"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" юрист Янгулбаев Абубакар лаьцна Пятигорскехь, полицин декъехь ву иза, цунна тIебуьутш бац адвокаташ. Стенна лаьцна хууш дац. Хьалхо дIахьедира цо, Нохчийчохь шен гергарчех 40 гергга стаг вигарх лаьцна, яздо Кавказ.Реалии портало.
"Тахана Iуьйранна Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристах Янгулбаев Абубакарх талламбина, цуьнгара техника дIа а йоккхуш. Карарчу хенахь Пятигорскерчу полицин декъехь латтош ву иза. Адвокат цунна тIе ца вуьту", - аьлла ду Комитетан телеграм-каналехь яздина.
Ставрополан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коьртачу урхалло информаци ца ло бакъоларъярхо лацарх.
Лацале сахьт хьалха Янгулбаевс комментарий елира Кавказ.Реалиина Кадыровн критикийн гергарнаш лацарх лаьцна.
"Оцу некъашца нохчийн Iедалхойн Iалашо яра даим а шен критикаш кхерон, уьш совцон. ТIаьххьарчу хенахь кеста-кеста стенна нисло хIара? Суна хетарехь, бакъонаш хьоьшуш хиларх хаийта а, дIахьеда а нах кийча бу, ткъа хьалха тапъаьлла Iара", - дийцина юристо.
Кху деношкахь "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" къилбаседанерчу филиалан юристо Янгулбаев Абубакаран дIахьедира, шовзткъа гергга ден а, ненан а агIор гергарнаш лечкъийна бигина шен Нохчийчохь аьлла.
ТIаьххьарчу кIиранчохь Нохчийчуьра дIавахначу пхеа оппозиционеро дIахьедира иштта, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Ву царлахь - Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон исс гергара стаг (цхьаберш тIаьхьо дIахийцира, амма лачкъийна Тумсон стуннана а, стунйиша а). Германехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан цIийнах болу нах а бигина, билггал хууш дац маса стаг вигина, Европехь болх бечу бакъонашларъяран "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергара кхо стаг, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ворхI герагара стаг, Германи дIавахначу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран куьйгалхочун Арцуев Асланан цIийнах виъ стаг а.
Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.