ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собар дайнарш


Адамаш вовшашца юьхьаза хилар нохчашлахь даржар къомо ловчу халонашца а, амма иштта нехан дешна хиларан тIегIа лахйаларца а дузу синан дахар толлучу Iилманчаша.

ХIокху эшарехь телефонехула хезаш долу и сел эсала къамел цхьаьна кхечу дуьнентIерчу наха деш санна хетало наг-наггахь цхьана белхан хьаштана эшна Нохчийчуьрчу хьукматашка телефонехула зIе хьовзийча. Дуьхьал буьйцуш берг оьрсийн мотт хилар-м лан а мегар дара, и оьрсийн мотт а адамийн маттахь буьйцуш хилчахьана.

Амма кест-кеста нисло хьукматхой вуно дера а, шога а бистхуьлуш, къаьстина хьо нохчийн маттахь шайца къамел дан хIоьттича, тIехула тIе дозанал арахьара зIе етташ юйла а хиъча. Ойла кхоллало, Москохара муьлхачу а цхьана могIарерчу хьутматхочуо, цхьана олуш ма-хиллара, клерка шайга телефон тоьхча а дой теша цара иштта чам боцуш къамел олий.

Къомалахь вовшашца ларам а, хьасене хилар а лахдаларан бахьанаш толлуш дуьненан психологин Iилманахь долу дикка хан ю. МогIарера къизалла, делан денера шогалла – иза мичара муха кхоллало а, иза хьайна цхьаьна бахьанашца дуьхьалкхетча муха хIун дан деза а дуьйцу синан цамгарш толлучара. Делахь а, и массо а хьехар диц а лой, вас хуьлу, дела денера шогалла а, ларам бацар а шех хьакхаеллачун.

Берлинерчу цхьана мухIажаршна гIо даран юкъараллехь психологан болх бечу вайн махкахочунна Довлетмирзаев Ахьмадна дика евза и проблема. Говзанчана санна, цуьнан орамаш а, бахьанаш а, амма иштта цунна дуьхьал даккха дарба а хаьа суна. Адамаш вовшашца лелочу юкъаметтигийн оьзденгалла лахйаларан бахьанех цхьаъ нехан дешна хиларан тIегIа лахйаларца дузу цуо.

Довлетмирзаев Ахьмад: „Нехан дахар дIатарделла цахилар, церан шайн дахарехь кхиамаш ца хилар я уьш болх боцуш хилар, я церан доьзалшкахь халонаш а, девнаш а хилар ду цуьнан орамехь. Уггаре а хьалха нах дешна ца хиларца а, нахана юккъехь лела Iемина ца хилча а хуьлу адамаш дера а, юьхьаза а“.

Европе дIакхелхинчу нохчашца болх беш волчу Довлетмирзаев Ахьмада йийцинарг Малхбузерчу вайнахалахь ша тергал деш долу амалийн шогаллин бахьанаш ду. Соьлжа-гIаларчу цхьаьна зударийн цхьаьнакхетараллехь психологин гIо латтош йолчу Гайсумова Сацитас, шен рогIехь иштта дийцира хьастагIа Маршо радионехь Нохчийчохь нехан вовшашца юхьаза хилар лакхадаларх лаьцна.

Гайсумова Сацита: „ХIора стаг вовше дIакхалла гIерташ санна сурт кхоллало. Пхьоьхана ваьлла ши боьрша стаг а нах буьйцуш хуьлу. Араяьлла, уьйтIахь гIента тIе охьалахйелла ши зуда а нах буьйцуш хуьлу. Вуно адам вовшашца дера а, кIоршаме а дирзина, эккха кийча долу ахкарг санна дера бу нах. ТIом хилла, къизалла а гина, цхьаьна мухIажарш девлла а лелла долу адам, цIадирзинчул тIаьхьа, мелхо а вовшашца къинхетаме хиларна метта къиза дирзина“.

Цу маттаца а, леларца а наха кхечарна тIеяссочу оьгIазлонан бахьанаш уггаре а хьалха тIамо а, Iедалийн харцоно а адамашна бинчу тIеIаткъамца бузу психолога Гайсумова Сацитас. Цуо дийцарехь, цхьана адамо я нехан тобано я дийначу халкъо шерашкахь шен гIорасизалла лан дезча, и гIорасизалла нехан вовшашца йолчу шогалле а, дералле а йоьрзу.

Гайсумова Сацита: „Вайнахана тIехIоьттинчу хьоло, вай лайначу къизаллаша а, харцонаша а, вайн цунна дуьхьала баккха ца хилла ницкъ а, и дерриге а бахьана долуш кхоллаелла йолу агресси вайн чохь ю. ХIинца вовшашна юккъехь тIейолуш ю вайн иза. ТIом лайначу хIора а стагана психологийн гIо оьшу. Вайна ца хилла болу кхачам а, вайна хилла болу Iаткъам а бу тахана тIебаьлларг“.

И Гайсумова Сацитас дуьйцург – тIеман къизалло кхоьллина гIело адамийн вовшашца къиза хиларе ерзар – Нохчийчохь болчу нахалахь хилла а ца Iаш, иштта шайн мохк а битина дозанал арахь керла дахар лоьхучеран амалшкахь а го. Берлинерчу психолога Довлетмирзаев Ахьмада дуьйцу, шех психологин Iилманехь „посттравматикан синдром“ олуш долу цамгар, шайца дуйла а ца хууш, токхуш бу дукхахболу вайнах, бохуш.

Довлетмирзаев Ахьмад: „ТIом бахьана долуш постравматикан синдром йолуш бу вайн нах. И тIеман къахьо йицйан гIорта беза нах. Даима а и халонаш а, къизалла а дагахь латтийча, цуьнан ойланаш йича стагана депресси хуьлу, дуьненах чамболу цуьнан. Иштта иза цомгуш а хуьлу, дагна а, дегIана а ницкъ хуьлуш.

Стаг хьераваларан кхерам а бу. Цундела шен ойланаш дикчу а, хазчу а хIуманна тIе ерзон еза стаго. Цхьанна а лоьро гIо дийр дац стагана, нагахь санна иза ша шена гIо дан лууш вацахь. Позитиве ерзон еза цуо шен ойланаш. „Дерриге а дика хир ду“ аьлла ойла еш волчуьнан, Даламукълахь, хенаца хир а ду дерриге а дика“.

Цу лазаран – вовшашца ларам боцуш а, къиза а адамаш деш долчу лазаран – бахьанаш кхеташ делахь а, хIетте а кхета хала хуьлу цхьа кхиндерг – и вайнехан шогалла доккхачу декъехь еккъа шайн къомах болчу нахана дуьхьал хьажийна хилар стенца доьзна ду бохург.

Шайн къоман нахаца сел дера а, юьхьаза а болу нах кхечу кхомах болчу нахаца, мелхо а, вуно кIеда а, эсала а хуьлуш го хийлаза. Хетарехь, цунна а хIотторг хир ю заман йохалла синан цамгарш толлучу наха шен цхьа диагноз.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG