Чухуа Мераб тахана массарел а гоьвалла Iилманча-лингвист вуй те аьлла ву кавказхойн меттанаш толлучаралахь. Иза Тбилисерчу пачхьалкхан университетан, меттанийн институтан куьйгалхо, профессор ву. Кавказхойн меттанаш талларехь бухбиллинчу Чикобава Арнольдан тоьллачу дешархойх а ву иза.
Цундела, цо хазахетарца тIеийцира нохчийн мотт ПIаьнкIазахь Iамор бу аьлла хаам баьржича. Иза цигахь бехачу кистошна а, гуьржашна а дика гIуллакх ду, боху лингвисто.
Чухуа: «Иза чIогIа нийса бина сацам бу. Цо ларам хьалабоккху тхан пачхьалкхан. Боккха пайда а хир бу цунах. Вай лара а, Iамо а, хьеха а беза и хаза мотт. Нохчийн мотт тIаьххьарчу хенахь гIеллуш схьабогIу, вайн кегирхошна юкъахь баржор ас къобалдо, сайгара мел оьшург а дийр ду, вай юьйцу и проект кхиаме хилийта. ТIаккха цо аттачу йоккхур ду нохчийн а, гуьржийн а вежаралла».
Кавказхойн меттанаш толлучу профессора Чухуа Мераба билгладоккху, шен Iилманан хьехархочо Чикобава Арнольда санна, дукха меттанийн орам цхьаъ хилар. Иштта, цо сингаттамца тIеоьцу царех пайдаэцар лахлуш хилар. Оццу хьолехь нохчийн мотт а бу аьлла хета цунна. Иза бийцийта а, шен аьттоне хьаьжжина, цунах пайдаэцийта а хIун дан догIу дийцира цо.
Чухуа: «Дуьххьара дан дезарг: хIора нохчо кхето веза шен мотт бийца эхь доцийла. Нахана юкъахь шен мотт бийца эхье лоруш хилар нийса дац. Иза вай хIаллакдийр долу берд бу. И комплекс дIаяьккха еза. Цхьаболу ницкъаш бу нохчашка нохчийн мотт ца бийцита лууш. Шен мотт нохчаша ца бийцахь, уьш нохчий а хир бац. ТIаккха хIаллакхир ю нохчийн феномен.
Кхетий шу? Нохчо хилар билгалдоккху ондда фактор ю мотт бийцар. И фактор ца хилахь, къам а хир дац. Нохчийн мотт бала а ца леш, толкха балахь а, астагIа лелхаш хилахь а, нохчийн къам довр ду. ТIаккха дIаер ю вайна гина йолу нохчийн феномен».
Кавказхойн меттанийн Iилманчас Чухуа Мераба, нохчийн мотт бийцар даздарал совнаха, меттигерчу Iилманчаша ондда болх бан беза матта тIехь. Иза кхочушдан Iилма долуш бу нохчийн Iилманчаш аьлла хета цунна.
Чухуа: «Суна чIогIа беза и мотт. Иза Iамо а гIиртина со. Суна хетарехь, нохчийн Iедалша гIодахь, мотт денлур бу. Амма суна хетарехь, нохчийн абат нисъян еза. Ца оьшург дIадаккха деза. Иза далур ду нохчашка, хIунда аьлча, цигахь меттан говзанчийн школа чIогIа ницкъ болуш ю».
Чухуа Мерабна шена а хаьа нохчийн а, гIалгIайн меттанаш. Ша бийцаза дукха хан яьллехь а, масех дош а элира цо вайн маттахь.
… Чухуас нохчийн мотт айбабеза бохучу юкъанна, тахана гIара а ца долуш дисина Нохчийчохь ненан маттахь арадолу «Даймохк» газета а, «СтелаIад» журнал а зорбанехь арахецаза беттанаш хилар. Уьш доьшуш а дац, доьшуш хилча а, арахеца ахча а дац боху.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832