучча ца боьлхуш. Кхаарин суьйранна, Соьлжа-гIалахь а хилира кегийрхошна юккъахь дов. Тидаме юьллучу къамелан кийсак тIехь, хIун хилла кхузахь, бохучу хаттарна, цхьаммо луш долчу жоьпо гойту муха ду цу агIор юкъараллехь долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG