ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнах ЦIерабахаран Де Билгалдаккхар БIаьстене ХIунда Теттина Кадыровн Iедало?


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан (Аьт) ву Гуьмсе вахана хиллачу оьрсийн премьр-министрца Путин Владимирца (Аьр) къамел деш, 20ГIу2011
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан (Аьт) ву Гуьмсе вахана хиллачу оьрсийн премьр-министрца Путин Владимирца (Аьр) къамел деш, 20ГIу2011

1944-чу шарахь вайнах цIерабаьхна Чиллан беттан 23-гIа де билгалдаккхар Стигалкъекъа беттан 10-чу дийне тIаьхьатеттина, Москохана муьтIахь долчу Соьлж-галара Iедалша. Цунна масех бахьана го республикин бахархошна. Цунах цхьаъ ду - карабогIучу баттахь хин болу президентан харжамаш тIекхачале нехан сингаттам карла ца балийтар. ШолгIа, меттигера Iедалш цхьана тIегIане баккха гIерта дерриг а къоме боьссина хилла бала а, Кадыров воккханиг вийна де а.

Дохийна къам махках даьккхина, кху чиллана беттан 23-гIа де билгалдаккхар бIаьстенга дIататтар бен-бен туьду Нохчийчохь.

Кху беттан 23-чу дийнахь 68 шо кхочу нохчийн къам Сталинан Iедало Сибрех хьажийна. Стаг ваххал, оццул дукха хан яьллехь а, вайнах бохийна (ткъа цхьадолчу къаьмний-м кхин а хьалха баьлла и тайпа къаьхьа кхаж), Оьрсийчоьнан Iедало 50 шо гергга хан ялийтина кегий къаьмнаш дохадар нийса дацара аьлла, даре ца деш.

Билггала аьлча, Оханан беттан 26-чу дийнахь 21 шо дузу дохийна хилла къаьмнаш бехках хьалха дуьтуш Оьрсийчохь низам тIеэцна. Вайнаха а, кхечу кегийчу къаьмнаша а цу нийсонан, бакъонан сацам тIеэцначу дийне сатийсинера, дуьненна а вевзачу яздархочо Айтматов Чингизан дешнашца аьлча, «шайн кхолламехь лазаме, гIайгIане бохамаш а ловш, къа-баланаш а эшош».

Нохчашна, дагалецамо са лаццал, Iаткъаме ду, кху беттан 23-чу денца мел дозаделларг, хIораннан а кхетам хьере баллал, сабIарздеш ду дохадар хьокъехь официалан дало терахьаш а. 1944-чу шарахь нуьцкъала махках ваьккхинарг ву 404 750 нохчо, 91 эзар сов гIалгIа а.

Царах, Iилманчаша а, шаьш бахархоша а тоьшалла а деш, хьалхарчу шерашкахь миллий, мацаллий белла Сибрех эзарнашкахь вайнах. Бен-бечу хьостанаша далочу терахьашца хIора а кхоалгIа-воьалгIа нохчо а, гIалгIа а.

Хууш ма-хиллара вайнах боцуш, Сталинан Iедало 1935 –чу шерашкахь дуьйна дохо долийна кегий къаьмнаш, корейцашна тIера гIалмакхошна а, хемшидашна а, грекашна а тIекхаччалц. Верриг а вохийнарг 2 миллион а сов ву. Царах хIора а воьалгIаниг вайнахах хилла. Цу гIайгIанечу хиламийн, таIзаречу политикан хьесап динчу, ахкаме а йиллина теллинчу историкаша, яздархоша чIагIдо Советан Iедало иттаннаш къаьмнаш махках дохуш, дIахьежоран Iалашо хилла къаьмнаш орамаш а хедош, къомах дахар, цаьрга шайн гIиллакх-Iадаташ, мотт, ша-тайпаналла дицдайтар. Аьлчи а уьш, кегийра къаьмнаш, кхечарех дIа а эдеш, цхьана кепа тохар, цхьана беса далор.

Лан эшна хIума доцуш, цу жоьжахатех чекхдаьллачу нохчийн къомана дицдала амал доцчех ду, мозий санна леш адам а долуш, Юккъерчу Азехь текхна 13 шо. Цундела Чиллан беттан 23-гIа де тIекхача дикка хьалха дуьйна а, нохчаша хIора шарна а, шаьш дага а буьйлуш, мовлдаш доьшуьйту, сагIийна хIума ло, геналлехь белла шайн гергарнаш дагалоций, уьш Деле боьхуш. Бакъду, вайнехан эсехь Iаьржа мухIар а хилла и де диснехь а, дIахило а, схьахило а бIо а ца къажош, ша-тайпа туьдучух тера ду и къематде кхузахь урхаллехь болчара.

И де Оьрсийчохь эскархочун де санна, даздеш хиларна ду а хаац. Билггал хIуъчара дийцарехь, къам дохадар кхушара билгадоккхар, Стигалкъекъа беттан 10-чу дийне дIатеттина урхаллехь болчара. Цкъачунна Iорадаьккхина хIума дацахь а, цу хьокъехь тIеэцна леррина сацам бу. Цунах а, нохчийн яздархоша цу денца доьзна йохучу гIулчех а дийцира вайнехан дешан говзанчийн урхалла-кхеташонан хьаькамех цхьаъ волчу Мамакаев Эдуарда.

Стенна, мила-хIун аьлла, кхин кIорге вийла яздархочунна ца лиънехь а, цхьаболчу тергамхошна кхеторехь, къам дохадар билгалдаккхар масех бутт тIаьхьа бIаьстенга дIататтар доьзна ду, кхузарчу Iедалдайшна Москохана товр доцург лело ца лаарца. ШолгIа, боху цара, цу дийнахь нисдина ду Нохчийчохь, эккхийтар а дина, дIакхелхина Кадыров воккханиг дагалацар а. Тергамхошна хетарехь и ши де цхьаьнадозар лаа дац. Нохчийн бохабар, дерриге а къоме а боьссина бала бу, иштта балане дирзина вайнахана Кадыров дIакхалхар а, ала гIерта Iедалехь берш. Цу кепара туьду цхьаболчу бозуш боцчу тергамхоша Iедалан мукъ карахьболчара цу хиламна луш долу маьIна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG