ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь хиллачу протестийн лидершна таIзар кхайкхор ду кхело кху бетан 15-чохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТаIзар кхайкхадале хьалха кхеле хIиттийначийн тIаьххьарчу къамелашка ладегIна Ессентукин кхело, сацам бовзуьйту де – ГIуран-беттан 15-гIа билгалдоккхуш.

Тахана суьдехь тIаьххьарчу дашца вистхилира Ужахов Малсаг а, Чемурзиев Барах а, дийцина адвокато Куриев Мохьмада. РогIера кхеташо, цо бахарехь, кхело кхайкхийна кху беттан 15-чохь.

Кхелан дийцарш доьлхучу хенахь прокуратуро дийхира кхеле ворхI шарера исс шаре кхаччалц колонехь яккха хенаш тоха аьлла. Адвокато доьхура, уьш бехказабахар.

Хьалхо Amnesty International дуьненаюкъарчу бакъонаш ларъен вовшахтохаралло дехар дира Оьрсийчоьнан Iедалшка "гIалгIайн гIуллакхехула", цуьнан фигуранташ дIахецахьара, 2018-2019-чу шерашкахь дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцна болу уьш жоьпе озийна административан а, криминалан гIуллакхаш юха а таллий, аьлла.

Оццу артиклашкахь бехкевинчу кхин а цхьаьнан протестан лидеран Погоров Ахьмадан бехкзуламан гIуллакх толлуш ду къаьстинчу кепехь.

  • ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула бехкебечара протест гIаттийра Нохчийчоьнца дозанаш хуьйцуш барт хиллачул тIаьхьа. 2019-чу шарахь Магасехь хIоттийна хилла митинг йирзира ОМОН-н а, Росгвардин а белхахошца тасадаларш хуьлуш. Протестан лидершна бехке диллина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхар.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG