ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан репрессеш лайначу нехан де билгалдоккхуш дара Оьрсийчохь ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь


Оьрсийчоь -- Москох, Лубянка майданахь, политикан репрессиш лайначу нехан сий деш хIоттийначу тIулгана уллехь чIурам латош ю жима зуда, 29Гад2012
Оьрсийчоь -- Москох, Лубянка майданахь, политикан репрессиш лайначу нехан сий деш хIоттийначу тIулгана уллехь чIурам латош ю жима зуда, 29Гад2012

ХIора шарахь гIадужу бутт бовш билгалдоккху Оьрсийчохь политикан репрессиш лайначийн де. Цу дийнахь советан Iедало бехк боцуш байина нах дагалоьцу церан гергарчара а, юкъараллин жигархоша а. Сталинс кхоьллинчу къизаллин системано миллионаш адамаш хIаллакдинехь а, карарчу хенахь Оьрсийчохь иза похIмалле менеджер лоруш ву. Кхин хьал ду Малхбузехь. Цигахь холокостехь байинчеран тIехьенашна хьалхара хIинца а шен декъар текхна ца яьлла Германи.

Вевзаш волчу оьрсийн яздархочуо Солженицын Александрс чIагIдарехь, Советийн Iедалша политикан репрессешца хIаллакдиначу адамийн терахь 110 миллион стагал лакхадаьллера. Цу юккъе доьлхуш ду дохийна, шайн лаьттанашкара дIа а лахьийна, Сибрехьа а, Юкъарчу Азе а хьовсийна хилла къаьмнаш а, ГУЛАГан инзаречу лагершкахь бала текхнарш а, Йоккхачу Терроран муьрехь, хоттуш дов доцуш, байинарш а, набахтешкахь тоьпаш йитина байинарш а, иштта дIа кхин а.

Официалан терахь, кхеташ ма-хилара, дуккхаъ лахарох ду.

И нах биц ца балийта, тIаьхьарчу тIаьхьенашна а цу Iедалийн къизалла а, боьхалла а йовзийтархьама билгалдаьккхина дара гIадужу беттан ткъе итталгIа де. Бакъду, вайнзаманахьлерачу Оьрсийчохь сийлаллехь долчу денойх дац и де. ХIунда аьлча, Даджалан хьесапехь нах охьуш, церан баланех ца Iебаш хилла волу Сталин цу таханлерачу Оьрсийчохь „эффективан менеджер“ лоруш ву, ткъа халкъашна оццул бала хилла йолу Советан пачхьалкх йохар- иза 20-чу бIешеран уггаре а боккха геополитикан бохам лоруш бу.

Наци заманчохь Германехь байинчу нехан терахь 110 милионе ца кхачахь а, амма боьхаллийца а, къизаллийца тIаьхьа юьсуш йоцуш система яра Гитлер Адольфа а, цуьнан хьадалчаш а Германехь кхоьллинарг а.

Бакъду, и Iедал дохийна, дожийначул тIаьхьа, цул тIаьхьа Германехь Iедале мел баьхкинчара цкъа а шеконе дуьллур дацара, наци заманан къизаллаш адамаллин дуьхьала зуламаш хилар, Гитлер Адольф – дуьненан исторехь уггаре а инзаречарех диктатор хилар, ткъа нацисташ кхоьллина хилла йолу хIетахьлера КхозлагIа Рейх- иза йохар Делан беркат хилар а.

Цу муьрехь Германи вуно яккхийчу экономикан лакхенашка кхаьчча хиллехь а, дуьненчохь уггаре а хьалхара автобанаш а ур-атталла йохкуш, амма цхьа а вер вац и боьха Iедал цIандан я Гитлер хастон, хIунда аьлча, массарна а кхеташ ду, и кхиамаш адамийн цIийча текхна хиллийла.

Цу заманахьлерачу наци Iедалийн репрессешкахь хIаллакбинчарех аьлча, Германи тахана а яьлла яц цу зуламийн закъалта хиллачу нахана я церан тIаьхьенашна компенсацеш текхна. ХIинцалца схьа цу компенсацийн хьашташна дIасадекъначу ахчан терахь 70 миллиард еврол совдаьлла.

Ткъа муха ду Оьрсийчохь а, цуьнца цхьаьна Нохчийчохь а, Сталинан терроро а, йоллучу Советийн заманахь политикан репрессеша а хьийзинчу нахана я церан тIаьхьенашна компенсацеш яларца хьал? Дукхахан йоцуш вуно чIогIа даздина хаамийн гIисрашкахь дийца а дуьйцуш, репрессеш лайначарна луш долу беттан компенсацин терахь 300 соьме хьалдаьккхина. Цул хьалха иза хиллане а 200 сом дара.

И кхардаме шайнаш шаьш елча, шаьш нахана тIехь латтийначу баланех паргIат долу аьлла хета Оьрсийн Iедалшна бохуш дуьйцу карарчу хенахь Германехь ехаш йолчу Гадаева Зайнапана. Шен дас а, девежарша а ГУЛАГехь лайначух дуьйцу цо.

Гадаева Зайнап: „Хьалха-МартантIе базара венчура, бехк-гуьнахь а доцуш, дIалаьцнера Iедало тхан дай, цуьнан ши ваший, бандиташ бу, „къоман мостагIий“ бу, аьлла. 15 шераш хан тоьхна, лагершка хьовсийнера. Цигахь цара лайнарг инзаре бала бара. Шийлачу махкахь бара уш, багара дIа тесина йолу шат лаьтта охьакхачале гIорош, оццул шело хиллера цигахь. Шайгара баланаш лаьцначаьрга ца лалуш, шаьш шайн дегIе меженашна чевнаш еш, лоьрийн цIийна кхачархьма.

Тхан де ши ваша цигахь кхелхина, ткъа тхан да цу лагершкахь 15 шо а даьккхина, араваьллера, могашаллах а хаьдда, ах пах дIа баьккхина. 300 сом хIун ю, цо лайначуьнга хьаьжча? Цунах хIун до? Ас цкъа а дицдийр дац цу оьрсийн Iедална, цара иза уггаре а къона а, дуьненах самукъадолу а хан йолчу хенахь цара лаца а лаьцна, цуьнга беана хилла бала“

70 шо долу Дагман жима бер хилла, нохчий къам дIадохочу хенахь. Цигахь делла цуьнан да а,нана а. Цо ша а Кахахстанехь дIадохорехь лайначу баланашна а, цуьнан Iедалийн къизалла бахьана долуш байлахь йисарна а цунна луш йолу компенсаци а изза 300 сом ду. Цу ахчанах ур-аттала шен репрессеш бахьана долуш деллачу, Юкъерчу Азехь дIадоьллинчу ден-нена барза тIе яха а аьтто бац бохуш дуьйцу цо.

Дагман: „Цу ахчанах жижиган кийла а ца йогIу. Сан 2 шо хилла вай дIадохош. Цу новкъахь шел а елла, лазар кхетта елла сан нана, кхин дукха хан ялале цигахь велла тхан да а. Талды-Курганехь дIабоьхкина бу уьш. Церан барз тIе яха таро хилча, цига гIур яра со, амма таро ца хилчарна Iаш ю. Кху Iедало компенсаци мукъане а еллехь, хIуттур яра со церан кешнашка, амма иза яла хIара Iедал дагахь дац, я кхуо деш цхьа а гIо а дац“.

Германехь луш хиллачу компенсацешкахь иштта тидаме оьцуш дара, нацийн заманчохь репрессеш лайначу жуьгтийн бахамаш а, церан банкашкара ахчанаш а хIетахьлерачу Iедало шен доладаьхна хилар. Цуьнца доьзна цкъа хьалха хIора а закъалтана луш цхьа билгал ахча дара, ткъа цул тIаьхьа, хIорамо а лайначуьнга хьаьжжина, хIоранна а хилла болу ницкъ а, зIе а тидаме а оьцуш, хIора баттахь луш билгалчу барамера ахча ду.

Нохчийчохь дIадохийначул тIаьхьа цIа бирзинчу наха шаьш шайн хIусамаш ахча а луш, схьаийира, цу чу советан Iедало цу ховшийначу оьрсийн колонисташкара. Лакхахь къамел дина хила йолу Дагман а ю, шайн де керт, цу чохь баха хевшина хиллачу оьрсийн доьзалера, мах а белла, юхаэцначарех цхьаъ. Цу кертах я шаьш дIадохош шайн хIаллакхиллачу бахамех а, даьхнех а мах схьабалар-м хьехош а дац Оьрсийн пачхьалкхан Iедалша, бохуш, дуьйцу цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG