ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимхановс дакъа лаьцна дац стохка аьхка дуьйна пачхьалкхан думин кхажтасаршкахь


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адама 2022-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна дакъа лаьцна дац Оьрсийчоьнан парламентера къажтасаршкахь, хаамбина парламентан лахарчу палатин статистика теллинчу "Агентство" гIирсо.

Пачхьалкхан думин пресс-гIуллакххоша жоп ца делла хьастана, депутато парламентан балхахь дакъа цалацаран хIун бахьанаш ду аьлла деллачу хаттарна, цуьнца шеца зIе таса а аьтто ца хилла.

Делимханов воцург а, "Агентствона" къаьстина хIетахь дуьйна къажтасаршкахь дакъалаьцна воцу кхин цхьа депутат а – Санкт-Петербургера Марченко Евгений ву иза.

Лахьан-баттахь хьалхо Пачхьалккхан думо депутатан декхарех ваьккхира Власов Василий а, Белоусов Вадим а, формалехь бахьана дара – кхеташонашкахь дакъа цацалар. Бехктакхаман гIуллакхехула Белоусов лаца кхайкхийна велахь, Власов мандатах велира 40 дийнахь парламентан комиссин кхеташонашка ца варна.

Оьрсийчоьнан парламентехь депутатан меттиг хIинца кхозлагIа дIалоцуш ву Делимханов – 2017-чу шарера схьа дуьйна. 2013-чу шарахь думин гIишло чохь кхечу депутатах Журавлев Алексейх леттера иза, тасалучу заманчохь цуьнан кисанара йоьжнера "дашо тапча".

Хьалхо Кавказ.Реалиино йаздира, 2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц ша бечу балхахь цхьана палатин кхеташонехь цо аьлла дош цахиларх,

  • Делимханов "аьтту куьг" лоруш ву Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан, цо болх бина цуьнан ден Ахьмадан кхерамзаллин сервисехь, цул а хьалха Ичкерин бригадин инарла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. Нохчийн дупутат воьзна ву масех даккхийчу девнашкахь – цунах лаьцна кIорггера деша Кавказ.Реалиин материалехь.
  • Украинан кхерамзаллин сервисо толлуш ду Делимханов Адаман хьокъехь гIуллакх. Иза бехкево пачхьалкхан дозанаш хийцарехь йукъарло лелорна а, Оьрсийчоьно герзашца йинчу агрессина тIетарна а. "Кадыровн уллорчу гонехь ву хьаькам". Цуьнан омрица Украинана тIелеттачу йуьххьехь веара Делимханов ханна оккупаци йинчу Донецкан кIоштара декъа тIе", - чIагIдо СБУ-но.
  • Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат верг бехкево оппозицин политик Немцов Борис а, диллина Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхуьлуш хилла ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан конмандир хилла Байсаров Мовлади а верца. Делимханов Интерполехула лехамашка велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна, журналисташна кехарамаш тийсарна а, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзалхойн коьртеш дохур ду бохуш, кхайкхамаш барна а.
  • Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москвара Мещанскан кIоштан Кхеташонан депутатна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарца. Стохка аьхка оппозицин политико Яшин Ильяс "уггар кхераме Оьрсийчоьнан депутат" ву элира Делимханов.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь президенто Путин Владимира Делимханов Адамна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира "доьналла а, майралла а гайтарна леррина тIеман операци дIахьош" (иштта олу оьрсийн Iедалхоша Украинерчу тIамах). Цул тIаьхьа дукха хан йалале Делимхановс дIалецира Оьрсийчоьнан парламентехь кхерамзаллехула а, коррупцина дуьхьалойарехула а йолчу комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовсан дарж.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG