ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

57 шо кхаьчна Нохч-ГIалгIайн республика юхаметтахIоттийна


Оьрсийчоь -- Нохч-ГIалгIайн АССР-ан байракх.
Оьрсийчоь -- Нохч-ГIалгIайн АССР-ан байракх.

ХIокху деношкахь 57 шо кхаьчна дохийна долу вайнехан къоманна цIадерза бакъо елла. 13 шо Юккъерачу Азехь даьккхина болу нах цIаэха буьйлабелча царна яьккхийн халонаш хилла хьалха хIуьттуш. Уггаре а коьртаниг хилла шайн хIусамаш юхаерзор.

1957 шарахь, дечкийн баттахь, 9 дийнахь, Совета пачхьалкхан куьйгалло сацам тIеэцна хилла, хIаллак йина йолу Нохчийн-гIалгIайн автономан республика юхаметтахIотто. Цуо, 13 шо махкалла арадаьккхинчу къоман, бакъо елла, шай Даймахка цIаберза. Iедалшна хьалхахь хIета чолхе Iалашо хIоьттинера, эзарнашкахь цIа эха буьйлабелла нах, дIатарбан.

Цундела, и гIуллакх, ма хеттара атта дIа ца дахна. Наггахь бен нохчийн доьзал хира бац, шаьш цIа дирзича, шай хIусам, цу чохь Iачу нахера иза ахча а делла схьа ца эцна. Иштта, массу а меттехь а хилла. Амма, меттигаш ю, цIа баьхкинчара, шай хIусам, доьвнца, тIамца, схьаяьккхина.

Ишттачарах ву, Жимчу АтагIара вахархо Дудаев Салман. 14 шо долуш, цIерачарах лечкъана тIам тIе вахана хилла иза. Цигара, къам дIадохийна аьлла, шен гергарчарна тIаьхь хьажийна. Шай юьрта доьххьара цIа вирзинчарах ву иза. ЦIа вогIуш, цIенна «Победа» машен а ялош веъна Салман. Амма, кетIа кхаьчча, воккхаваран сурт хийцаделла, оьгIазлонна.

Дудаев Салман: «Сой, сан деваший, сан девешийн кIантий, тхо кхоъ ши машен а ялош, цIадаьхкира. Тхан цIенош чохь, суьйлий бара. КетIа кхаьчча, суна неI ца йиллира цара. ДIаделла ков, хIусамда ву цIа веънарг аьлча а ца диллира. ХIан-хIа, хIара цIенош сан ду, бохура цо. Со тIаккха цига чу иккхича, шен зуда а бераш а эцна иза дехьа АтагIа ведда вахара».

Веддачу суьйличо, арз а дина, Дудаев Салманан неIарга баьхкина эскархой. Ала догIу, хIора оьвлахь, хилла комендантан тоба латтош, иштта доьвнаш ца дийлита. ЦIийнахь-м кхеттера ша, хIинца, мичара хIун дан волавелча бакъахь дара теша, бохуш гIийла ойланаш а еш Iаш, тIебаьхкира уьш шена бохуш кхин дIа а дуьйцу оцу къаночо.

Дудаев Салман: «ХIета АтагIа яийтина комендатура яра. Салтий а бара, царна хьалха ваьлла капитан а вар. Уггаре а хьалха баьхкинчу нохчашна тIехь, кхиин ца бохкуьйтуш сацийнера. Тхан да а нана а, ден вежарий а совцийнера, хIорш дIанисбаллалца аьлла. И капитан со волчу веара, шеца шиъ герзаца волу салти а волуш.

Со рагIу кIела, машен а яьккхина, дIадоьттинчу галийш тIехь, гоьл тIе ког а баьккхина, хиина Iаш вара сигаьрка узуш. Ас боху цуьнга: «Сталин а, Берия а , нохчийн къам хIаллакдан Iалашо йолуш хилла. Тхо иштта цIа даьхкина. Уьш ша берш, тхо баларе хьоьжуш хилла. Сан машене хьажа хьо. Вала дIахьажийна волу стаг, цIечу «Победа» машен тIехь цIа вирзина. Делан карахь ду ша дерг».

Сайн кехаташ дIагайтира ас. Со тIам тIе а вахан, цигара дIа а вохийна, хIинца цIа вирзича, сайн чу вуьтуш вац со. Сан меттан хьо хилча, ахь хIун дийра дара?».
ЦIа эха буьйлабеллачу нохчийн а, церан хIусамаш дIалаьцначеран а, вовшах доьвнаш дуьйлуш хилла дела, Iедалша сацам бина хилла, доьххьара цIа баьхкинарш дIатарбаллалца, вуьйш совцо.

Массийтанахь, кехаташ а кечдина, хIусам а тайина, гергарниш тIеэца аьтто бу шен аьлла, шай доьзал цхьантоха бакъо яьккхира ша, бохуш дагалецамаш бийцира Дудаев Салмана.

Дудаев Салман: «Ас дийца а дийцина, колхозан гIишлошъяран тоба ялийра сайн цIено тадан. Колхозан директора, кехат яздира, иштта, аьтто а бу, шен цIа а ду, гергарниш тIеэца таро а ю, аьлла. Хьан бух балахь, схьавоуьйтура цIа. бацахь, иза хиллалца вуьтура. Колхозан директора сан 175 белхан де а ду, аьлла дика белхало ву аьлла мах хадийна, иштта документш делира».

Нохчий цIаберзарна доьхьала боьвла, Соьлжа-гIалахь оьрсийша митингаш дIаяхна хиллера. Доьхург-вайнах шаьш болчу Казахстанехь битар. Тахана а, йилбаз мохь санна, тIаьхьалонаш ловш ю, къомо, хIета хиллачу харцонан. ТIаккха а, уггаречу вочу гIенахь а моьттина а хира дацара царна, 40 масех шо даьлча, къоманна тIехь, юха а бода хIуттура бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG