Дагестанхойн поэтан Гамзатов Расулан йоьIан йоIа Израилан паспорт эцна, цунах лаьцна Амирханова Шахрис ша хаийтина инстаграмехь, паспортан сурт хIоттош. "Цецйаьлла, гIадйахна, дозалла до. Баркалла, йезаш со тIеэцарна, сан керла цIа. Аса дозалла до, хазахета суо кхузахь йолуш", - йаздина цо.
Паспортан сурта тIехь долчу йозанца документ йаздина цунна 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 21-чохь, Израилан радикалан ХЬАМАС тобанца тIо болабалале.
Амирханован 45 шо ду, иза журналист а, дизайнер а йу, модех долчу Harper’s Bazaar, Tatler журналийн оьрсийн версин коьрта редактор лаьттина иза, иштта цо арахецна ингалсан маттахь INRUSSIA медиапроект.
Гамзатов Расулан йоI Москвахь йина, цхьана хенахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь болх а бина цо. 2023-чу шеран чиллин-баттахь Амирхановас хаамбира, ша Оьрсийчуьра дIайахна аьлла, "цIийнах йалар кхин башха хала а ца хиллера, суна ма моьттура" аьлла, тIе а тухуш.
- ХЬАМАСан тIемалоша Израилна тIелатар динчул тIаьхьа ГIазза секторехь тIом болабелча, Дагестанера бахархой маьрша акцеш хIиттон буьйлабелира Палестинехьа, амма уьш дIасабохийра полицино. ГIадужу-беттан 28-чохь Хасав-Йуьртан бахархой гулбелира "Фламинго" хьешан цIенна хьалха, цигахь дIатарбелла Израилан бахархой бу аьлла хезна. Оцу гуламна бакъоларйаран органийн белхахоша новкъарло ца йира. ШолгIачу дийнахь жуьгташна дуьхьал йаьккхинчу акци бевллачу декъашхоша дIалецира ХIинжа-ГIалара аэропорт. Аэропорте чубоьлхучу а, арабуьйлучу а нехан кехаташка хьуьйсура гулбелларш, палестинхойн къомехьа буй хьовсу шаьш бохуш. Цул тIаьхьа аэропортан гIишло чу а, кеманийн майдана а кхаьчнера уьш. ТIеман беракемана тIехь спецназан эскархойн арабаха дийзира Тель-Авивера деанчу кемана тIера нах.
- ХIинжа-ГIалин аэропортехь жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцихь къепедацарш лелорна лаьцна 201 стаг, 155-на дуьхьал административан протоколаш хIиттийна, полисхоша бохург ца дарна а, кега-мерза йухахьара леларна а, митинг дIайахьаран низамаш дохорна а аьлла. Бехтакхаман гIуллакхаш дуьхьал дахарх хууш хIуммаъ дац.
- ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хIиттира жуьгташна дуьхьал акциш: Черкесскехь тIедожийра "жуьгтий арабаха" аьлла, Нальчикехь керла хьалайеш хилла жуьгтийн культурин центр йагийра.