Венерачу Випплингерштрассехь Цхьанакхеттачу Европан коьртачу гIишлонна хьалхахь гулбеллера и нах. ТIедогIуш кхоьссина догIа хиллехь а, дуккха а нохчийн мухIажарш а, юкъараллин жигархой а, журналисташ а баьхкинера митинге.
Шен къамелехь вевзаш волчу адамийн бакъонашларъярхочо Геннер Михаэла билгалдаьккхира, дуьхьалонан акци Цхьаьнакхеттачу Европин гIишлонна хьалхахь дIайолоран Европан куьйгалло „Дублин-2“ цIе йолу, мухIажаршна уггаре а йоккха гIело еш болу, барт тIеэцар бахьана ду аьлла.
Михаэль Геннер: «Цу сацамо тIемех а, таIзарех а, террорах а бевддачу нехан тховкIелоне, маьршачу дахаре а болу хIора а сатийсаш хьоьшу. Иза мухIажарийн хьокъехь йолчу Европан конвенцина а, адамийн бакъонех йолчу конвенцина а дуьхьала низам ду.
Цундела оха кхайкхам бо Дублин -2 сацам юхабаккхаре а, хIора мухIажаре шена ваха лууш болу мохк маьрша харжийтаре а. Уьш ю адамийн бакъонаш! Цу Iалашоне вай цхьана дийнахь кхочур а ду. Амма цига кхачале бехха некъ бу вайна хьалхахь».
Митингехь гулбеллачарна хьалха вистхилира Оьрсийчурчу фильтрацин лагершкахула чекхбевллачийн юкъараллин куьйгалхо волу Банжаев Ваха. Цо терахьашкахь дийцира, тIаьхьарчу беттанашкахь Австрера арабаьхначу нохчийн мухIажирех лаьцна.
Банжаев Ваха: «Тхо кхузахь гулдаларан бахьана нохчашна хаддаза депортацеш еш хилар ду. Депортаци а йина, Нохчийчу дIавеллачул тIаьхьа вийна мухIажир хилла волу Товсултанов а ву, тIепаза яйна Исраилова Марха а ю, Зубайраев Зубайр а ву, цара чу а воьллина, хьийзийна, тахана лечу хьоле ваьлла волу. И харцо сацаяхьара, тхуна тIехь латтош йолу, тхоьца низамаш лар а де аьлла, Iедале кхайкхам бан гулделла ду тхо».
Дукха бу Австре тIаьхьарчу хенахь схьабаьхкинчу нохчийн мухIажирех Iедало, тIе а ца оьцуш, юха баха шайн Даймахкахь меттиг а боцуш, бовза-безачаьргахь буьйсанаш а йохуш, Iедал тIекхачарх а кхоьруш, леларш. Царах ю ПетIамат а. Ши бутт хьалха Вене схьакхаьчна йолчу цо тховкIело йоьхуш динчу дехарна дацаре жоп делла Iедалша.
Церан доьзал Нохчийчурчу тIемашкахь оьрсийн тIеман ницкъашна дуьхьало ярца бевзаш белахь а, ткъа цуьнан йиша-ваша, Австрехь дIа а тарбелла, бехаш белахь а, амма, стенна делахь а, ПетIаматана тховкIело ца луш дуьхьал даьлла меттигера Iедал.
Ах цхьа шо шен гергарчарна елла ю, я дийна ю а ца хууш, оьрсийн эскархоша лаца а лаьцна, Ханкалахь даккхийтинчу цу къоначу зудчунна Нохчийчохь, аьлча а, иза официалан шен лоручу Оьрсийчохь цунна кхерам бац аьлла, хета Австрин мигрантийн полицина.
ПетIамат: «Сан да а, нана а, массо а кхузахь Iаш бу. Вежарий бахьанехь дIаидош, схьаидош хьийзийна со оьрсаша. Лаьцна дIа а юьгий итт де доккхуьйтуш, пхийтта де доккхуьйтуш, ялх бутт боккхуьйтуш. Кхи яла а ца яьлла, сайн ши йоI кIелхьар яккха схьаеана ю со Нохчийчура. Кхаьрна дика ма хаа сан хьал а, тхан массо а нах кхузахь хилар а, тхан вежарий бахьана долуш тхо хьийзош хилар а. Дукха хан йоцуш Хорватехь, лаца а лаьцна, тхан шича а хьийзийра. ХIетте а „депорт“ а кхайкхийна, ара йоккхуш ю со, яха меттиг боцуш, къайлаха кхузахула лелаш ю со, ши йоI тIаьхьа а тесина».
ПIетамат тховса яьккхина буьйса кхана мичахь йоккхур ю ца хууш еха. Ларамаза урамехь полицино кехаташ хаттахь, лаьцна Оьрсийчу дIахьажор йолуш ю иза.
Мел къаьхьа иза делахь а, ПетIамат цхьалха яц цу шен гIайгIанехь.ТIаьхьарчу масех шарахь Iедалан ницкъаша лаамаза цхьана Австрера Оьсрийчу дIавелларг ши бIе бархI стаг ву бохуш, дуьйцу адамийн бакъонашларъярхочо Банжаев Вахас.
Цу хIуман бахьана тIаьхьарчу беттанашкахь вуно чIогIа чIагIделла долу Австрин националистийн партин векалийн а, Нохчийчурчу Iедалийн а тамашийна долу гергарло хета цунна. Бакъду, шина а агIонан Iалашонаш - нохчийн мухIажираш Нохчийчу юхаберзор - цхьаьна йогIуш хиларна, кхин башха цецволийла а дац цу цIеххьана кхоллаеллачу марзонех.
Банжаев Ваха: «ТIаьххьара хааршца Нохчийчу араваьккхина 208 стаг ву. ХIинца кхин а 96 стаг Айзенштадтехь а, Альзенштрассехь а, Нойштадтехь а, Кремсехь а набахташкахь чу а боьхкина, депортаци ян кечбина латтош бу. Арахь ведда лелаш ву кхин а гергарчу хьесапехь 200 гергга стаг, Австрино тIе ца эцар бахьана долуш.
ХIунда аьлча, кхузара шовинистийн партин делегаци Нохчийчу а яхана, цаьрца цигахь барт а бина, 2000 стаг цIа ваийта, шаьш тIеоьцур ву, шаьш царна еш цIенойн корпусаш а ю, аьлла. И ду-кх тахана кхузара нохчий Оьрсийчоьне дIабала гIертаран бахьана».
Австрера бусулба дине а, тIедаьхкинчу къаьмнашка а гамонца хьежарца евзаш йолчу Маьршачу Партин векалшна шайн махкара „хийранаш“ арабаха лаьа. Нохчийчурчу Iедалшна шаьш гIишлонаш къагорца юхаметтахIоттийначу махка мелла а сиха алсам мухIажираш юхаберзо лаьа.
Ткъа цу политикан ловзарийн закъалташ хуьлу, даима санна, могIарера миска нах, ПетIамат санна, хIора мIаьргонехь лацарна а кхоьруш, Европерчу яккхийчу ирсечу гIаланашкахь луралла долу нах санна дахар дIакхоьхьуш болу.