Дерриге а дуьненна, нах бойуш маньяк цигахь хиларца гIараяьлла Москох Битцеван парк юха а йийцаре яьлла. Цигахь кху деношкахь карийна дайъинчу адамийн дегIан меженаш. Паркан уллорчу кIошташкара бахархой чIогIа кхерабелла бу. Полицино дукха гIарадоккхуш а дац и гIуллакх, амма болчу хаамца, цига садаIа нах баха хIуьттуш бац.
Хилларг хIун ду, байъинарш муьлш бу къастадале, Москохахь бехачу нохчийн кегийчу наха шаьш гIо-накъосталла дан кийча ду аьлла Iедале. И дIахьедар дина Москохарчу нохчийн кегийрхойн кхеташоно. Цуьнан куьйгалхочо Сангариев Зелимхана дийцира оцу гIулчан бахьанех лаьцна.
Сангариев: "Вайн векалшца журналисташ бевллера зIене, эшахь аша гIо дийр дуй аьлла. Дера дийр ду, аьлла жоп деллера кхара. Ара а девр ду, гIарол а дийр ду аьллера. Вайгахь болу ницкъ ма-хуьллу тIехьажор ду-кх вай».
Москохарчу нохчийн кегийрхойн кхеташонан коьртехь еххачу хенахь лаьттина Тапаев Рустам. Иза Iедалан балха ваханчул тIаьхьа, и юкъараллан дарж дIаделла Сангариев Зеламхе. Цо шен агIор билгалдоккху, Даймахкал арахь бехачу нохчийн кегийрхойн лелар тодалар - цIерачу Iедало леррина терго яр ду аьлла. Нохчийчуьра векалш кест-кеста шайца цхьаьнакхета, элира цо.
Сангариев: «Хьалха шерашка хьаьжча, хIинца чIогIа хийцаделла хьал. ХIора шарахь шозза вайн цIерачу Iедалца цхьаьнакхета тхо. Хьалха цхьаболу кегий нах наркоманаш а хилла, вон лелаш а бара. Ткъа хIинца доьшуш бу, Iедалан белхашка: полици а, кхечанхьа а дIахIуьттуш бу вайн кегий нах».
ХIора заманан шен-шен билгалонашка хьаьжжина, нохчийн цIарах пайда оьцура Оьрсийчоьнан Iедало. Йоккхачу пачхьалкхан юкъараллина йоккху и вон цIе яражайора хаамийн гIирсаша. Цхьана хенахь нохчий Москохахь кисанаш дIа а тегна лелла зама дагайогIу вайна.
Иза дара Хасбулатов Руслан пачхьалкхехь шолгIа дарж долу стаг волчу хенахь. Ткъа хIинца буй и кхерамаш нохчашна? Оьрсийчоьнан бакъболу бахархой бу аьлла къобалбеш тIеоьций вай, масала Москохахь, аьлла рогIера деллачу хаттарна иштта жоп делира Сангариев Зеламхас.
Сангариев: «Хьалха чIогIа кхераме дара. ХIинца а Дала делла гIуллакх дацахь а, хьалха вайн кегийчу наха цхьацца банкашкахь кредиташца харцо лелайора, ханна лело машен схьаэцча цу тIера цхьацца хIума хуьйцура. ХIинца иштта дац. Вайх хетарг хийцалуш ду. Банкашкахь кредиташ а ло, машенаш а ло».
Iедалца юкъаметтиг нисйина хилча а, могIарерчу нахаца атта дац иштта иза дан. Лула-кулахь хьо нисвелча, ехха хан дIаер ю бухахь болчарна нохчех кхерам боцийла а, уьш тешаме накъостий хир буйла а хаийта, аьлла кхин дIа а дийцира Москохара нохчийн кегирхойн кхеташонан куьйгалхочо Сангариев Зеламхас.
Сангариев: «Нохчий ца бевзачарна хала ма дай и хIума. Хьо оцу стагаца ваха ма-воьллехь, цунна хьан гIиллакх ма-гиннехь, тIаккха хийцало хетарг. Доьшучу хенахь, кест-кеста тхоьца доьшуш берш чу а богIий, хоьттура вайн гIиллакхех а, культурех а. Иштта хаа луу оьрсий кIезиг бац. Вайн кегийрхойн кхеташоно а цу тIехь болх дIахьош бу».
Москохахь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а шортта кегий нах бу тахана доьшуш а, юкъараллин белхаш дIахьош а. Церан къар ца луш йолчу амалх а, хIуманна дукха сиха дуьхе кхиарх а, даима хьалханчаш уьш хиларх а пайда оьцу меттигерчу Iедало. Цундела, шеко яц оцу Битцеван паркехь маньяк юха а ваьллехь, иза нохчийн карара вер цахиларх. Ткъа, баркалла хир долуш дуй цара хьоьгу къа? Царна шайна хир ду аьлла хета.