Тахана нохчийн хIусамашкахь наггахь болчеран бен хир яц къоман билгало гойтуш хIума. Шира мел ерг я дIаяьккхина, я тхов тIе а кхоьссина ченала а яхана Iуьллу. Мел дукха хIума гина, мотт хаахьара къамел дийр дара цара?
КIудалш, шира пхьегIаш, кузаш, истангаш, дIатеттина, Европера цIеначу англино, Бельгера а, туркойн кузаша а. Сан къоман истори ю-кх хIара, сайн берашна дIайовзийта езаш олий, чохь лар юьтуш дукха бац.
Нохчийн мотт а, гIиллакхаш а дIадевлла кегийчаьргара бохуш, италхойн кхача а биъна, туркоша дина духар а дуьйхина, немцойн машенаца, цу чуьра ингалсан маттахь екачу эшаре ла а дугIуш лела нах. Берашна, ур-аттала, етташура хIун ю а ца хаьа. Цуьнан чам-м баккхийчарна а бицбелла. Шо шаре мел долу жимлуш ду цIахь даьхний лелочеран терахь а.
Хошкелдахь еха Дадалаева Сарет санна нах дукха бац махкахь. Иза нохчийн кузаш деш ю. Духкуш а яц иза, берашна и говзалла дIалуш ю, мах а ца оьцуш. Ша лелочун маьIнех иштта дийцира цо.
Дадалаева: «Хьалхалера вайн дайшкара дуьйна схьабогIу безам баржош, вайн бустамаш биц ца балийта болх беш ю со хIокху школехь».
Нохчийн кузаш а, истангаш а дуьненахь чIогIа мехала лерина хиллий хIинца гучудала долалуш ду. Цу тIера бустамаш схьа а оьцуш, шаьш кузаш деш ду цхьайолчу пачхьалкхашкахь, аьлла дийцира Дадалаева Сарета.
Дадалаева: «20 шо хьалха вайн кетIахула лелаш бара нах. Со йолчу а баьхкинера уьш, кузаш Туркойчохь динчу кузех хуьйций аша бохуш. Суна айса бина куз сайна хьалха хилийта лаьа, оцу баргалех ас ца хуьйцу, аьлла дIабахийтира.
Цхьаболчара хийцира. Шаре а ца девлира цара хийцинарш. Бустамех шайн орнамент а йой, кузаш а деш, дукха ахча даьккхина оцу баьхкина хиллачу наха, вайна хIун ду а ца хууш».
Дадалаева Сарета халахетарца билгалдоккху нохчаша шайн къоман мехаллаш дIа а тоьттуш, кхечераниг тIеоьцу аьлла. Иза иштта хила ца деза. Нохчийн истанг а, куз а дукха беза хеташ, цо бахарехь, шаьш лаьтта а тосур бацара иза, пенах дIауллур бара уггаре а сийлахьчу меттехь.
Дадалаева: «Тахана сан чохь, ас бина ши куз бу. Айса беш болу дела ду а ца хаьа суна, амма ас бухкур бацара уьш. Нохчийн хIусамехь хила беза аьлла хета суна. Уьш кхоош ас лаьтта а тосуш бац уьш, пенах тоьхна лаьтташ бу. Вайн ширачу Iадатехь долу и кузаш кхузахь хилар суна хазахета».
Тахана массийта стаг бен вац Нохчийчохь яйна лоруш хилла кузаш а, истангаш а дар говзалла йолуш. Бохка а, эца а уьш механа беза балахь а, сайолуш болх бац иза боху цара. Цундела, кегийрхой цунна тIеберзо атта дац.