ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюртахь лаьцна Нохчийчуьрчу полицин ротан командир


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь "Герз" операци дIахьуш Хасавюртана гергахь Винсовхозный цIе йолчу меттехь лаьцна Гуьмсера вахархо Бакаров Хьусайн, хаам бо меттигерчу "Черновик" газето.

Таллам беш цуьнгара схьаяьккхина "Глок-17" олу тапча. Газетан полицерчу хьасто чIагIдарехь, Бакаров Хьусайн ву Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан полицин ротан командир а, ткъа иштта нохчийн Iедалехь вице-премьер волчу Висмурадов Абузайдан гергара стаг а.

Хасавюртарчу полицехь а, Дагестанехула йолчу МВД-н зорбан-сервисехь а реза ца хилира и хаам сихха а тIечIагIбан я харцбан.

  • Мангал-баттахь Дагестанехь лецира 35-тта шо долу вахархо, стаг вен гIоьртина аьлла бехке а вина. Талламхоша чIагIдарехь, шина стагаца шен дов даьлча царна тIе граната кхоьссина хиллера цо. Шиннах цхьаъ лазийнера.
  • Кхушара Охан-баттахь ХIинжа-гIалахь лецира UFC латархо хилла Антигулов Хьаьжамурд герзаш лелорах йолчу шеконца. 33 шо долчу Дагестанан коьртачу шахьаран вахархочуьнгара ши тапча а, патармаш а даьхнера. Антигулов Хьаьжамурд 2017-чу шарера карара зама тIехIотталц летта UFC системехь, 20-зза тоьлла, 8-зза эшна. Иза дахначу Iай ловзаргахь латар бахьана долуш, хадийна хилла цхьаьнакхетаралло цуьнца йина хилла контракт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG