ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза къастош юхавала дагахь вац Евкуров


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а, 29Марс2012
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а, 29Марс2012

Юха а ирделла Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнана доза къасторца доьзна хаттар. Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалан векалша дIахьедар динера, къуьйсуш йолчу Сунжа-кIоштара 5 эзар гектар латтанаш шайн республикина тIеязда мегаш ду аьлла. Амма иза бакъ дац бохуш, чIагIдо ГIалгIайчоьнан президенто Евкуров Юнус-Бека. Цу хаттарехь ша маллур вац бах цо.

Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь векал волчу Хлопонин Александара жимма хьалхо, латтанаш бахьнехь вовшашна дешан кхиссарш а ца еш IадьIахьара аьлла собаре бехнера нохчийн а, гIалгIайн а куьйгалхой. Хлопонинна гергахь латтаца долу гIуллакх официалан дIахьедарш а ца деш, шина агIонан говзанчаша, машаречу дийцаршкахь къасто догIу.

Иштта цу хенахь цо билгалдаьккхира нохчийн а, гIалгIайн а вежарий санна цхьа къам хилар. Хлопонин Александара и дIахьедар дина мелла а тийна мер баьллачул тIаьхьа, карарчу хенахь, схьагарехь, юха а коьртах долуш латтаца дозаделла гIуллакх.

Масех де хьалха нохчийн агIоно дIахьедар дира, латтаца долу гIуллакх къасто кхоьллинчу говзанчийн тобано бина болх бахьнехь 15 эзар гектар латта юхакхачийна Теркйист кIоштан Горагорск юьртан раьгIнаш йолчу агIор а, ишта Соьлжа кIоштан регIаца а.

И хаам даррехь харц беш зевне дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. «Мехкан куьйгалхочо санна ас дIабоху,Нохчийчоьнца доза къастош, мискъал зарратал тхайна эшаме хIума оха лелор дац.

ХIинца доллу дозанаш хир ду тIейогIучу ханна а». Ишта дIахьедар дина Евкуровс гезган машин беттан 28-чу дийнахь политика партешца а, юкъараллин цхьацца болам-цхьаьнакхетаршца а шен хиллачу къамелехь.

Цу тIехула тIе цо аьлла, нохчийн къомо цкъаьллиг цкъа дехна дац гIалгIашка латта схьа. «Цхьаццаболчу маьхькIамхоша деш долу дIахьедарш - иза нохчийн халкъан лаам бац»- боху, Евкуров Юнус-Бека.

Иза тешна ву латтаца доьзна хеттарш чIогIа ларлуш къасто дезаш аьлла а, къам ир-кара хIитто хIумнаш лело ца догIу аьлла а.

ГIалгIайн агIонна товш дац масала телевизионехь лаьтта хьокъехь нохчийн парламентан спикера Абдарахманов Дукхавахас дина къамел. Цунна хетарехь, Николай-паччахьан заманахь Маьлхбиган а, Соьлжан а кIошташкахь бехаш берш нохчийн хилла, и латтанаш хьенан ду боху хаттар лаьтташ а ца хилла.

«Кхузара белхан стоьла тIе охьа а хевшина, архивера тептар-тоьшаллаш схьа а эцна.сиз хьакха беза», - боху спикеро. Цо дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь нохчийн бахьнехь Оьрсийчоьнан Iедалера цхьамогIа гIоленаш хилла ГIалгIайчоьнна.

Дерг аьлча, могIарерчу нехан бала кхочуш хIумнаш дац Iедалехь болчара, дозанаш къесто деза бохуш юьхьарлаьцнарг. Цу хьокъехь дуьйцуш соьлжагIалахо Умидат.

Умидат: «МогIарерчу нехан бала кхочуш хIумнаш дац куьйгаллехь болчара лелош дерш. ДIа гергарлонаш,схьа гергарлонаш - нохчийн а,гIалгIайн цхьа къам санна даьхна ду хIинццалц а. Къаьмнийн лаам бу аьлла ца хета суна уьш кхочушбан гIертарг. Шайн цхьа хIумнаш ду лелош. Нах кIамбан. Ир-кара хIитто санна лелош ца оьшу хIумнаш, соьга хаьттича. Сан санна ойла йолуш кIезиг бац Нохчийчохь а ГIалгIайчохь а».

Мухха делахь а, дозанаш къастош болх беш говзанчийн тобанаш а йолуш, шина агIоно деш цхьацца дIахьедарш совнаха лору наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG