ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра лоьрана арахь йаккха хан тоьхна гIаттамхошна гIоьналла латтийна аьлла


ГIалгIайчоь, Магас. Гайтаман сурт
ГIалгIайчоь, Магас. Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра вевзаш волчу берийн лоьрана Гайтукиев Багаудина пхи шо тоьхна арахь даккха, низамехь йоцчу гIаттамхойн тобанна гIо деш лелла аьлла.

ТаIзар дарх хаийтина Магасан кхело, дIахьедина адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро. Чохь йаккхийта ворхI шо хан йоьхура цунна прокуратуро. Бакъоларйархоша билгалдоккху, шолгIа биллина бехк, террорхойн гIуллакхехь дакъалацар, адвокато латкъам бинчул тIаьхьа гIуллакхна йукъара дIадаьккхира.

Гайтукиев лецира стохка зазадокху-баттахь, цIера валар дихкина витинера иза. 2016-чу шарахь тIаьхьо таIзар динчу гIаттамхочунна Абадиев Мохьмадна, молханаш оьцуш цо гIо дина аьлла бехкевинера иза. Гайтукиевс чIагIдо, ша дарба деш хиллачу Абадиевн берана йахьийтина ша молханаш, Абадиев гIаттамхо вуйла шена хууш а дацара бохуш.

ШолгIа терроризмана гIо латтийна боху гIуллакх цунна дуьхьал айдира 2023-чу шеран чиллин-баттахь. Абадиевс дина мукIарло дара бухе диллинарг. Вукхо йуьхьанца дIахьедора, лоьро тапча схьайелира шега бохуш, амма тIаьхьо ша "галваьллера, тилавеллера" аьлла, шен дешнаш йухаийцира цо. Цул совнах, тапча дIайелла бохучу заманчохь педиатр Оьрсийчохь а ца хиллера, цуьнан тоьшалла до арахьарчу мехкашкахь лелачу цуьнан паспорта тIерачу билгалоно. Оцу гIуллакхехула Гайтукиев бехкевийриг санна жоьпалле озор къевсира адвокаташа.

  • 2009-чу шарахь гIаравелира Гайтукиев Багаудин, хIетахь ГIалгIайчоьнан республикин урхаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекан коврана Iожалхочо тIелатар динчул тIаьхьа, цунна операци йича. "ГIалгIайчоьнан хьакъволу лор" цIе йелира Гайтукиевна. Лоьралла лелийна ца Iаш, цо жигара гIоьналла латтадо таро йоцчу нахана а, буоберашна а, царна хIусамаш йеш, молханаш латтош, дозанал арахьа дарба дан дIа а бохуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG