ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беркъа го тахана нохчийн литература


Цхьаболчу Iилманчашна, яздархошна хетарехь, карарчу хенахь исбаьхьаллин литература а, цуьнца цхьаьна ненан мотт а гIелонехь бу: бакъсурт дIагайта йиш йоцуш, бух боцу хестамаш беш, “несала” яхана  лаьтта литература а...

Мел лазаме делахь а кхето, исбаьхьаллин литературехь долчу хьолах кхиа волало «Орга», »Нана», "Вайнах" журналашка бIаьрг тоьхча. Уггар хьалха цецвоккхург ду нохчаша,кегийрхоша къаьсттина,шайн неан маттахьчул а оьрсийн маттахь дукха а,дика а язьеш хилар. КIорге кхийда а ца оьшуш и гуш ду «Нана», «Вайнах» журналийн агIонаш луьстуш.

Газеташ а, кхиболу хаамийн гIирсаш-м бийца а ца оьшу. Махкахь дика бевзаш болчу Iилманчаша а,язадархоша а билгалдаха эшна а доцуш, ненан мотт «чоьта а боьллина» нохчаша тIебирззина нохчий бу оьрсийн маттахь дахарх кхиош,массо хIума дан Iамош.

«Махкахь кхоьллинчу хьоло, политика дIахIоттамо бен тIеIаткъам бахьfнехь го те таьIна, гIийла тахана исбаьхьаллин литература. Кхана,цхьа бIаьрла хийцамаш а хилла, нохчийн мотт бакълена а схьабехна а,сий-лараме а хилахь литература а заздаьккхина кхиа йолалур йолуш санна ойла ю-кх сан».

И къамел динарг ву махкахь тIехдика вевзаш волу байтанча. Бакъду,тахана,кху тIаьхьарчу шерашкара «Орга» журналаш тIера, байталлин агIо зеро гойту, керлачу исбаьхьаллин дашах воккхаве,кхин дIоггара бахьанаш цахилар. Цу хьокъехь,цхьа сихаллехь делахь а,шена хетачух элира Нохчийчохь дика вевзаш волчу байтанчо,меттан говзанчо Яралиев Юсупа.

Яралиев: «Бакъдерг аьлча хьалха санна, жигара яц байталла. Хьалха вовшах а детталуш,язйинарг йийцаре еш,цхьаьнакхетарш дIахьуш хилча и дар-кх дош! ХIинца иза аьттехьа а дац. Поэзин къайленаш лаха а ца гIоьрта…рифманаш а тидамза юьту хIинца. Цхьа бахьанаш а деш,цунах тоамаш а беш Iаш бу.. «Со-ас» бахарх цунах поэзи ма ца хуьлу,лирика аьлла дIадерзадахь а. Дитт дац дитт оцу диттехула ахь хьайн синхаам гайтахь и ду-кх дош! Масала бах-кхи ас».

Маршо Радио: Кхушарлера «Орга» журналаш кегийна ас. ХIинца сунна уьш бевзаш бацара, цхьана бер-тIорзанаша язйина хир ю-кх хIорш аьлла ойла кхуллуш, байташ ю дукха хьолехь зорбане яьхна. ХIуъу а язйина а цхьа могIанаш зорбане довларх,цунах тоам хеташ хIума ду те хIинца, Юсуп?

Яралиев: «И ду-кх иза. Таьлланг хьаьрча-кх юххе лаьттачух дечигах я диттах… Шех хьаьрчина и тIаьлланг а йолуш дечиго къамел деш сурт хIоьтинера суна дуьхьал.»ХIинца хьо хьарчарх суна хаалур дац» бохучу маьIнехь… Ишта гайтичтIакха бен хир яц цунах поэзии».

Карарчу хенахь вайнехан «Орга» журналехь зорбане юьйлу исбаьхьаллин ирташ керлачу лакхенашка,зил-дозанашка кхийдаш цахилар, тергамза буьтучу ненан маттаца а дузуш, кхечу къаьмнийн исбаьхьаллин литература йовзо нохчийн яздархой саготта бацарца дузу Хатаев Хьусайна масала. ХIинца дуьххьала а доцуш цо чIагIдарца,шен меттан таронаш йовза,шорьян, ахкаме а йохкуш йовза еза дозанал арахьара исбаьхьаллин литература,нохчийн матте яха еза церан говзарш. Хатаевна гергахь тIаккхий бен кан баьккхина кхиаме кхочийла дац нохчийн литература а.

Хатаев: «Нохчийчохь муха нисло , дукха хьолахь,яздеш болу нах кхеташ бац,байталла бохург и хIун говзалла ю. И цакхетам ас муха кхетабо? Дера кхетабо махкахь гочдарш кIезиг хиларца я хIиллане а цахиларца. Цара уьш нуьцкъала до,яздархочу ма-аллара ала гIерта уьш нохчийн маттахь а. Вай цунах кхиъна дац.

Дечунна а мукъам лар а беш гочдан ца хаьа. Вай кхечу литературах кхиа гIерташ а ца хилча,церан ирташ гочьеш а ца хилча, тхо тхешан чопана юкъахь дуьсу… Ахь зераш дича,кхечеран литература йовза гIоьртича карабоьрзу хьуна хьайн мотт а.евза цуьнан таронаш а. Хьо хьайх тоам а беш Iа ца веза. Цундела хаало вайн байталлехь къоьлла. Галдаьлларг хаарш кIезиг хилар ду-кх».

Нохчийн исбаьхьаллин литературах дийцина байтанча,гочдархо Хатаев Хьусайн тешна ву охкуш,исбаьхьаллин дешан къайле яста,цуьнан басарш къагийта а,ненан матте болх байта беза аьлла. Иза бацабар,Iуьллучуьра гIаттор тIаьхьа а тоьттуш,исбаьхьаллин литература кхиалур ю бохург цуо йоккхачу шеконе дуьллу.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG