ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь СИЗО йухайигина Иракъера цIа йеана хилла шина беран нана


Шеман къилбера Аль-Холь цIе йолу мухIажираш беха меттиг, 2019-чу шеран лахьан-бетта 14-гIа де (иллюстрацин сурт)
Шеман къилбера Аль-Холь цIе йолу мухIажираш беха меттиг, 2019-чу шеран лахьан-бетта 14-гIа де (иллюстрацин сурт)

Терроризмана бехкейен 22 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Гатагажева Лайлаъ, жимачу шина беран нана, СИЗО йухайигина. Чохь йаллош йара иза стохка мангал-баттахь лаьцчхьана. ГIуран-беттан 31-чохь изоляторера арайаьккхина, цIахь латтош йара иза.

"Прокурор а, талламхой а хийцина. Керлачу прокуроро а, талламхочо а лацийтина иза йуха а, цо цхьа а низам дохийна доццушехь, цIера арайаьлла а йоццушехь", - дийцина "Фортанге" лаьцначун гергарчо.

Гатагажева бехкейо шина зуламан артиклехь – террорхойн организацихь дакъалацарна а, низамехь йоцу герзашца тоба вовшахтохарна а. Гатагажеван адвокато билгалдоккху, Оьрсийчоьно шолгIа таIзар деш ду цунна, Иракъехь шена тоьхна хан цо текхнашшехь.

Терроран гIуллакхашкахула бехкзуламан жоьпалла тIедожадо Оьрсийчохь 14 шо кхаьчхьана.

  • Дас-нанас цуьнан 13 шо долуш дIайигина хилла Гатагажева, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано дIалаьцначу дозана тIе. Цигахь бертаза маре йелира иза. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хIетте а лору, шен лаамехь даIишхойх и дIакхетта, Шемара тIемалошна йуург кечйеш хилла цо, дарба деш хилла, ахча а латтийна аьлла.
  • ХIусамда а, кхинболу шен гергарнаш а цигахь беллачул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхошна карайаханера иза. Меттигерчу Iедало пхеа шарна а эхашарна а чохь йаккха хан туьйхира цунна, и хан текхначул тIаьхьа ара ца хоьцуш латтийнера иза Оьрсийчоьнан Iедалхошкара иза чу йита бакъо луш кехат кхаччалц. Аэропорте кхаьчначул тIаьхьа лаьцна иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО дIайигинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG