ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан депутаташа нохчийн "Север" полк террорхойн ларар тIедожийна


Нохчийчоь. Архивера сурт
Нохчийчоь. Архивера сурт

Евробертан депутаташа Оьрсийчоь терроризмана ахча латторан пачхьалкх лоруш резолюци тIеэцна тахана - цара иштта тIедожийна, Кадыров Ахьмадан цIарх йолу "Север" санна йевзаш йолу 141-гIа леррина полк террорхойн ларар.

Пресс-релизехь дийцина ма-хиллара, оцу тептаре йаьккхина "ЧВК Вагнера" а, "Оьрсийчоьно гIодеш йолу кхин а тIеман тобанаш".

ТIамехь терроризман бармаш лелоран пачхьалкх лаьрра Оьрсийчоь, йаздо Радио Свободано. Европарламентан депутаташа иштта дIахьедина, Путин Владимир а, цуьнан Iедал а дуьненайукъарчу трибунале озоран бух кечбеш бу аьлла.

Европан пачхьалкхаш жигара хьийзаре ца кхойкху резолюцино, формале маьIна ду цуьнан. И къобалйеш кхаж тессина 494 депутато, 44-мо дакъа ца лаьцна, 58 дуьхьал хилла.

  • Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна охан-баттахь украинхойн Iедалхоша бехке ю аьлла 141-гIа леррина йолу "Север" полк. 141-гIа полк Украинехь хилар тIечIагIдира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана - цо дуьххьара цунах лаьцна чиллан-беттан 26-хь дIахьедира. ХIетахь республикан куьйгалхочо харцдира буьйранчан Тушаев Мохьмадан кхалхар. ХIинца полкана куьйгалла деш Магомадов Хасмохьмад ву - Тушаевх оперативан 96-чу полкан буьйранча хилла.
  • ЦIерашца Нохчийчохь дакъош кхолларх дийца даьккхира мангал-бутт бовш – хIетахь Iалашо яра Оьрсийчоьнан тIеман министраллана юкъа а йогIуш йиъ батальон вовшахтоха: "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Юг-Ахмат". Уггар хьалха кхоьллира "Север-Ахмат" – полкан бараме дIадахдира цу юкъахь болчийн терахь. Кадыровс шен телеграм-каналехь зорбане хIоттийначу видео тIехь гуш бу дIахIиттийначу эскархошлахь ницкъахой хилла ца Iаш, рогIерчу нехан духарца нах а бу.
  • ТIом болорна, иза агрессица дIабахьарна а, Украинан дозанаш хийца Iалашонца, шена хаа а хууш, гIуллакхаш лелорна а, конституцин къепе йохорна а, дуккха а нах хIаллакбеш, кхиндолу чолхе зуламаш бахьанехь СБУ-но лехамашка велла Кадыров Рамзан.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна Украинан бакъоларъяран органашна дуьхьал бехкевоций хуъушехь бехктакхаман жоьпалла тIедожорна йа низамехь доцуш гIуллакх делларна аьлла. Ницкъахой бехкебо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Оьрсийчоьнан эскарийн буьйранчана инарлина Сурвовикин Сергейна а тIаьхьа бовларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG