ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ислам-динан бух а, истори а Iамор ю нохчийн школашкахь


 Ислам-динан бух а, истори а Iамор ю Нохчийчура школашкахь
Ислам-динан бух а, истори а Iамор ю Нохчийчура школашкахь

Бусалба дин чIагIдарна а, бахархой суьпа иманехь кхетош-кхиорна а тIехьажийна гIулчаш яха кIадо ца йо Нохчийчохь урхаллехь болчара а, муфтиято а. Кху деношкахь Хьалха-Мартан кIоштахь, дуьххьала тIулг биллина, ян йолийна Къуран дагахь Iамочу мутаIеламийн хьуьжар, вуьшта аьлча къуран тIера 14 сура а, 6 эзар 236 аяташ дагахь Iамочу хьафизийн ишкол. Иза йина яьлча, махкахь йиъ хир ю цу тайпа доьшийла.


Хууш ма-хиллара, дуьххьарниг схьайиллина ши шо хьалха Хоси-юьртахь, шолгIаниг - стохка Гуьмсехь, ткъа кхоалгIаниг - кху шеран бIаьстенан юххьехь Соьлж–ГIалахь, хIора а хьуьжарехь доьшуш бIе бер а долуш. ХIинца ян йолош йолчохь доьшуш итт шаре кхаччалц хенаш йолу 2 бIе бер хир ду боху, официалан хьостано. Цуьнца цхьаьна цигахь йийр йолуш ю юкъарIойла а, маьждиг а, мутаIеламашна садаIа а, къахьега а хьашто мел йолу хIусам-чоьнаш а.

Цигахь деша лаам берш оццул хир буй-те, куй биллал жимачу махкана эшарий –техьа оццул дукха и тайпа доьшийлаш? Цу могIарера хеттарш кхузахь хIиттош дан а дац, могIарерчу нехан хьажам мухха а белахь а.Урхаллехь берш тешна бу и тайпа доьшийлаш дукха мел хили а, тIекхуьу чкъор иманехь сов долуш, церан гIиллакх-оьздангалла лакха а йолуш, синмехаллаш, синлехамаш шорлуш, дахар толуш ду аьлла.

Схьахетарехь, къоман иман лакхадаккхарехь и некъ кхане йолуш, маьIне а лерина, юкъадалош ду нохчийн ишколашкахь кхин цхьа керланиг а. Керла дешаран шо дIадоладаларций берашна Iамо долош ду динан баххаш а, динан истори а цIерш йолу Iилманаш. Цу хьокъехь хаам бина муфтиято. Дешаран а, Iилманан а министаралло а, динан дайша а, Iилманчаш а, кхоллараллин нах а юкъахь а болуш, кхоьллинчу говзанчийн-экспертийн кхеташоно, леррина цу Iалашоннна керла киншкаш юкъаяьхна.

«Бусалба динан баххаш» цIе йолу 23 эзар жарга зорбатоьхна Соьлжа-гIалахь, оццул барамехь зорба а тоьхна, Москохара схьайохьуш ю «Бусалба динан истории» цIе йолу жарганаш а. Ишколашкахь дешархошна уьш Iамош волу хьехархо, бераш кхетош-кхиочу декъехь директоран гIоьнча хуьлуш ву, Iедалдайша билгалдаккхарехь.

Цу керлачу юкъадалоро дика болх бахь бен зе дийр дац аьлла, хетарш могIарерчу бахархошлахь дукха бу. Бакъду, ишколашкара хьал-дахар дика девзачу хьехархойн гонехь, мел тамаше хеталуш делахь а, цу керлачу хилам-юкъадалоро цецбаьхнарш дукха бу.

Цара тамаше туьдург ду, бIаьстенан юьххьехь бен дийца даьккхина а доцу хIума оцул кIезигчу хенахь Iедалдайша дахаре дерзор, иттаннаш эзарнашкахь киншкийн зорба а тоьхна. Цу хьокъехь къамел деш ю Соьлжа-гIалин цхьана ишколан хьехархо. Цуьнга ладоьгIча кхетало аьлла хета хьехархойн цецбийларан бахьна.

«ЧIогIа мехала гIуллакх ду иза. Делахь а, ишколехь хьоьхуш доцчу хенахь а Iедало динан дай хьийзочу хенахь а хIетахь доьзалехь дас-нанас, иманехь кхиа а беш доьзал ламаз а, марха а долуш схьадаьхкинера.

ХIинца гуттар а дийцаре а дина, цхьа гIеххьа аттачу даьккхича санна а хета и гIуллакх. Кхин цхьа хIума а ду новкъа. ХIун ду аьлча. Нохчийн мотт хьехаран хьелаш. Нохчийн меттан киншкаш ишколехь тоьуш яц. Эца араваьлча эца а ца карош, къоьлла ю. Киншка ца хилча цунах дешар а ца хуьлу. 9-11 классашкахь къаьсттина ледара ду хьал.

Нохчийн меттан а, литературан а киншкаш массо классехь тоьаш яц-кх. Уьш арахеца кху Iедалан ницкъ ца тоьу бохуш, уьш ца тоьуш бIаьрзе хьийзаш а долуш, «основы ислама» киншка арахеца таро хилла-кх. Мотт ца хилча къам ца хуьлий ца хууш а ма-бацара. Уггара тодан догIург ненан мотт хьехаран хьелаш дара».

Аса цIеяккхаза юьтучу хьехархочо дийцарехь, кху тIаьхьарчу иттех шарчохь ишколашкахь уггара эшам хуьлуш берг нохчийн мотт бу. Бала а кхаьчна, вала да воцуш хIаллак хуьлуш нохчийн мотт а болуш, кхин хIуманаш цул а мехала а лоьруш, юьхьара а луьйцуш дахаре дерзор кIорге йоцу челакхалла санна хIума ду аьлла хета хьехархошна. Царна гергахь, дерриг дитина а айа а, болх а байта а безарг ненан мотт бара. Цул тIаьхьа – кхидерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG