ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ца лаахь а, лууш санна даймохк безийтар


Бизнесхо Байсаров Руслан а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Бизнесхо Байсаров Руслан а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Муха кхуьу Кадыров Ахьмадан фондера ахча

Дукха бу Къилбаседа Кавказехь, шайн мохк а безаш, цунна сагIадан кийча совдегарш. Цхьаболучара ло ахча даггара, амма, шаьш оьзда нах хиларе терра, къайлахьо дийриг. Кхечара шайгара даьлла дика хьулдо, иза гIарадаьлча шайна зен хиларх а кхоьруш.

Къаьсттина кIезиг гойту шаьш даймахканна рицкъ кховдош бусалба къаьмнех болчу совдегарша. Цундела, масала, хила а тарло Оьрсийчохь уггаре дукха хьал доладерзийначийн могIарахь волчу гIалгIайн миллиардеро Гуцериев Микаила ГIалгIайчу хьийсочу ахчанийн барамаш бевзаш бацар цуьнца доьзна.

Олигархан-магнатан Дерипаска Олеган долучул а дукха ахча ду Гуцериевн. Бакъду, кавказхошлахь нислуш ма-хиллара, гергарчаьргахула дIасадаьржина ахча ду иза: вежаршкахула, шичошкахула лела долларшкахь 10 миллион сов ахча. Ала дашна, Гуцериев Микаилна доккха хIума дацара шен воьIан СаIидан ловзарга Iамеркара гоьбевлла артисташ Бейонсе, Дженнифер Лопес, Стинг я оьрсийн "примадонна" Пугачева Алла кхайкхар.

Дагестанхошна алсам бевза шайн совдегарш. Миллиардеро Керимов Сулеймана йиц ца йо шен хьоме Дербент – кест-кеста совгIаташ до цо ша винчу гIалина. Ша дешна гимнази тояйтира цо 2017-чу шарахь, меттигера проблемаш луьстучохь хуьлу иза юкъ-кара, дукха хан йоццуш ялх лоьрийн машен елла цо Дербентна. Ша шен бизнес винчу гIала дехьайоккхур ю, элира Керимовс стохка, оцу гIулакхна "Сбербанкан" куьйгалхо Греф Герман а вигира Дагестане.

Кхин а цхьана цIеяхначу дагестанхочо а кхачадо шайн махка ахча – Нурмагомедов Хьабиба. Цуьнгара дацахь а, цуьнан цIарх школа йилла хьажор ду Дагестане 600 миллион сом, ян тарло ХIинжа-ГIалахь хоккей Iамош йолу хIусам а – иза йиллар вевзаш волчу хокейхочуьнга Фетисов Вячеславе дехна Нурмагомедовс. Цкъачунна дина гIуллакхаш девзаш дацахь а, ю ХIинжа-ГIалахь "Нурмагомедов Хьабибан сагIин фонд" а.

Совдегаро шен ахча ша вехачу махкахь, кIоштахь, юьртахь леладо. Цец ца волу цунах цхьа а – дерриг а дуьнено дийриг ду иза. Амма Къилбаседа Кавказ шатайпа регион ю, цигахь цхьаболучаьрга, ца лаахь а, лууш санна, боьзуьйту даймохк.

Цуьнан масал ду бизнесхо-нохчо Байсаров Руслан. Кадыров Рамзанна дагайоьхначу ломарчу "Ведучи" курортан инвестор вира цунах.

Лелла хьал дика девзачу хьасташа чIагIдарехь, проект ца лаахь а, лууш санна тIеэцийтира Байсаровга. 2014-чу шарахь, "Ведучехь" болх болош, "Внешэкономбанко" кредит луш доций хиича, Байсаров дIатаса гIоьртира проект, амма махкарчу Iедало ца магийра.

Байсаров Руслана мел ахча дуьллу Нохчийчуьрчу белхашна юкъа, хала ду ала. Билггал хууш ду цо Кадыров Ахьмадан фондана ахча диллина а луш хилар. И санна, оцу фонде даима а ахча дуьллучех ву Москох веха хьолахо Джамбраилов Iумар а.

Фондан болх бевзачу хьасто "Кавказ.Реалиина" довзийтира, стенца дозу совдегарийн сагIанаш. Цо бахарехь, "фонде ахча диллар даймахканна хьалха лаьтта декхар хилла ца Iа хьолахошна, иза цара охьадилла дезаш ду, шайна проблемаш ца езахь: Кадыровх гIортор хуьлу царна фонде ахча хьежорна".

Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсашкахула кест-кеста баьржа хаамаш, цхьацца хьолахочо ахча тесна фонде, олий. Амма наггахь а ца йовзуьйту сагIадиначийн цIерш.

Нохчех волчу цхьана бизнесхочо, тхоьга шен цIе хьулъяр а доьхуш, дуьйцу махкарчу Iедало шен проекташна инвесторш муха тIеузу.

"Ас дикка шорйина сайн бизнес Нохчийчоьнал арахьа – Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а, Украинехь а. Нохчийчохь цхьа объект хIотто воллура со, амма дукха ю цигахь проблемаш коррупцица, совдегаршкара кест-кеста дIайоху бизнесаш. Суна "пайде" хьехарш дийраш а бевлира: Соьлж-ГIалахь объект схьаелла, иза ма-хуьллу когахIоттае, амма дIа ма къовла, мел дукха цо хьайна харжаш еш хилахь а, бохура соьга. Сан бизнесна Нохчийчохь, шеко а йоцуш, новкъарло йийр ю, цунна цхьаьннан "бIаьрг тIехIуттур бу", бохург дара иза сан кхетамехь. Цундела со юхавелира айса дагалаьцначух", - боху даймахкал арахьа бизнес лелочу нохчочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG