Ша Веданан лаьмнашкахь а ву, шайн цхьа накъост, амир Абу-Малик (Хушалаев Адам) жимма хьалхо тIематасадаларехь дIакхелхина, ткъа ша а, шен кхин цхьа накъост а (Мутушев Зелимха) гонехь а ву, бохуш, дийцира Маршо Радионе Элимхажиев Аюба.
Сарахьо даиманенна дIасецира тIемалочуьнца лаьттина зIе...
Еарийн Iуьйранна а, делкъехь а, Iедалан ницкъаша гоне лаьцна волу ша а, шен кхин ши накъост а кхалххалц йолчу юкъанна Маршо Радионан редакцица телефонан зIенехь Iийра Iаьларара тIемало Элимхажиев Аюб (Хьамзат). Иштта дара цо тхоьца дина къамел.