ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера ММА-н латархочунна Исмаилов Мохьмадна гӀуда тоьхна маьждигашкахь полисхойн рейдашна критика йарна


Хьабиб Нурмагомедов а Мохьмад Исмаилов
Хьабиб Нурмагомедов а Мохьмад Исмаилов

Москварчу кхело 20 эзар сом барамехь гӀуда тоьхна Дагестанерчу ММА латархочунна Исмаилов Мохьмадана. Хьалхо, Исмаиловс критика йинера полисхошна маьждигашкахь цара йинчу рейдашна. Полисхо сийсазварна тIехула гамо гIатторах аьлла Исмаиловна административан артиклехула гIуда тоьхна. Маьждигашкахь полисхоша рейдаш дIайахьар йемал динера цо.

ГIуда тухаран бахьана - Исмаиловс инстаграме хIоттийна видеош йу, йаздо "Матч ТВ". Царна тӀехь спортхочо "туьтмIаьжгаш йуьйхина бандиташ" аьлла полицех, яздо Mash телеграм-канало. Бутт хьалха кхелан хьалхарчу кхеташоне ца веара латархо, билгалдоккху РИА Новости пачхьалкхан агентсталлас.

Административан артиклаца латорхочунна - 15 дийне кхаччалц хан тоха тарлора. Кхелан сацам хӀинца а низаман ницкъе бирзина бац, латкъам бан йиш йу Исмаиловс хIинца а.

  • 2022-чу шарахь Исмаиловc шена хетарг дIахаийтира мобилизацина дуьхьал ХIинжа-ГIалахь хиллачу протестан гуламех. Спортхочо дӀахьедира, хьолах лаьцна дийцахьара бохуш, шен агIоне йазбеллачарна жоп луш ву ша аьлла. Цо бехкебира Дагестанан ницкъаллин структурийн белхахой нах луьра лецарна. Амма цо хӀумма а ца элира протестхоша республикера бахархой тӀаме ма бахийта бохучух лаьцна.
  • ХIинжа-ГIалара аэропортехь Израильна дуьхал протесташ хиллачул тӀаьхьа Исмаиловс зорбане йаьккхира масех видео, жуьгтий Палестинан латтанаш дӀалецарна бехке беш. Шен цхьана къамелехь цо элира, Гергарчу Малхбале тӀом бан гӀур ву ша, шен аьтто ма-боллура аьлла. Цунна жоп луш, ММА-н латархочо Минеев Владимира Исмаиловн цIарах эцначу билетийн сурт хIоттийра. Москвара Туркойчухула Бейруте доьдучу кемана эцна. Цигара ГIаззе кхача йиш йолчу билетийн сурт дара и. Амма Исмаиловс билетах делла ахча палестинхошна дIадахьийта элира Минеевга.
  • 2021-чу шарахь Соьлжа-ГӀалахь дӀаяьхьначу дуьненаюкъарчу профессионалан боксан турнирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 13 шо долчу кӀанта Кадыров Адама шен нийсархочунна тӀехь толам баккхар суьдхочо дIакхайкхор низамаш дохор хийтира Исмаиловна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG