ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIезалойчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалт схьайиллина


Кадыров Рамзанан, президентан Путин Владимиран, ГIезалойчоьнан куьйгалхочун суьрташ ду керлачу векалтехь дIадиттина. Нохчийчоьнан телеграм-каналера видео йукъара йина скриншот
Кадыров Рамзанан, президентан Путин Владимиран, ГIезалойчоьнан куьйгалхочун суьрташ ду керлачу векалтехь дIадиттина. Нохчийчоьнан телеграм-каналера видео йукъара йина скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалтан официалехь офис схьайиллина Казанехь. Церемонихь дакъалаьцна Соьлжа-ГIалин мэро, мехкан урхалхочун шичакIанта Кадыров Хас-Мохьмада.

Казанера Коьртачу стадиона гIишло чохь йу векалт, цигахь Нохчийчуьра "бахархошна гIоьналла латтор ду", къахьоьгур ду "регионийн йукъаметтигаш кхиош", аьлла ду Кадыров Рамзанан официалан телеграм-каналехь.

Ша политик церемони ца веанера – цуьнан метта баркаллин кехаташ дIасадекънера меттигерчу хьаькамашна Соьлжа-ГIалин мэро, векалтана лерина керла Geely Monjaro машен а йелла.

Машенаш арахоьцучу официалан сайтехь йазбина мах бу 3,8 миллион сом. ДIахьедо, машен эца ахча йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо, Кадыров Рамзанан "долара бохча" лоручо делла аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгахочун векал лоруш ву Бердукаев Асламбек – и дарж йуьхьанца йукъараллин кепехь лелош дара цо, ткъа 2022-чу шеран гIадужу-баттера схьа дуьйна алапа хIоттийра цунна къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а белхахочунна санна.

  • Стохка гIадужу-беттан 24-чохь ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама шен куьга дIайелира Кадыров-жимахволчунна ГIезалойчоьнан "Дуслык" йеза орден – "къаьмнашна а, динашна а йукъара барт, машар а чIагIбарна аьлла". КIира хьалха мехкан Пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь I9 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен кIантана Нохчийчоьнан Турпалхочун седа баларна ша реза цахилар дIахаийтира.
  • Danone компанин Оьрсийчуьра дакъа схьаоьцур ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIанта Закриев Якъуба (ИбрахIима) а, Казанера шурин сурсаташ йухкучу "Вамин Татарстан" компанин куьйгалхочо Мингазов Минтимира а аьлла.
  • ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь шен "векал" хIоттийра Кадыров Рамзана "Ахмат" СОБР-н командиран гIовс Ибрагимов Хьасан. 2020-чу шарахь эскархочо мехкан куьйгалхочун карара Нохчийчоьнан лаккхара совгIат схьаийцира – Кадыров Ахьмадан орден. ТIаьхьа дийцадаьккхира, аннексий инчу ГIирмехь иза летарх. Хьалхо Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш ца хилла Ростовра бизнесхо Мударов Рамзан.
  • Федерацин хIора субъектан Москвахь хила йеза векалалла йоцург а, Нохчийчоьнан векалташ ю Рязанан кIоштахь а, Санкт-Петербргехь а, Краснодар-махкахь а, Къилбаседа Малхбузенан федералан гонашкахь а, Туркойчохь а. 2017-чу шарахь официалан "Чечня Сегодня" ресурсо чIагIдора, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь Нохчийчоьнан векалаллаш ю бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG