ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикашца мукъане а хIун къуьйсу-те нохчаша?


Таджикел а башх дика хьоьгуш бац Москох Нохчийчуьра бахархой а.
Таджикел а башх дика хьоьгуш бац Москох Нохчийчуьра бахархой а.

Ши де хьалха хаам баьржира Москохахь нохчийн, таджикийн дов а даьлла, уьш вовшах летта аьлла. «Котельники» олучу метрона уллехь хиллачу оцу тасадаларехь герз а диттина, леташ волу ялх стаг а лазийна аьлла, дуьйцуш ду хаамийн гIирсаша. Сихонца цига кхаьчначу полицино 10 стаг дIа а лаьцна, хиллачун хьокъехь таллам болийна.

Оцу хаамал сов кхин дуьйцуш хIума дац хиллачух. Мел къасто хьажарх, хIун бахьанашца, я муьлш хилла хаа гIортарх гIуллакх ца хилира. Иштта хуьлу, леррина и хилларг Iедална хьулдан лиъча, боху цхьаболчу тергамхоша.

Москохахь бехачу нохчаша шаьш тидам бо, тIаьхьарчу хенахь цIера кегий нах цига схьа а оьхуш, атта ахчанна тIехь а бовлий, шайна а, цIерачарна а бала бо аьлла.

Иштта элира цигахь дукха хена дуьйна вехачу Астамиров Асланбека: «Москохахь долу хьал ша ма-дарра хIинца а ду, суна схьахетарехь. Нохчий кхечу къаьмнашца, таджикаш я азербайджанхой хуьлийла, питанаш а деш, иштта долчух тера ду-кх иза. Даима айдина ду-кх и хIума».

Ши шо хьалха Москохара Ховански олучу кешнийн кертахь, иза къевсина таджикашца леттера нохчий. Цхьаъ вала а леш, масех лаза а веш, герз диттинера цигахь. Сихонца цига кхаьчначу журналисташа цигахь болх бечу цхьана таджикера интервью эцнера. Цо дийцарехь, нохчийн и тоба оцу кешнийн куьйгалхочо мах белла, лаца а лаьцна бахкийтина хилла аьлла.

Нохчийн кегийчу наха ойла ян езаш яра, шаьш ишттачу метте гIодан кхойкхуш хилча, цигахь шайна тешнабехк хира буйла.

Вай кхечу агIор баха безара и толамаш, аьлла дийцира Москохахь вехачу бизнесхочо Темирбулатов СаIида: «Массо аметтехь, леташ-Iуттучохь нохчи ву вуьйцуш. Вайна IадIийча гIоле-м дара. И майралла цхьажимма юхаоьзнехьара дика дара вайна. Низаме даьккхича, нохчи бехкево. Тахана оьшуш дацар-кха вайна и хIуманаш. Юьстахдовла дезара вай царна».

Темирбулатовс дуьйцучунна тIетов кхин бизнесхо Заурбеков Ислам. Вайх цхьа «бIоба» а йина, цуьнах кхерош бу нах. ТIаккха юкъараллехь цабезам кхоллало нохчашка. Оцу хIуманан ойла ца йо цара.

Йича гIоле-м дара, кхана-лама шаьш дIалеца болийча тIаьхьа хир ду, элира цо: «ТIекхиинчучкъурана ца хаа, мича тIехотта веза. Муьлхха а хIуманна тIегIерта-кх уьш, гIуллакх далахь а, дацахь а.

Муьлхачу бахьаница, таджикаш а, азербайдажанцаш а вайна дуьхьал хIиттабо. Вайна иза ца хаьа. Iедал шен рожехь болх беш ду. 90-чу шерашкахь Iедалх уьдуш уьш ца лелла, цундела царна ца хаьа. Ткъа и цIандарш юха а дIадоладахь шайна хуур ду шаьш лелориг дош доций».

ХIара материал язъечу хенахь кхин цхьа хаам кхечира Санкт-Петербургера. Шина оьрсийчун декхар бахьанехь къастамаш беш, шинна а агIор нохчичунний, суьлийчунний дов а даьлла, нохчий вийна тапча тоьхна. Юкъахь дуьйцу ахча хилла 500 эзар сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG