ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонкин чам тайра Винченцена


Хьонка.
Хьонка.

Роберто Данте Винченце, дуьненахь а воьвзаш волу Италера шеф-повар Соьлжа-гIала веънера, кхузахь шен говзалла дIагайта. Кхечу дашца-мастер-класс а олу цуьнах.

Соьлжа-гIалахь даьккхинчу массийта дийнахь, цуо ресторанашкахь, кхача кечбеш, оцу говзаллан шуьйрачу гуонехь ца хууш йолу къайленаш йовзийтира. Ша а схьаийцира цуо нохчийн кхачах цхьадолу даар а. Оцу поваро кечйина хIума йиънера нохчийн журналиста Мишиева Асяс. Цуо иштта мах хадийра цуьнан.

Мишиева Асет: «Ас биира, цуо кечбина болу кхача. Гарзанаш яра уьш, кхаьрзина жижигцани. Иза вайн массеран а хIусамехь лелош, уггаре а атта кхача бу, сихвеллачохь кечбеш берг. Кхин цецваллала хIума дацар иза. Вай Нохчийчохь, италхойн а, европера кхачанаш а бу кечбеш».

Роберто Данте Винченце, Италийн премьер-министр хиллачу Берлускони Сильвион повар хилла ву. Цхьаболчу хаамашца, цуьнан кхачанца лаьтташ ву 80 шаре хьалгIоьртина хан йолу иза, иштта могаш а, къона а. Италхойн кхача, дуьненахь атта а, мерза а лоручарах цхьаъ бу, амма, нохчаша кечдинчу цхьана дарах цец а ваьлла, иза дукха мерза хетта вара иза бохуш кхин дIа а дуьйцу Мишиева Асяс.

Мишиева Асет: «Юьзина галнаш а олу вай, хьолтIамаш а олу царах. Нитташций, хьонкаций кечйина яа хIума яра цуо йиънарг. Иза чIогIа тамехь, чам болуш хеттера цунна. Иза муха йина а, Iхун тухуш ю а бохуш хоьттуш вара иза. Шен ресторанехь, цкъачуьнна чам баккха а, юх иза меню юккъе яло а дагахь ву ша бохура цуо».

Италхой волу дуьненахь гIарваьлла волу шеф-повар Нохчийчу хьажа хIоттий бен ца веънера. Соьлжа-гIала Дубайх а, Нью-йорках а тера ю аьлла, ша тIелаьцначу агIонна даг тIе моз доьттича санна, хазахетарг дира цуо. Амма, Нохчийчохь ханна а доцуш, шерашкахь болх беш шортта поварш бу.

Радиохь а, телехьожийлехь а, керла ресторан кхайкхочу хенахь, доьххьара олу, шай повар дуьненахь уггаре а тоьллачу меттигашкахь болх бина ву а, боьвзучу политикашна а , хьоладайшна а хьалхахь кхача хIоттина ву олий. Иза мел бакъ ду толлуш а ца лела цхьа а. Деххачу шерашкахь, кхачанан бизнесехь болх бина ю Малика цIе йолу Соьлжа-гIалара зуда. Шен и къайленаш дика йоьвза боху цуо.

Малика: «Соьца болх беш корейхо вара суши еш. 50 эзар сом баттахь лора цунна. Иза Москохара валийна вара. Цуьнан яахIума дIаца йоьдура, ткъа, вайн нохчийнарг дIайоьдура. Италера а , Корейра а, яа хIума чу а ялийна, вайн даарх чам баккха лелош санна хета суна иза. Иза хIун ду ца хаа суна. Юх, оцу сусших дIовш долуш меттигаш а нисло. ГIорийна болу буьйда чIара ма бу иза. Вай кхача, цIена а, керлачу сурсатех еш хуьлу».

Нохчийчохь, къаьстина Соьлжа-гIалахь дукха йиллина ю японхойн кхача аьлча а, суши олуш долу, буьйда чIерах кечъеш йолу меттигаш. Ког баккха-баьккхинчохь, ю Япона-хата, Суши-хаус, Можа хIорд, Японхойн цIа, иштта кхин дIа а. Еххачу хенахь ша юккъахь латтош болу буьйда чIара баарх цец йолу ша боху Маликас.

Малика: «И европера кхача бохуш а ю схьайиллина, амма, уггаре а дукха ю суши-хаусш. И буьйда чIара хIунда баош бу-м ца хаа суна. Иза муха кечъеш ю хаахьарий-наха юура яцара иза. ас болх бинак-х цаьрца». Нью-йоркехь белхаш дина бу бохучу поварша, кхача кечбаран рецепташ мичара оьцу а хаа Маликина. Азербайджанера а, Узбекистанера а схьабаьхкинчу поварех а хьалъюзна Нохчийчоь. Цецевала хIума дац, селхана гIишлошъяран белхашкахь лаьттина царах цхьаверг, кхана хIуна кIайн халат а доьхна, повар ву ша бохуш, цхьан ресторанехь кхача кечбеш гахь. Цу тайпа наха, кечйина йолу хIума яа а дегаз хета шена бохуш кхин дIа а дуьйцу Маликас.

Малика: «Азербайджанхошца а болх бина ас. Цара йина йолу яа хIума юуучу стага, дийра доцуш хIумма а дац. Оццуула боьха лелайо цара иза. Сай беза-боьвзучаьрга-м ца йоуьйту ас и хIума. Ас хIинцалца узбекийн и хьокхамаш оьцуш бара, амма хIинца ца оьцу».

Роберто Данте Винченце а, цулла кхиъ чIогIа гIарбоьвлаболу кхачакечбархой Нохчийчу сих-сиха оьхура бу хIинцачулла тIаьхь. Кхузахь, де дине мел долу, ша жIалийн нускалш санна алсам йолуш ю ресторанаш а кафеш а. ХIумма а дац, цу чу а бахана, мехаш дукха лекха хиларна бахьнехь, даарх кхета меттигерачу дукхачу бахархойн аьтто ца хиларх.

Хьеший буьзина хилчхьана мегаш ду иза. Ткъа, нохчаша тIе а яхьара ю, дIа а хьура ю оьшург Грозный-сити хьешан цIа чуьрчу ресторанехь санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG