ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу Агвалихь нах вовшахлатарна кхоьруш полисхой тIеоьзна


Дагестанерчу Цумадинан кIоштарчу Агвали эвлахь нах юкъахь а болуш конфликт эккха тарло, меттигерчу маьждиган имам цхьахволчу вахархочух леттачул тIаьхьа. Кавказский узел интернет-хьостано яздо цунах лаьцна.

Дагестанан муфтиятан векало шен оппоненте меттигерчу маьждиган имам ша хила веза бохуш, дIахьединчул тIаьхьа доладелла ду церан дов. Эвлара маьждиг ханна дIакъевлина ду, меттигера бусулбанаш керла имам харжа дагахь бу, хаам бо "Черновик" газето.

Герзах боьттина ницкъхой оьзна эвла, чу-ара бовлар шайн тергоне эцна полицино, тIечIагIдо гIирсо.

Кхушеран Дечкен-баттахь нах вовшахлийтира Дагестанерчу Тарки эвлахь, оцу инцидентехь велира ши стаг

Оццу беттан 6-чохь меттигера бахархой вовшахкхеттера, наркотикашна дуьхьало латтон 23 шо долу жигархо Абдурагимов Вали вер дийцаредан. Гуламехь вовшах тийсабелира, шина стаган уьрсан чевнаш а еш, тIаьхьо дарбан хIусамехь дIавелира и ший а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG