Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) декхаре йина Оьрсийчоь хIора шина кIирнахь Соьлжа-ГIалахь СИЗО чохь латточу Мусаева Зареман хьолах лаьцна хаамаш дан. Кехаташца бух а балош дийца дезар ду хIинца цунна дIакхачош долчу лоьрийн гIоьнах, яздинчу молханех, цуьнан хьоле хьовсарх лаьцна.
Цул сов, адамийн бакъонехула йолчу Конвенцехь дIаязйинчу бакъонех а, маршонех а Мусаева Зарема хедош ца хиларан отчеташ ехна ЕСПЧ-но, хаам бо кхелан кехат гIардаьккхинчу "Iазапашна доьхьало яран комитето".
И барам хIоттийна кхелан регламентан 39-чу Низамна тIе а тевжаш, и низам лерина ду адаман дахарна а, могушаллина а тIехIоьттина, юхатоха йиш йоцу зен хила мегачу чолхечу хьелашна.
- 39-чу Низамна тIе а тевжаш ЕСПЧ-но хIоттийначу оцу кхачаман барамо ца магдо пачхьалкхана адаман дахарна а, могушаллина, доьзална, хIусамна, корреспонденцина даккхийра, йа юхаметта хIоттон аьтто боцу зенаш дан, иштта пачхьалкхана тIе цхьамогIа декхарш кхолла тарло оцу низамо адамашна хила тарло зен юхатохархьама.
- Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин оцу хеначохь суьдхочун статус хиларна, цуьнан зуда бен ца йигина дIа – иза шен петар чуьра тIе бедарш ца йохуьйтуш, йа молханаш схьа ца оьцуйтуш нуьцкъаха дIайигира (зуда диабетах бала хьоьгуш ю).
- Соьлжа-ГIала схьа ма кхаччара Мусаева I5 денна-буьйсанна дIалецира, полисхо сийсазварна бехке а йина. ТIаьхьо цунна доьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – цара дийцарехь, иза нуьцкъахочунна тIелетта. Таллам боьдучу юкъанна кхело шина баттана СИЗО чу йоьллина зуда.
- Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьлча бен цунна тIекхача аьтто ца белира адвокатан.
- Административан гIуллакхна тIехула кхел йоьдучу юкъанна инсулинах йозуш йолу, диабетах бала хьоьгу Мусаева Зарема кхетам чуьра яьлла хиллера. Таллам боьдучу ханна кхело СИЗО чу хьажийра зуда. Дахначу пIераскан дийнахь ша лаьцна латторна бина латкъамна тIехула хиллачу ладогIаршкахь (кхел реза ца хилира иза дIахеца) Мусаевас элира: "Со цанхьа йодур яц. Сан хьал чIогIа вон ду, со меллаша леш ю".