Дахначу кΙирандийнахь, шел тΙаьхьа доьзалехь зуда а, ши бер а дуьсуш, ФСБ-но ша Шема ваха ойла йолуш хилла аьлла, вигина хьийзийча, ткъа мехкан телевизионо оцу хьокъехь гезваха волийча, ирхъоллавелла 22 шо долу Ватаев Ιайнди.
Цо динчун мах иштта хадош делла жоьпаш тайп-тайпана ду. Делахь а, цхьа а хΙума бахьане дуьллийла дац Дала делла дахар ша адамо дΙахадор бакъдеш, аьлла хетарш алсамбевлла.
Бакъо юй бусулбачун ша-шен вен? Боху хаттар кхоже а диллира Маршо Радионо шен сайта тΙехь. Кхаьжнаш иштта бекъабелла.
Цхьанне а бакъо яц ша-шен вен боху 76 процент радиоладогΙархоша.
Бакъо ю, ишттачу хьолехь веллачун къа Ιдалхойх хьаьрча, аьлла хета 17 процентна.
Нийса муьлха жоп хуьлийла ду ца хаьа 7 процент ладогΙархошна.
Кхеташ ду, сингаттаме а, халачех а хΙума ду стаг шен лаамца валар-висар листа.
Тхан сайте цхьамма ма-яздара, «бусулба стеган вала бакъо муххале а яц. Дуьненчу вала бакъо цуьнан яц, ваха бакъо яц, деша бакъо яц, ирс долуш хила бакъо яц. Цхьа а хΙума цунна мегаш ца хилча, ша-шен вен бакъо муха хуьлу? ХΙара дуьне даа шаьш бусулба наха вуьтур вац важа бусулба стаг».
Оцу шатайпанарчу бегашна бухахь а ду тоъал бакъдерг. Нохчийчохь бусулбаниг хьийзориг дукха хьолахь нисло Кадыровна муьтIахь волу кхин бусулба. Хила-м ца догΙура иза иштта...