ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь шахматийн къовсам дIабаьхьна вайнаха


Кху деношкахь Австрин коьртачу шахьарехь Венехь дIабаьхьира меттигерчу вайнехан диаспорин жигархоша вовшахтоьхна болу шахматийн къовсам.

Нохчийн Ичкери пачхьалкх дуьненан карти тIехь яцахь а, амма шаьш цу пачхьалкхан бахархой лоруш а, иза шайн дегнашкахь кхобуш а нах бу хIинца а дуьне мел ду баьржина бехаш. Ткъа и пачхьалкхе юхаметтахIоттийна де, аьлча а, Нохчийн къоман дозушцахиларан де санна цкъа мацах, 1991 шарахь билгалдаьккхина хилла де – герзгмашин беттан ялхалгIа шайн таронашка а, аьттонашка а хьаьжжина, даздан а, билгал ца доккхуш ца дити а гIерта и нах.

Иштта дара кху деношкахь Австрин коьртачу гIалахь цигахь бехачу нохчийн диаспорин векалша а, Ичкерин тайп-тайпанчу хьукматашкахь хиллачара а вовшахтоьхна хилла Дуьненаюкъара шахматийн турнир, нохчийн къоман дозушцахиларан денна лерина а йолуш.

Цу турнирехь дакъалоцуш бара Австрехь а, кхечу Евробертан пачхьалкхашкахь а бехаш болу вайнах. Турнир йолалуш цуьнан декъашхошца телеконференцехула зIене ваьллера Ичкерин дозанал арахьарчу урхаллин куьйгалхо Закаев Ахьмад. Шахматийн къовсам вовшахтухуш хиллачех цхьаъ ву Венехь вехаш волу Ичкерин парламентан депутат хилла волу Исханов Хьусейн. Цуо дуьйцу.

Исханов Хьусейн: „23 шо кхаьчна вайн мохк боцуш хилар дIакхайкхина. Цу хьокъехь вовшахкхетта дара тхо. Нахана вайна гинарг а, вайца хилларг диц ца далийта а, аьлла, шахматийн турнир йира оха. Цига дакъалоцуш дуккхаъ нах бара, меттигера а, тIебаьхкина а. Масех гуо бара цигахь баккха безаш. Кегийнарш шаьш ловзура, баккхийнарш шаьш. Ткъа мелла а кхиина богIуш болу кегирхой баккхийчеран категорехь болчарна дуьхьал а ловзийтира оха, церан зеделларг хилийтархьама“.

Даима а спортан латаран тайпаш лоруш а, лелош а болчу вайнахалахь шахматийн турнир дIаяхьар мелла а тамашийна хетало. Нагахь санна, бакъонаш йоцучу латаршкахь я дзюдохь, я штанга яйъарехь нохчийн кегирхоша дуьне мел ду дIахьочу чемпионаташкахь хьалхара меттигаш яхар цхьа а цец ца воккху Iадат хилла дIахIоьттинехь, шахматех ловзар ишттачу тIегIане хIинца а кхаьчна дац нохчашна юккъехь.

ХIетте, бохуш дуьйцу Исханов Хьусейна, и ловзар вайнахана дезаш а, лоруш а ду. Цуо карладоккху, ур-аттала уггаре а халчу муьрехь, хьалхара тIом дIа а баьлла, Нохчийчоь шен тIеман чевнех ерза гIертачу хенахь а Соьлжа-гIалахь шахматийн турнир дIаяхьана хилар.

Исханов Хьусейн: „Вайна дагадагIахь, хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа, Соьлжа-гIалахь дIаяьхьира шахматийн турнир, дуьненаюкъарчу шахматийн федерацин президент волу Илюмжинов Кирсан а волуш дакъалоцуш. Шахматаш нохчашна дезаш спортан тайп ду. Иза, хууш ма-хиллара, алсам собар дезаш спорт ю, дегIо са а доIуш, коьрте болх а бойтуш ловза везаш.

Цундела а лаьара тхуна, юккъера шахматийн ловзарх кховсам дIабахьа, кегирхой цу юккъе а озош. ХIунда аьлча, даима а латарийн спорташкахь дакъалаьцна девр ма даций вай, интеллектуалан спортехь а кхиамаш бан беза“.

Турнирехь дакъалоцуш Венера а, йоллучу Австрера хилла ца Iаш, Германера а, Иорданера а, Нохчийчуьра а, ткъа иштта цхьа могIа кхечу пачхьалкхашкара а декъашхой а, хьеший а бара. Хьалхара меттигаш яьхначарна совгIаташ а, иэсан сувернираш а елира. Ткъа хьалхара кхо меттиг яьккхинарш Австрин бахархой Бахаршаев Амруддий, Усманов Мохьмадий, Жанхотов Асланний вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG