Цкъа а ца хилчу агIора хаьлабаьлла Нохчийчохь бепиган мах. Масех бутт хьалха, иза 10 тIера, 12-13 соьме хьалбаькхкинера, амма, тахана, Соьлжа-гIалахь иза духкуш ду шина туьмнах. Иза а, гарехь тIаьххьар мах а бац.
Уггаре а боккха эшам, бепган махъ хьалбаларх хуьлуш берш-иза оьцурш бу. Амма, цаьрца цхьатерра сингаттаме бу, туьканийн а, кхачанан чоьнийн долахой. Бепиг-м дукха диъча дика а дацар, амма, вай нохчий дукхахболу кхача, жижиг-гал а, чIепалг а, хингал а демах беш бу, цундела, уьш хьалха санна дIа ца эцарна кхера, кафен долахо Ширвани. Маршо радиога, вистхуьлуш, цо тидам бира, шаьш долчу чу бохуш болу нах, хIинцале реза боцуш бу аьлла.
Ширвани: «480 соьмах дара дема гали, хIинца 920 ду дуккха а оьцуш далахь, ткъа, юхдукхучара 1050 духкуш а ду-кх иза. Оха хIора денна эца дезаш ду дам, ас лелочу кафе чу. Чу бохурш реза ца хуьлу, мах тIетуохарна. ТIаккха, деман мах тIекхетта хилча, цуьнан мах цхьан эшшара латтабойла ма даций».
Нохчийчохь, хьалха санна, шайьш-шай цIахь хьокхум а, бепиг а доттуш дукха доьзалш бац. Яхит, цIе йолчу зудчо, шаьш чохь дукха болун дела, дукха хан ю, бепиг дотту. Дийнахь кхаъ-йиа булкех тоам хуьлу царна. ТIаккха а, деман мах хьалбаларна реза ца хиларалла, сов, кхечу сурсатийн мах лакхабаларна сингаттамехь ду адамаш, элира цо, Маршо радиога йистхуьлуш.
Яхит: «Шина туьманах духкуш ду бепиг. Нах кхоьру, хIинца хIун хила дала теша бохуш. Мец хан хила мег теша, бохуш бу нах. Бепиг айс деш а ма ду ас, тхо дукха долун дела. Оьцуш дерг ца тоьу тхуна. Ша хьакхийна дина бепиг, беркате хуьлу. Ша мел йолду сурсат язлахь хIну дийра ду вай? Хьталха санна асарш деш, кертеш лелош, къахьега дезаш зама тIейогIёура ю теша»?
Ализа цIе йолу, Соьлжа-гIалахь ехаш йолу зуда бепиг доттучохь балхахь ю. Шай куьйгалхоша хIинца а тIе ца тоьхна бепиган мах, амма, шина-кхаа дийнахь иза дийра долуш бу уьш, аьлла тидам бира цо.
Ализа: «Ас болх беччохь бепиган мах тIе ца кхетта. Шина кхаа денна битина иза. дам а дазделла. 900 соьмах деана тхуна. Юха дахьаш дерг 920 соьмах хира ду аьлла. Бепиган мах, тхайниг цкъачуьнна 15 соьмах бу, амма, шина-кхаа дийнахь иза лакхабала мега».
Бепиган мах, цхьа ша шех тIекхетта ца хилар гойту, иза доттучу цхьан меттехь болх бечу Ализас дуьйцучо. Цо бахарехь, бепигийн заводийн кеуьйгалхой вовшах а кхетта, цара бина сацам бу иза.
Ализа: «Кхечу серсатийн мах кхин тIе а ца кхетта, деман а, бепигна а лакхабаькхкина-кх цара. Сом, ши сом дукха дац, амма 5 сом туохар ду халадерг. Ас-м аьллера, аш-м дукха тоьхна иза. бепиг дечу заводийн массу куьйгалхо а гулбина, цаьрца кхеташо а йина,цигахь бина бу и сацам. Ши-кхо завод йоцучара, кхечара массара а лакхабаьккхина мах».
Нохчийчохь цхьанна а кепара, баьхьар бацара, бепигийн заводийн куьйгалхой, и мах хьалхбаккха, Iедалш иза могуьйтуш дацахьарий. Кхузахь, ишштачаьрца къамел доца ду. Эцархойн бакъонаш ларъечу урхаллаш, таллам бан безаш хIума ду, амма, хIун бахьан ду а ца хаа, цара а и гIуллакх тесина дита мега аьлла, хета-кх махкхаь.
Нохчийчохь бепкан мах хьалбаьлла 20 туьмне.Гарехь иза тIаьххьар мах а бац,коьрта лоручу оцу сурсатийн. Бепиг доттучара, деман мах, иза духкучара хьалбаьккхина боху. Эшам хилла болу, эцархой, сингаттаме бу, кхечу хIуманна а махъ лакхбала мега аьлла.