«Низамехь йоцчу тIеман тобанийн а, экстремизмна тIерачу нехан а» гергара хиларна школашкара 16 хьехархо дIаваьккхина, хаамбина пIераскана Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Магомедов Iабдурашида антитерроран комиссин кхеташонехь.
И массо а белхахой полицин лаамца бохийна белхашкара.
Магомедовс бахарехь, изза процедура лакхарчу дешаршкахь а ю д1ахьош – дIабоху цигашкахь а «экстремизман хьу йоьлла» студенташ. Хаам баржийнарг ю "Интерфакс-юг".