Оьрсийчоьнан гIалгIаскхех йоьзна пачхьалкхан стратеги кхочушйен барамийн план Нохчийчоьнан куьйгалло тIечIагIйина. Меттигера гIалгIаскхий жигара йукъаийзор бу мобилизацина а, эскархойн гIуллакхна а, цIеххьана хIоьттинчу къаьстинчу хьолехь гIо дан а, наркотикашца къийсам латтон а.
Премьер-министро Хучиев Муслима куьгйаздинчу омри тIехь охьайазйина гIалгIаскхашца йукъарло лелоран агIонаш. Йу царлахь: нохчийн кегийрхошлахь гIалгIаскхий бовзийтар, махкара гIалгIаскхийн культурин хьолана мониторинг йар, Теркйистера гIалгIаскхийн Де даздар.
Къастийна йаздина ду гIалгIаскхийн доьзалашна а, Украинерчу тIамехь лазийначарна а, кхелхинчарна а гIо дарх. Иштта гIалгIаскхий йукъаийзор бу Iалам Iалашдарца боьзначу балхана а, иштта шайн лаамерчу цIейайархойн дружинашка а. ГIалгIаскхаша гIуллакх дийр ду, Нохчийчоьнан дозанаш тIерачу тIеман министраллин а, Росгвардин а дакъошкахь.
Нохчийчуьра гIалгIаскхий бовзийтарна а, царна гIо дарна а мел ахча оьшур ду, динчу омра тIехь хьахийна дац.
Теркан-Гребенскан гонашкара гIалгIаскхийн йукъараллина йукъайогIу Нохчийчоь. Стохка стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийра, махкара 308 вахархо ву гIалгIаскхийн йукъараллашкахь аьлла.
- Пачхьалкхан думе низаман проект хьажийна, реестрера гIалгIаскхий къепе ларйечу а, пачхьалкхан дозанаш Iалашдечу а, диверсанташца къийсам латточу а гIуллакхашна йукъаийзо губернаторшна бакъо луш. Цундела цаьрга герз дала дагахь бу.
- Дагестанера Халкъан гуламан депутаташа 202I-чу шеран сессихь йухатеттира "Дагестанера гIалгIаскхех" лаьцна Iедало йукъайалийна резонансе низаман проект. Парламентхошлахь оьшшучул кхьажнаш ца гулдина цо бохура. Шуьйра протест гIаттийра хIетахь низаман проекто дагестанхошлахь.
- Социалан машанашкара 67 процент гIалгIаскхех комментареш негативе йара 2021-чу шарахь, дIахьедира къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Федералан агенталлин куьйгалхочо Баринов Игоря. Оцу йукъанна Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь гIалгIаскхех дукхахдерг йаздийриг позитиве ду.