ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялийна зуда дIаерзочул а хаъал дукха харж оьшу йоI маре яхийта


Дизайнерийн Лаура а, Медни а АрджиевгIеран духаран гайтамехь, Соьлж-гЯлийна зуда дIаерзочул а хаъал дукха харж оьшу йоI маре яхийтаала, 07ГЯлийна зуда дIаерзочул а хаъал дукха харж оьшу йоI маре яхийтаа2009
Дизайнерийн Лаура а, Медни а АрджиевгIеран духаран гайтамехь, Соьлж-гЯлийна зуда дIаерзочул а хаъал дукха харж оьшу йоI маре яхийтаала, 07ГЯлийна зуда дIаерзочул а хаъал дукха харж оьшу йоI маре яхийтаа2009

Зуда ялош, йоI маре йохуьйтуш еш йолу харжаш хIора шарахь а алсамъйовлуш ю. Шортта таронаш йолчара лелочунна тIаьхьакхиа гIерташ, са а, пха хеда, юхалург ахчанаш дохуш, ма-дарра аьлча, хазахетарца доьзна и гIуллакх. Схьагарехь, эрна хIума ца дезарш кIезиг бац. Амма ира-кара хIоттон уллехь гуттар а цхьаъ нислучух тера ду. И бахьанехь, йоI маре яхийтар чIогIа харжашца доьзна хIума хилла.

Ловзар.Зуда ялийна меттиг.Кегийчу нехан дахарехь жоьпаллин,голатуху мур.Ша ловзар самукъане хилам хиларе терра нохчашлахь шуьйра пайда а оьцуш ,дукха забаре хабарш ду невцан а,несан а хьокъехь лелаш. Ножай юьртан кIоштан Ишхой эвлахь дийцина хIара ас ирчу дешан, забаран лакхе лору хабар:

"Йоккхачу гIовгIанца, къаьхьа денца, инзаре дукха машенаш йолуш, герзаш кхуьссуш нускал хилла схьадалош. И самукъане сурт тергалдеш, дIо нацкъаро хиъна Iачу воккхачу стага аьлла боху: «ОстопирлахI, остопирлахI! Оццул герзаш детташ къехкошшехь, цу цIийнах буьйли-кх и лаьхьа!». Схьагарехь цунна хууш хилла и хьенан мила ю а, коьртаниг, цуьнан нана мила ю а.

Невцах а ду беламе дийцарш дукха. Зуда ялийна кхо-диъ кIира даьлча гучувала вахана хилла цхьаъ.» Гучу а ваьлла, дIаваха нуц а, цуьнан накъостий а арабовлуш, невца бIаьрг кхетта дIо бешахула дIасахьийзачу стундех. Хьаьккхина цунна тIе а вахана кхо аьлла: "Ишта дуьне ду-кх хIара хьенех, дIайийча хьаьжкIа а кхуьуш, валаза виснарг воккха а хуьлуш. Хьан йоI а жима яц йоккха хилла, аса а дегI даьккхина хьуна ма-гарра. Кхиъна йоI а цIеран ца яьлча ца йолу, совнаха са м гатде…»

- Валлай Iазмора, хIинццалц схьа, -аьлла невце стундас, - хIара ю ала гIайгIа-м яцара соьгахь. Амма хIинцачул тIаьхьа кхин сингаттам сайна ца оьший-м хаьара суна».

Нускал дуьгуш дайча вайнахалахь олуш ду – зуда-м йиги цара, хIусамнана хир ца хир-м хаац. Баккхийчара даре а деш хьалха заманахь, тIех хIумнаш а доцуш, дуккха а атта хилла кегийнарш цхьанатоха. БIе шо хьалха масала, Ошаев Халида шен «Алун шераш» иртехь Белита ма-гайттара, жима шад кара а лоций, йиллинчу хенахь маре яха арайолуш хилла йоI. ХIетахьлерчу марех дуьйцуш ю йоккха стаг Халисат а.

«Хьалха зуда маре яхча шекаран корта бохьура.Хийла бераш а ледора шекар корта лур бу бохуш.Зуда гучуйоккхуш сабий,бепиггий дехьча тоаме дара.ПхьегIа а тоьура ткъа бога дехьча-м гуттар а даладелла болх хуьлура. Маре йоьду йоI шад кара лоций арайолура. Сан нана а яхна-кх шен кечлуш юху коч кIудал чохь дIа лачкъийна,хидан йоьдучха,цIерачарна ца хаийта. Цунна и тIехдеттар-кх ишта еънера хьо-м маре, лулахошкахь кIудал а йитина бохуш.З абаренна хьийзайора-кх. Кхано хилча тIаьхьайохьуьйтура йолчо. Хилахь цхьа моттий,истанггий. Чу тIаргIа биллина гоь а хуьлура,басар дина истангаш а хуьлура.Йоцчо иза а ца лора.Урдонна олий етт дIаязбойтура,тамана дала хIума а ца хуьлий. Хьо яха хиъча етт лур бу хьуна олий.»

Маршо радио: Истанг басар стенна деш ду?

Халисат: «ТIаккха ткъа.Куьцехь хилийта до-кх. Баьццара а,цIен а.Хаза мА хуьлура тIергIан истангаш.ХIара санна чечакх а тосура гонаха уьш кечдеш. Гоьна тIехула а лента чсанна хIумнаш тосура.пенаца дечиган хьостамаш а тухуш, у а лоций уьш тIекал дIайоттара моггIара.»

Бахархоша шаьш къаро а еш тахана къаьсттина дукха харж еш халонга долург йоI цIераялар ду. Шен аз хазош къамел дан а ца лиъна,ша йоIана йина харж .кехат тIехь гайта реза хилира Новр кIоштера цхьа яхархо.

Цо дийцарехь шина денна аьлла еъначу нускалан кучах даьллера цуьнан 60 эзар сом ахча.ТIорказех а, чамданех а 70 эзар.дашочу хIумнех 50 эзар,бен-бечу совгIатех.коч-бедарех бIе эзар гергга. Ша доьхкинарг,нуц листар доцуш,мел лахара а 350 эзар хир ду бохура цо.

ЙоIана бечу токхамех дуьйцуш ю хIинца-хIинца «дIа- коч, схьа-коч», листина, кху деношкахь, марха даьстина даьлча, нуц тIеэца кечлуш йолу Соьлжа-гIалахо Бирлант. Дукхах болчу вайнахана гергахь инзаре даккхий ахчанаш ду хьехархо бен йоцчу цо дагардийраш а.

Бирлант: «КIант, йоI а дIадерзо-м хьаха дац тахана атта.Къаьсттина йоI маре яхча.Зуда ялийча-м мелла а схьахуьлу. ЙоI маре яхча хьан делахь а, дацахь а,декхарийла йоьдуш логгелц токхамаш бо.Шортта тIедухку. Диъ бIе эзар гергга дIадаьлла сан. ЙоI атта хетар юй, ца дича ца долий бохуш ца оьшу хIумнаш а дукха леладо. Наха а ца вуьту таро ерг а дина IадIа.Кхунах хIун хуьлуш ду-м ца хаьа»

Соьца къамел динчу Бирланта ма–дийццара Iаламат атта дац йоI дIаерзо.делахь а и бохург дац массара а ишта токхамаш бо бохург.Массара а ца бо. Мел бу ала хаац,цхьаболчара,шайлахь барт а бой,тамана луш дерг дойцург,дIа совгIат,схьа совгIат бохург ца а лелош дIадерзадо ши адам цхьаьнакхетар.

Дийцарехь ишта кхоьллина гергарло-юкъаметтигаш,захало чIогIа а долуш нисло.Стенна аьлчи боху цу гIуллакхехь зеделлачара,аш хIара еънерий,оха хIара еллерий боху хабарш а кIезиг а хуьлу,бух боцуш тардина хIума дийца мотт кIамлуш болчарна бахьнаш а ца хуьллу эладитнаш кхолла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG