ГIирмерчу тIайтехь хиллачу эккхийтарехь велла воьалгIаниг ву Москван Арбитражан кхелан суьдхо Маслов Сергей, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло. Цо листинчу тIаьххьарчу искех ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан Кадырова Iайштан компанига кховдийна хилларг.
Масловн кхалхарх хаам кхелехь цкъачунна толлуш бу. Хууш ду, арбитраже кхелахо хIоттийна хилла 2014-чу шарахь.
Дуьххьара Маслов валарх хаамбира "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Цуьнан информацица, Cadillac Escalade машенчохь хиллера суьдхо Санкт-Петербургерачу гидашца-историкашца Чучакин Эдурадаца а, цуьнан хIусамненаца Софронова Зояца а, иштта Евпаторера фитнес-тренерца Оргеткин Глебца а. И кхелхина виъ цхьана машенчохь хилар тIечIагIдина ТАСС агенталлин цIеххьана гIо кхачочу сервисашкара хьасташа а.
Марсхьокху-баттахь Масловга листа кхачийра америкахойн Оьрсийчура "Конда Наст" (Condé Nast) компанино "Фирдаус" моделан цIийне хьажийна иск. Моделан цIа ду иза, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоаI, культурин министро Кадырова Iайшат куьйгаллехь йолуш.
"Конда Насто" дIахаийтира, Кадырован моделан цIа шайна 816 эзар сом схьадала декхаре хиларх, иштта тIедожийра барт бохоран 893 эзар сом гIуда а. Хууш ду, и декхар 2019-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна хилар.
Ши кIира даьллачул тIаьхьа "Конде Насто" шен иск юхаийцира – дуьхьал хилира шен тIедахкаршна а. Москварчу кхело сацам бира, оцу гIуллакхехула кхин дIа листарш ца дан. Иск юхаэцаран бахьнаш хоуьйтуш дац.
- Краснодаран кIошт а, аннекси йина ахгIайре а цхьанаюзу Керченскан (ГIирмин) тIай тIехь кир кхоьхьу машен иккхира гIадужу-беттан 8-хь. Ягон коьчал чохь йолу ворхI яй бегира цигахь. Кхо стаг велира. Ах тIай чудоьжнера. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира бехкейира Украинан къайлаха сервисаш эккхийтар вовшахтохарна.
- Оршотан Iуьйранна, гIадужу-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан тIеман эскарша мел лахара а бIе тохарш дира ракеташца а, дронашца а Украинан яккхийчу гIаланашна а, йоллу кIоштийн меттигашна а аьлча санна: Киевна, Харьковна, Одессина, Днепрна, Львовна, Запорожьена, Кривой Рогна, Николаевна, Винницана, Ивано-Франковскана, Тернопольна, Кропивницкийна (Кировоград), Житомирскан кIоштана а.
- Ростовн кIоштан Iедалхоша дIахьедина, регионехь терроран тохарш дан лаккхара кхерам латтарх, администрацийн официалан сайташ тIехь тIетаьIIина йозанаш ду зорбане дохуш кхарамзаллин низамех. Аксайскан кIоштан хьаькамаша дIахьедарца, и доьзна ду ГIирмин тIайтIхь динчу эккхийтарца.
- "Конде Наст" арахоьцийло Оьрсийчохь болх сацийра Украинехь тIом болийначул тIаьхьа, цул хьалха арахоьцура «премиуман» сегментан глянцан журналаш: Vogue, GQ, GQ Style, Tatler, AD, Glamour а, Glamour Style Book.