ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доллу хIума хIаллакдина, дагийна, адам жимдина". Бакъоларйархочо Гисаев Ахьмада дуьйцу Нохчийчуьра хьалхарчу тIамах лаьцна


Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран чиллан-бутт
Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран чиллан-бутт

1994-чу шеран гIуран-баттахь болабеллачу хьалхарчу тIамо вуно чIогIа хийцира регионан политикан карта, и тIом хьакхабелира эзарнаш бIенашкахь адамийн кхолламех. Бакъоларйархочо, адвокато, "Мемориалан" хиллачу декъашхочо Гисаев Ахьмада дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига оцу бохамах шен бисинчу дагалецамех лаьцна.

– ГIуран-баттахь 30 шо кхечи Орсийчоьно Нохчийчохь тIом болийна. Хьуна муха болабелира и тIом?

Гисаев Ахьмад
Гисаев Ахьмад

– Сан 20 шо дара, гIайгIа а, бала а боцу жимстаг вара со. Университетан юридикан факультетехь доьшуш вара со. Соьлжа-ГIалахь вехаш вара, Катяма олучу кIоштахь, гIалин бахархошна дика йевза и меттиг.

Нийса хир ду, тӀом кхин а хьалхо болабелла аьлча – лахьан-беттан 26-чохь. Аьлча а, Соьлжа-ГӀалахь оппозици олучу тобано герзаца тӀелатар дарца. Ӏуьйранна цунах оппозици элира, амма сарахь, дийна бисина нах танкаш чуьра арабаьхча, гучуделира уьш оьрсийн элитан тӀеман дакъойн эпсарш хилар. Масала, Кантемировская, Таманская цIераш йолу дивизеш. Аьлча новкъа хир дац, уьш дерриг а дуьненна а дIагайтира, тӀаккха дуьненаюкъарчу низамашца хийцира, пачхьалкхо кхечу пачхьалкхаца хуьйцуш ма-хиллара. Цхьа а билламаш боцуш уьш дIабелира Оьрсийчоьнан Федерацина.

Сайн дахарехь дуьххьара воьлхуш нохийн борша стаг гира суна оцу дийнахь

Суна тӀом болабелира гIуран-беттан цхьана Ӏуьйранна. Масех де а дара гӀалина тIе бомбанаш йетта. Сайн йиша а, цуьнан кегий бераш а гӀалара арадохуш вара со. Кеманца тохарш динчу мIаьргонехь Садовое кольцо олучу меттиге кхечира со. Цигахь цхьа жимо базар йара, кемано цунна тӀе масех ракета тоьхнера, чевнаш хиллачарна гӀо дан нах тIехьаьдча, оцу кемано йуха а дирзина, шозлагӀа а ракеташ туьйхира. Со цига улло дӀакхаьчча, кегий туьканаш йогуш йара: декъий, кхагаран хьожа. Цигахь лаьтташ йара йоьхна "Газель" машен, машен лелочу тIома тӀехь Ӏуьллура машенлелорхо. Моьттур дара хьуна, иза наб кхетта Iуьллу, нагахь санна, цӀий а, йохийна машен а гуш ца хиллехь.

Суна сайн дахарехь дуьххьара гира цу дийнахь нохчийн стаг воьлхуш, 50 шо гергга хир дара цуьнан. Полиэтиленан тӀоьрмиг а эцна, зудчун дегIан меженаш тIегулйеш вара иза, велха а воьлхуш. "Йаха йезаш йара хьо, хьайн бераш кхио дезаш йара хьо", - бохуш, хезара цо.

– Кхин дIа хIун хилира? ТIом болабеллачу йуьххьехь дукха нах дIабахарий гIаличуьра?

– Тхан доьзал Олхазаран-кIотарара гергарчаьрга дIабахара, амма цул тӀаьхьа цига а тӀом беара, бомбанаш йиттира, тIаккха тхо кхечу йуьрта дехьадевлира. Тхо дIакхаьчча массо а меттигехь мухIажарш хуьлура, цкъацкъа цхьана кертахь 20-30 стаг а волуш. Инзаре гатто йара.

Иштта тхо масийттазза цхьанхьа доьлхуш, вукхунхьа доьлхуш девлла лийлира. Эххар а тхо ламчу хьала дахара, тхайн дай баьхначу ГаланчIожан кIошта - цигахь тхан хIусам йара, шира цIа, тхан дас лелош хилла жимма даьхни а дара. Цигахь Iаш кӀезиг нах бара, цӀенош вовшашна дукха гена-генахь лаьтташ дара, хӀунда аьлча 1944-чу шарахь арабаьхначул тӀаьхьа Ӏедало цхьа а стаг цигахь дӀатарвала вуьтуш вацара. Цхьана хеначохь паргIат хан йаьккхира оха.

Амма 1995-чу шеран гурахь цигахь а бомбанаш йетта йолийра. Цхьана хазачу Ӏуьйранна, дуьхьала долчу лаьмнашкахь лулахойн цӀеношна тӀе бомбанаш йеттачу хенахь, чуьра ара а девлла, гена йоцчу жимчу хьеха чохь лачкъа аьтто белира тхан. Делан къинхетам бара, цигахь иштта хьун хиларна, уьдуш болу нах кеманашна ган а ца гуш. Цу дийнахь тхан а, тхан кхечу лулахойн а дерриге а даьхни дайира, цӀенош дагийра, дерриге а. Чуьра арадовлуш тхайна тӀехь хиллачу бедаршца дисира тхо.

Амма цу дийнахь суна уггаре а боккха эшам бара сан деден XIX бӀешарахь хилла детин инкрустаци а, къоман орнаменташ а тIехь йолу деза доьхка дар. Эххар а цигара Хьалха-МартантӀе дӀадаха дийзира тхан. Цигахь йуха дахийта дийзира тхан кехаташ, бомбанаш йеттачу заманчохь дерриг а документаш хIаллакхиларна.

ТIом балале хьалха дас даьккхина хилла ахча чекхделира тхан оцу мухIажараллин беттанашкахь, цхьана меттера вукхунхьа а оьхуш. Тхан да даим а вара тIаьхьало йолуш.

– Шаьш Соьлжа-ГIала йухадаьхкина де дагадогIий хьуна?

– Иза эрчо йара. Берлинера сурт санна хетара: дерриг а хӀаллакдина, дагийна, маьрша нах кӀезиг бара. БТР-ш тӀехь дукха бара эскархой. Хьо кхетара, и гӀала эскархойн карахь йуйла, хьан кхузахь цхьа а бакъо йацара. Кхузахь низам - автомат йолу стаг вара.

Хьалхарчу тӀамехь тхо хӀинца а махкахой ду бохучу синхаамах чекхдовлаза дара, ткъа тхо цхьана махкахь, Советан пачхьалкхехь дехаш дара

Катаямера тхешан цӀа кхаьчча, цигахь тхуна карийнарг цӀийнан пенойх йисина хIума йара. Берриге а тхан урам бохийна бара: цхьа а цӀа дацара цигахь. Цхьана Iалашонца эскархоша хIутарена хIаллакбинера и урам аьлла хета суна.

– Ишта хIунда хета хьуна?

– Оцу урамехь вехаш вара Дудаев ДжовхIаран ши ваша. ЖовхӀар ша а масех урам лахахь вехаш вара. Тхуна гена доцуш масийтта гӀаттех лаьтта гӀишлош йара, цхьана петарчохь дӀатарделира тхо. Газ а, ток а, хи а дацара.

Цигахь даха аьтто хилийта жимма къахьега дийзира тхан: цхьанхьа цхьацца йийбар ийцира, "буржуйка" олу пеш а хӀоттийра, корашна тӀе клеенка туьйхира. ГӀалахь цхьацца гуманитаран организацеш йара болх беш, бахархошна цаьргара гӀо хуьлура. Тхуна уллохь ООН-ан организацино хӀоттийна хи латтош йолу цистерна йара. Цуьнца мукъана а бала ца хьийгира оха.

– Нохчийчохь хиллачу тӀамах лаьцна наха дуьйцучу хенахь, вуно кест-кеста хьахайо "зачисткаш". ТӀом болабелчхьана дуьйна шуьйра лелон йолийнера и термин. Хьалхара тIом боьдучу йукъанна оцу кепара хӀума нисделирий шун доьзалехь?

– ХӀетахь, шолгӀачу тӀамехь санна, оцу тайпа "зачисткаш" ца хуьлура. Гой хьуна, федералан эскарийн резерв а, церан таронаш а эшийнера Соьлж-ГӀалин дуьхьа бинчу луьрачу тӀемаша. И йерриг а потенциал, маьршачу бахархошна дуьхьал цхьацца таӀзарш дан Iалашонца хилла йолу, йайра церан тIетаьIIина бинчу тӀемашкахь. Цара Соьлжа-ГӀала схьайаьккхира, вуно лакхара мах а белла, дуккха а эшамаш хилира цигахь.

Цхьаъ бен йоцу Реском цара буьззина баттахь схьайаьккхира. (Реском - Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н республикан КПСС-н комитет йу, цуьнан гӀишло чохь тӀаьхьо президентан цӀа хилира. - Ред.).

– 1996-чу шарахь Соьлжа-ГIала маьршайоккхучу заманчохь хьо гIалахь Iаш варий?

– ХӀаъ, дера вара. Цу дийнахь дукха Ӏуьйранна дуьйна дӀадоладелира герзаш деттар а, татанаш а. Тхо ца кхетара хуьлуш долчух. ТӀаьхьо хаам кхечира, нохчийн тӀемалой чубаьхкина, гӀалин тайп-тайпанчу меттигашкахь луьра тӀемаш бу беш аьлла. ГӀалина тӀехула кеманаш а, тӀеман беракеманаш а лелара, йуха а гӀалина тӀе бомбанаш йетта йолийра.

Дуккхаъ а петарш шена чохь йолчу тхан цIенна тIе минометашца йетта йолийра комендатурера схьа. Дуккха а тхан лулахой лазийна а хиллера. Оцу дерригенна а юккъехула, луларчу квартале лор кхайкха ваха дийзира сан. Йуьхьанца лор реза ца хилира тIеван: инзаре дара, тIейетташ йара, амма эххар а реза хилира иза. Цу деношкахь белларш оха дӀабоьхкира гена доццучу маьждигана уллохь.

И дерриг а дIадирзинчул тIаьхьа, хила ма-деззара, массо а кешнашка дIабаьхьна, цигахь дIабоьхкира. Амма хьалхарчу тIамехь мел хилларг данне а доцург хиллера, шолгIачу тIамехь хиллачуьнга хьаьжча.

– Ший а тӀом лайначу наха, боккъал а, кест-кеста дуьйцу, оцу тӀемашна йукъахь йолчу башхаллех лаьцна. Стенца йу и башхалла?

– Башхалла, уггар хьалха, бахархойн а, федералан эскарийн а вовшашка хиллачу хьежамехь йу. Иштта цабезам а, къизалла а йацара. Юкъарчу хьесапехь аьлча, цу тӀамехь маьрша нах байар а хилла. Амма хьалхарчу тӀамехь тхо а, уьш а цхьа махкахой ду боху синхаам хӀетахь а дӀа ца баьллера, тхо цхьана махкахь дехара, Советан пачхьалкхехь. Цо [салтичо] суна топ тоха мегара бохург сан даго тIе ца лоцура. Царна а иштта хетта хила тарлора. Тхо вовшашца дузуш цхьа тай дар-кх дисина.

– ХӀетахь суверенитетан ойланаш йара халкъалахь лелаш, массо а шен махкехьа гIаьттина зама йара и, хIетахь дуьхьалонан боламна йукъа кхеттера дуккха а кегийрхой. Хьо оцу гIуллакхана йукъа ца гIуртуш муха висира?

– Ницкъбарца вонна дуьхьало ца йар бохучу Кунта-Хьаьжин философина со герга ву ала мегар ду. Массарна а хета "ницкъбарца вонна дуьхьало ца яр" боху философи Махатма Гандин философи йу, амма бакъдерг аьлча, иза Кунта-Хьаьжин принцип йу. Сийлахь-воккха стаг лору ас иза.

– Хьалхарчу тIамехь хиллачу лидерех мила вара хьуна къаьсттина товш верг, мила лорура ахь ницкъе?

–Дудаев ДжовхIар. Суна даим а тара, тIом боьдучу йукъанна цуьнан лелар. Даим а цхьа паргIат, хьолана тIехь терго латтайора цо.

– Украинехь тӀом хир бу бохуш, цо дуьйцуш интервью йаьржира интернетехь. ТӀеман а, политикан а хьалххе хьажар дуй и, йа хIума хууш хилар ду?

- Гений вара иза. Цуьнан прогнозаш чӀогӀа тамашийна хетара суна хӀетахь, ас мукӀарло дан деза цунна. Амма тӀаьхьо цо мел аьлларг кхочуш-м хилира.

Иза бакъ хилира Украинех лаьцна а, 2008-чу шарахь Гуьржийчоьнах лаьцна а. Кхин а дуккха а кхочуш хир дара, нохчаша шайн догӀмашца дерриг а дуьне дӀа а къевлина, Оьрсийчоьнах тидам дӀа ца баьккхинехьара.

– Хиллачу шина тӀамо тӀеӀаткъам биний хьан бакъонашларъярхочун а, жигархочун а позици кхоллайаларехь?

- Дера бира. Цо Ӏаткъам ца бойла а йацара. Суна суо шога, йа цхьа кхечу кепара ца хета. Сан иллюзиш йац.

Дерриг а баккъалла а хилла ду суна гергахь: суна бомбанаш а йиттира, сан гIалина а йиттира, сан лулахошна а, цхьана а хIумана гунахь боцу нах байъира. Со лецира, лачкъийра, гIело латтийра суна тIехь. Дукхазза ваьлла со Iожаллин багара.

Масала "Iазапаш" боху дош цхьаволчунна – йуккъерчу оьмарера хIума хила тарло, амма суна билггал хаьа, оцу тайпаниг лелош дуй. Со лачкъийна вигина, йалхозза цхьана меттера вукху меттиге дIасалелош, массанхьа а ницкъбаран гIирс бара: электрошокерш, чхьонкарш, къевлина противогазаш а. Суна хаьа, Оьрсийчоьнан Iедалхой стпенна гунахь бу.

– Нохчийчохь масийтаза дронашца тӀелатар дира. КхозлагӀа тӀом беана, йа къайлаха сервисаш нохчий дарбан хьийза, эххар а уьш боккъал а тӀамна юкъаозон?

– Сан кхетарехь, тӀеман объекташна дина ду тӀелетарш. Республикера схьайогӀуш тӀеман риторика а, цхьа "лаамхой" а хилар тидаме эцча, Украинехь боьдуш тӀом хилар а лерича, тӀаккха уьш низамехь йолу Ӏалашонаш хетало.

Ткъа къайлахчу сервисех дерг, ала йиш йац сан. Амма суна хетарехь, Кадыровн ойла йац нохчий оцу тӀамна йукъаозор, дукхахболчарна ма-хеттара. Иза Путинан план йу. Суна хетарехь, тамаш бу и хилахь, харц-бакъ вовшахбетта "лаамхой" ца бийцича.

– Даймахкана са а гатлой хьан, хIун хилча цIа воьрзур вара хьо?

– Муьлхха а нохчочун а санна, дера сан а ма гатло са. Со даймахка воьрзур ву, сайн къам хIаллакдина нах цигара дIабевлча.

– Иза-м кхочушхила кIезиг дегайовхо йолу хIума ду…

– Суна хетарехь, цхьа ши кӀира хьалха шемахошка Асад Башар Москва ведда дӀагӀур ву аьлла хиллехь, цара а эр дара, и данне а хила йиш йоцург ду аьлла. Историно гойтуш ма-хиллара, дерриг а бIаьрганегIар а тохале хийцадала йиш йолуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG