Польшехь эзарнаш бахархоша акци дIаяьхьна кIиранан дийнахь, ГIадужу-беттан 10-хь, Польшин конституци хьалхе йолуш ю Евробартан конституцина аьлла, Конституцин суьдо бинчу сацамна дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бина Свобода Радионо.
"Немцойн тулгIено" дийцарехь, Замковая олучу Варшаверчу майданахь демонстранташа гулбеллера "Тхо дуьсу!", "Тхо Европа ю!" лозунгашна кIеллахь. Цу тайпа акцеш хилла Гданьскехь а, Познанехь а, Щецинехь а, Краковехь а, цхьайолчу кхечу гIаланашкахь а.
Польшин Конституцин суьдо кху деношкахь сацам бира, Польшин низамаш коьрта ду Евробертан низамел а аьлла. Суьдхоша билгалдаьккхира, Евробартан низамийн цхьадолу дакъош дуьхьал хилар Польшин Конституцина.
Дуьхьалонан акцешка кхайкхинера адамаш Европан Бартан гIантда хиллачу, Польшин экс-премьера, полшахойн оппозицин лидера Туск Дональда. "Вай кIелхьаръяккха еза Польша, вайн метта цхьаммо а дийр дац иза", - яздира цо твиттерехь.