Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман хIусамнана мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнча хIоттийна. Иза даржехь чIагIъеш церемони дIаяьхьна урамехь, видео инстаграме хIоттийна Кадыровца йоьзначу аккаунтехь.
Видеона бухахь яздина, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен накъосташца "дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам латточу юкъанна" Делимханова Разитас беза хьеший санна шен хIусамехь тIеоьцура уьш аьлла.
"Тхайн тIаьххьарчуьнца дакъа дора оха. Суна цкъа а дицделла дац хIокху хIусамехь суо хьаша цахилар, доьзалхо ву со",- дIахьедина Кадыровс.
Цхьанахеннахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча а хIоттош, Делимханована республикан лаккхара совгIат дина - "Кадыровн Орден". СовгIат дарх омра дIадийшира парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Урамехь хIоттийначу церемонихь дакъалецира Делимханов Адама а, Кадыров Рамзанан хIусамнанас Меднис, Нохчийчоьнан вице-премьераша Тумхаджиев Iийсас а, Висмурадов Абузайда а.
Адам Делимханов - Оьрсийчоьнан Думан депутат а, Кадыров Рамзанан уллора накъост а ву. Оьрсийчоьнан Федерацин кхо Орден елла цунна, иштта "Кадыровн Орден" а.
2009-чу шарахь Интерполехула лехамашка велира иза, "Восток" батальонан экс-командир Ямадаев Сулима Дубайхь верна шеконашца. 2012-чу шарахь дIаваьккхира тептарера.
Делимханов Адам вевза парламентехь цкъеллиг цкъа шегарчу балхаца доьзна кхул хьалхарчу Думехь дош аьлла вацарца а, цхьана дийнахь, болх боьдуш, депутатах Журавлев Алексейх леташ, хаьнтIера шен "дашо тапча йожорца" а. Формалехь доцуш Делимхановна кхачийна кхечу регионашкахь беха нохчий "нисбар", цаьрца йозу конфликташ листар. Цо ша "луьстур ду" бехира, масала, Москвахь Навальныйгахьа хIоттийначу митингехь ницкъхойх леттачу студентан Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIулакх, цо довдира кхечу республикашкарчу къаьмнийн векалшца юкъарло лелорна нохчийн йоI "кхетамчу ялош" хьийзинчу кегийрхошна. Европан мехкаша а, Америко а кхайкхийначу санкцийн тептарахь ву Делимханов.