ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь тIаьххьара метттигехь  йу белхан меттигаш кхиаран рейтингехь


Нохчийчоь, Соьлжа гIала
Нохчийчоь, Соьлжа гIала

Белхан метигашца долчу хьолах лаьцна хIоттийначу рейтингехь тӀаьххьара меттиг дӀалаьцна боккхачу барамца ГӀалгӀайчоьно, цул тӀаьхьа йу Дагестан а, Нохчийчоь а. РИА "Новости" агенталлас бинчу талламца иштта хьал дика дац алапашца а, белхан меттигашца а ГӀебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а. Къилбаседа Кавказан мехкех хьалха йу Тыва.

Рейтинг хӀоттийна Росстатан 2023-чу шарахь хиллачу хаамашна тӀе а тевжаш, бархI гайтаман терахьца, хӀора регионе хьаьжжина царна кхачайора 1 балла тIера 100-не кхаччалц.

ГӀалгӀайчоьно 6,7 балл йаьккхина, кхуззахь ала мегар ду, Оьрсийчохь уггаре а лахара гайтаман терахь ду иза. ТӀаьххьарчу меттехь йу Дагестан, стохкалерачу статистикаца дуьстича, мелла а тоделла догIу белхан хьолаца долу гIуллакх (2022-чу шарахь 17,10 балл).

Рейтингехь аутсайдерийн могӀарехь юьсуш йу Нохчийчоь, делахь а, официалан статистико билгалдоккху республикехь белхан меттигашца хьал тоделла хилар – 12 балл тӀера 21 балле кхаччалц хьаладаьлла хилар. Изза хьал ду ГӀебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а: 13 тӀера -24 кхаччалц, 14 тӀера -27 тӀе, 18 тӀера- 31 тӀе хьаладаьлла терахьаш. Цуьнца цхьаьна Къилбаседа Кавказан республикаш хӀинца а рейтингехь лахарчу меттехь йуьсуш ю.

  • Къилбаседа Кавказан республикаш иттех шерашкахь белхан метттиган терахьшца тIаьххарчу могIаршкахь лаьтташ йу. Болх бан хан йолчу бахархойн дакъа лакхара доллушехь, оьшуш йолу белхан меттигаш кхузахь ца кхоьллина, цундела кегийрхой дӀабаха декхаре хуьлу дика дахар лоьхуш.
  • 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан йуккъерчу терахьашца дуьстича, Къилбаседа Кавказан республикаш йуха а лахара меттигехь карийра - лахара алапашца. Уггаре вон хьал ду ГӀалгӀайчохь – тӀаьххьарчул хьалхара меттиг дӀалаьцна цо, цхьа ГIалмакхойчоь хьалха а йолуш. Эксперташа дийцарехь, иза доьзна ду дукха хьолахь алапаш "конверташкахь" схьаоьцучу республикашкахь. "Къайлайаьхьначу" экономикан дакъа лакхара хиларна а, регионийн экономикехь пачхьалкхо тӀех сов дакъалацарца а, цундела йац конкуренци белхан меттигашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG