ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

...Даге ца лало, Сий гIийла сагIа доьхуш лелар


Нохчийчоь - Духарш гойту моделаш бу Кадырова Меднин доларчу Фирдовз духаран цIийнан кучамаш гойтуш, Соьлж-гIала, 12Оха2012
Нохчийчоь - Духарш гойту моделаш бу Кадырова Меднин доларчу Фирдовз духаран цIийнан кучамаш гойтуш, Соьлж-гIала, 12Оха2012

Юх-юха а нохчийн къомахчу стагах хьакхаделла гIарадолучу хIумано ира-кара хIоттайо, хеттаршка йоккху вайнехан юкъаралла. ТIемаша бинчу тIеIаткъаман жамIаш ду олий, цунна бахьана карон хьожу цуьнан цхьа дакъа. Вукху декъо олу, кхин юхадоьрзуш доцуш хийцаделла адам. Хьалхалера къам кхин хир долуш дац. Муха хийцаделла нохчийн къам? Стенца боьзна бу и хийцамаш?

Тахана нохчашна, шай яхь а, доьналла а, дуьнена шаьш ца ловзабайтина дай даиманна хесточу, цхьанахь ледарло яьлла меттиг хилча, даиманна олуш ду, иза тIеман тIаьхьалонаш ю. Цунна бехке оьрсийн эскархой а, цара чубеана хилла болу тIом а бу олу. Гуттара цхьа кIоршаме хIума даьлча, республикан Iедалхоша а тIаьхь , маьттаза хIума динарг, нохчий а вацара, цуьнана цIий цIена дацара, цуьнан нене хатта деза, и санна волу кIант а, йоI а, хьанна дина.

Нохчийн амалш хесточарна, дицло, дукхах дерг, кхин юхметтахIотталура а доцуш, дIадаьллийла. Нохчий, кхидолу къаьмнаш санна, хIокху заманна нах бу, шайца дика дерг а, во дерг а долуш. Цхьаннала къаьсташ боцуш санна а моттало. Иза ган дукха оьшу а дац, амма, цхьанна корах арахьаьжча а го иза, кхиберш бIаьрзе бу, шай чохь дерг а ца гуш.

ХIокху деношкахь, Соьлжа-гIалара цхьа зуда яра низамхоша дIалаьцна гойтуш. Ахча а дела, шен хьаькам вен гIоьртина хилла иза. Оцу хиламо юха а гайтина, нохчийн юккъараллехь, чуьранна дуьйна, цхьа инзаре, бохаме хийцамаш хиллийла. Муха? Бакъ хира дац, бохуш, хьалха цу тайпаниг хезча нах цецбуьйлуш хиллехь а, тахана, боккъулийна, сийсара гайтина йолу передача тахана гойтура юй теша, хьажа суна а лаьар цуьнга, олу.

Ша дерг, тIеман бехк бац, къоманна шена синмехаллийн Iалашонаш ейча хуьлуш ду, цу тайпа хIумш, аьлла хета, этнограф волчу Хасиев Сайд-Мохьмадан. Маршо радиога цо дийцира, дайначух а, цуьнах къоманна хуьлучу тохарах а. Зудрий хийцабалар, иза дукхачу декъана доьзна ду, божарех, элира цо.

Хасиев Сайд-Мохьмад: «Зударий а, боьрша нахе хьаьжжина ма хийцало. Уьш чIогIа дIауьш адамаш ма ду. Оьрсийн ду-кх олуш цхьа хIума ду: нур-охазаран масс а, сийна дохк а, дешийн Iаж а бохуш. Доцуш долу хIумш ду уьш. Иза оьшу таханлерачу зудчуьнна.

Зуда доьзалехь богIум ма бу. Рицкъ цуьнан карахула декъалуш ду. Цуьнан ойлане а , сине а хьаьжжина бен къам а хуьлуш дац. ЧIогIа хийцабелла зударий. Тахана уггаре а дика зуда милхарниг ю? дера ю, йоккхачу машена тIехь хехкалуш ерг а, цIийндас, цхьа чамда ахча а делла, туьканашкахула лелаш ерг.. Зудчуьнна вас оцу тIе даьлла».

Тахана къонах бохучу дешан маьIан, деккъа цхьана майраллийца дузу нохчаша. Амма, цуьнан шорта агIонаш ю, Iожаллах ца кхерар хилла а ца Iаш, бохуш кхин дIа а дуьйцу Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев Сайд-Мохьмад: «Къонахийн дош, кIентий бохучу даше даьлла. Къонахашкахьь, шаьш динарг гайтар дац. Дуьненан фольклореь ду цхьа туьйра, цхьана турпалхочо гIёуллакх деш,амма, дина ваьлча,тап олий дIатоь иза, цхьанге а иза дийцйа а ца дуьйцуш. Ткъа, дика кIентий бохург, эцца маьждиган ахча вовшахтухучу хенахь, камеран ахча гойтуш, ткъа иза дIайирзича, дIакъайлабовлу. Ишшта, хийцаделла-кх».

Юха а тIаккха а, нохчийн зударийн сий, къоман са хилар билгалдоккху этнограф волчу Хасиев Сайд-Мохьмада. Нохчочуьнна, синмехаллийн барам дукха лекха болун дела, гергарло таса муьлха а къомах верг сатесна хилла, бохуш тидам бира цо.

Хасиев Сайд-Мохьмад: « ХIинца-м башха къаьсташ а бацара вац вай зударий кхечарах. Хьалха-м зудчо сий лардора. Шен цIийнден цIе ларйора. Иза массарна а гуш хилла, цундела, нохчийн зуда яхана волу стаг, чергзо, гуьржи, гIумки, суьйли, Iаьрбо хуьлийла, ша генералиссимусан дарже хIоьттича санна баккхий беш хилла. ХIинца дац иза. Божаршкара дIадаьлларг къонахалла ю, ткъа зударшкара дIадаьлларг тешам бу».

Сатийсамашна а, заманан амалшна гуттара кIелахь бехачу нохчийн, дуьнене хьежам хийца ца беллийла гуш ду, тахана дуккхачу а нахана, цIахь хуьлийла уьш, ян дозаналла арахь хуьлийла, дика а вуо а, къасто хууш хиларца. Кхане, цхьа диканиг дахьар а долуш йогIура ю аьлла шеко а яц массеран а. Амма, тахана гучу суьртан мах хадабо Шекспиран 66 сонет олучу байто. Нохчийн матте а даьккхина иза меттан цхьана говзанчас.

Iожалле кхуьйкху ас. Сан даге ца лало,
Сий гIийла сагIа доьхуш лелар.
Дикалла хьийзош йоллу, харцо а ца лало!
Ца лало дареш доьхна кIилло хьийзар.

Ца деза суна хазаллина кхел яр.
ЙоIалла чехош кIоршаме иза яцор.
Ямартлонна сий дар кху дуьнтIехь лелар.
Ледарчу эгIазалло йийсаре ницкъ лацар.

Ницкъ бац сатоха бакъдерг охьатаIийна,
Сонталла, кхетамчан васт эцна, кураялар.
Ца лало деган лааман садукъийна.
Яхь йолу цIаналла лай хилла вонна яцар.

Ша дерриг боьха го, сатийсам сан ца бисна.
Деллахь а, муха гIур кху Лаьттахь хьо дIатесна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG