ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазапхо а, спортхо а. Кадыровца лелочу доттагIалло муха аьтто бо Канадера нохчийн боксеран


Кадыров Рамзан а, Бетербиев Артур а
Кадыров Рамзан а, Бетербиев Артур а

Нохчийн къомах схьаваьлла Дагестанера вахархочо Бетербиев Артура толам баьккхира боксехь летта чемпион а волуш. Цул тIаьхьа цуьнан цхьанакхетар нисдира Соьлжа-ГIалахь. Цуьнца тасавеллачун командо бехкбиллина ца Iаш, оцу тасадаларшка хьовса баьхкинчара а йуьхь йаьккхира Бетербиевн, толам богIуш баьккхина бац аьлла а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гIортор йарна а. Хьаькам стенна бехке ву, хIун йукъаметтигаш йу цуьнан боксерца, цуьнан карьерина цо Iаткъам а муха бо - тхан редакцин материалехь дуьйцу.

Чемпионан цIе къовсуш латарш дIадаьхьира гIадужу-беттан 12-чохь Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн коьртачу шахьарахь Эр-Риядехь. 12 раундашкахь Бетербиев Артура толам баьккхира Бивол Дмитрийца летта. Оцу толамо таро йелира цунна америкахойн тематикан The Ring сайтан версица, дуьненчуьра тоьллачу латархойн рейтингехь боьалгIа могIа дIалаца.

Бетербиев толаре сатуьйсуш латаршка хьажа веанера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан уллора бIанакъост, республикин цIарах Пачхьалкхан думера депутат Делимханов Адам а. Цунах лаьцна дIахьедира пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло. Латарш дирзинчул тIаьхьа оппозицин нохчийн пабликашкахь видео гучуйелира, цу тIехь Кадыров а, Делимханов а девне ваьллера турниран хадархошца. Вукхарна ца лаьара хьаькамаш ринга тIе бита. Оьрсийчоьнан парламентан депутатана ца магийтира дехьавала, ринге кхача аьтто мехкан куьйгалхочун бен ца хилира. Ала догIу, диъ де хьалха цуьнан кIант Ахьмад вара "дан деззарг дийр ду" нохчийн латархошна, "лела дезачу кепехь ца лелахь" бохуш, кхерамаш тийсинарг.

Бетербиевс баркалла элира Кадыровна цига варна, бохура иза шегахьа "уггар коьрта дог лозург" ву. Шен телеграм-каналехь толам баккхарца ша декъалвина Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей, хьаха а ца вира латархочо. КIира даьллачу заманчохь спортхо Нохчийчу веара, Москвара схьа кеманца цунна улло ваьлла вара Кадыров. Аэропорта царна дуьхьал баьхкина а бара дуккха а хьаькамаш, цул тIаьхьа Бетербиев дIавигира суьйранна цхьаьний кхачанах кхета.

Оцу йукъанна, Бетербиевс толам боккхуш, латарш дирзинчул тIаьхьа Биволан командо латкъам бира, суьдхоша бина сацам къовсаме хиларна, катоххий реванш хIоттайе аьлла, хаамбира The Ring сайто. Доккхачу декъана, Биволан менеджеро Корнилов Вадима дIахьедира, нохчийн спортхочун командина хууш дара цо толам боккхур буйла, латарш дирзина а довлале, цо шеконаш кхуллу суьдхойн, йа супервайзерийн цхьа шатайпа йукъаметтигаш хиларх.

Бетербиевн толам тIе ца лецира цхьаболчу цуьнгахьа хиллачара а – цуьнан иснтаграмехь критика йира спортхочунна. Царлахь фанаташа а цхьаьна элира, цуьнан карьера йолалучу хенахь дуьйна Кадыровс гIо латтор, хила тарло богIуш боцу толам цунна балийтарца доьзна. Ишта боксеро цунах лаьцна ша а масийттаза дIакхайкхийра хьалхо.

Оцу бехкашна комментарий ца йира Кадыровс. Соьлжа-ГIалахь спортхой вовшахкхетарх лаьцна хIоттийначу постехь цо дIахьедира, "и кIант бер долуш дуьйна, хууш дара шена цунах чемпион хир вуйла, спортехь цо карьера йийр йуй хаьара шена" аьлла. Бетербиевн чемпионан титул "Нохчийчуьра бахархошна совгIат хилла ца Iаш, миллионашкахь цуьнгахьа дог лезначарна а ду" аьлла.

Хасав-Йуьртара Канаде

39 шо долу Бетербиев Артур вина Дагестанера Хасав-Йуьртахь, нохчийн ЗIогой тайпанах схьаваьлла ву иза. Спорте эха волавелира иза, шен баккхийчу вежаршца цхьаьна, ткъа 2013-чу шарахь шен деца-ненаца Канаде дIавахара иза, цигахь дуьххьарлерачу профессионалан контрактана куьгйаздира цо.

Санкцешна меллаша йукъабохуьйтуш бу Кадыровн боксераш а, латархой а

2018-чу шеран гергахь Бетербиевс Канадин паспорт схьаийцира – цунах "аьтто балар" элира спортхочо, хӀунда аьлча, Оьрсийчоьнан вахархо хиларна а, 2014-чу шарахь ГӀирмана аннекси йинчул тӀаьхьа йукъа йаха йолийна дуьненаюкъара санкцеш бахьана долуш а цунна дехка тарлора латаршкахь дакъалацар. Амма Бетербиевс оцу сохьта дӀахьедира ша кхечу байракх кӀел къовсавала лууш цахиларх а, кест-кеста Оьрсийчу Ӏаморшка воьдуш хиларх а, шен карьера йерзийначул тӀаьхьа цӀаверза дагахь хиларх а.

Шен Оьрсийчоьнан паспорт бахьана долуш кхийрина ца Iаш, хетарехь, боксер ийзалуш хилла Кадыровца ша диллина лелош доттагӀалла хиларна а, ткъа иштта Нохчийчохь шен уьйраш хиларна а. Ша республикера дIавахначул тIаьхьа а Бетербиев мехкан куьйгалхочо кхоьллинчу "Ахмат" латархойн клубан декъашхо висина ца Ӏаш, оцу рожо шена ден совгӀаташ а цхьана схьаоьцуш вара иза. Масала, 2021-чу шарахь Нохчийчохь цунна йелира мах 6 миллион соьма тIера болалуш йолу Mercedes-Benz GLE машен а, "Соьлжа-ГIалин сийлахь вахархо" цӀе а. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгал ма-даккхара, Бетербиевна машен эца ахча деллера Кадыров Ахьмадан цӀарахчу йукъараллин фондо - иза лоруш йу республикан куьйгалхочун "долара бохча". Ала дашна, цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту боху бюджетан белхахошка.

2022-чу шеран мангал-баттахь "Чемпионат" сайтана йеллачу интервьюхь Бетербиевс элира: "Рамзан Ахматович суна совгIат ца деш ца Iа. Бахьана дацахь а ло суна совгIат". Муьлха совгIаташ ду дуьйцурш, спортхочо билгал ца даьккхира.

Украинехь тIом болийначул тIаьхьа а жигара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна гIортор йеш схьавогIу Бетербиев. Кадыров винчу дийнахь хастаме посташ зорбане йаьхна ца Ӏаш, Соьлжа-ГӀаларчу официалан барамашкахь а хилира иза. ТӀаьххьарчех цхьаъ йара товбеца-баттахь дӀайаьхьна инвестицийн форум, цуьнан вовшахтохаралла боксеро шен инстаграмехь хастийра.

Боксехь кхиамаш бахарехь Iаткъам бина воккхаха волу ваша хилла

СПАРК-н системица а догIуш, боксеран ваша Бетербиев Абубакар 2012-гIа шо тIедаллалц Нохчийчуьра латархойн "Динамо" клубан долахойх хилла ву, цуьнан нанна Нохчийчохь совгIат дира "Ненан сий" мидалца.

Лаккхарчу даржашкахь болчу кадыровхойх "вежарий" олу Бетербиевс, Соьлжа-ГӀала – хьоме гIала йу олу, маьрша урамаш а, "кхузаманан кхиамаш а болуш", ткъа республикан куьйгалхочух "дийна легенда" олу. Ша политико дийцира, спортхо шена иза жима волуш вевзина хиларх, Гуьмсехь тренировкаш йеш хуьлура иза боху бер долчу хенахь. Бетербиевс дукхазза хьахийра Кадыровс шен карьерехь "доккха дакха лацарх": "Сан дахарехь уггаре а халачу мIаьргонехь суна ваша хилла иза, сан дахарна а, боксехь кхиамаш бахарна а боккха Iаткъам бина ву иза, суна и цкъа а дицлур долуш дац!"

Спортхочо 2022-чу шеран аьхка йеллачу интервьюга ладоьгIча, дуьйцург ахча ду: Гуьмсехь хиллачу турнирехь Бетербиевс толам баьккхича, Кадыровс ша массо а агIор гIо латтор ду, цо спорт дIа ца тесчхьана аьллера. ХIетахь "Лада" машен йелира спортхочунна совгIатна, 100 эзар сом ахча а.

Къестамаш беш "бIаьрзе хилар"

Украинина тӀелатар долийначул тӀаьхьа, Бетербиевн Америкерчу промоутеро Боб Арум чIагIдан волавелира, боксер Оьрсийчоьнца цхьа а уьйр йолуш вац бохуш. Иза хилира Украинера боксер хиллачу Кличко Владимира Малхбузерчу пачхьалкхашка Оьрсийчуьра спортхошна дуьхьал санкцеш кхайкхайахьара аьлла, дехар динчул тӀаьхьа. Цул тӀаьхьа масех бутт баьлча Бетербиевс дӀахьедира, Арум "шен бизнес кӀелхьарайоккхуш вара", хӀунда аьлча, цуьнан компанино спортхочунна инвестицеш йина, нагахь санна цунна санкцеш тохахь, ахча дан тарло аьлла.

Амма оццу хенахь дуьххьара критика йеш материалаш гучуйевлира нохчийн куьйгалхочун а, Канадин паспорт долчу боксеран а доттагӀаллех лаьцна. Американ векалца Смит Джо-жимахволчуьнца чемпионан кхо доьхка къовсуш латарш дуьйладалале Британерчу The Guardian газето йаздира, спортхочун "нохчийн диктаторца" йолу зӀе "цуьнан цӀарна тӀехь, шеко йоцуш, таммагIа дуьтуш йу, цунах ларвала веза" аьлла, ткъа хӀара доттагӀалла лара мегар дара Кадыровна дуьхьал Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийна санкцеш йохор санна.

Цу кепарчу критикана цхьа а реакци ца йира, 2022-чу шарахь гIадужу-баттахь, Канадехь йолчу Украинин векалалло Бетербиевс Нохчийчоьнан куьйгалхо винчу денца декъалвина хиларна тӀе тидам бахийтира.

Кадыровца кест-кеста цхьаьнакхетарш, публикацеш арахецар доцург, 2024-чу шеран дечкен-баттахь Канадерчу Квебекехь рингехь лаьттачу Бетербиевс дӀакхайкхийра: "Нохчийчоь – ницкъ бу, Ахмат – ницкъ бу, Рамзан – чемпион ву" аьлла. Украинхойн векалаллехь оцу сохьта дӀахьедира, шаьш инзардевлла Оьрсийчоьно болийначу тIамехь жигара дакъалаьцна стаг цу кепара сийлахь вазварна аьлла.

ХIетахь "Спорт-Экспресс" хьостаца хиллачу къамелехь боксхочо элира, "хӀора стеган бакъо йу шена луург ала". Цуьнца цхьаьна Бетербиев тешна вара, меттигерчу рингехь Кадыровх лаьцна вистхиларна Канадин агIор шена цхьана а кепара санкцеш дуьхьал йохур йоцийла, хӀунда аьлча, иза низамаш ца дохо а, "цӀен серло летча дехьа ца вала" а гӀерта.

Кавказ.Реалиин редакцин корреспондентаца хиллачу къамелехь Канадин Ӏедалхойн тийна Iарх кхетийра Jamestown Foundation организацин белхахочо Гобл Пола, дешан маршо хиларца. Амма цо чӀагӀдора, ша царех цецваьлла хилар.

Канадин йиш йу Бетербиевн спортера кхиамаш дӀакхайкхо, цуьнан Кадыровца гергарло хилар ца хууш санна, моттаргӀанаш а лелош

"Со цецваьлла, Канадина ца го, иза мел нийса доцуш ду. Боксер Канадин вахархо хилар а, Канадо маьршачу дешан гӀортор йеш хилар а тидаме эцча а, Оттавана, хетарехь, ца лаьа цунна дуьхьал гӀулчаш йаха, цо Кадыровна гӀортор латторна", - бохура Гобла.

Бетербиевх лаьцна Канадерчу уггаре а йаккхийчу зорбанан гIирсийн публикацешкахь йанне а хьахош йац Кадыров Рамзанан цIе, спортхочо шен Ӏаморийн цхьа дакъа Оьрсийчохь дӀахьо бохуш дуьйцуш делахь а.

Канадин Ӏедалийн оцу кепара "бӀаьрзе хиларан" бахьана хила мега церан боксехь мехкан сий лакхадаккха лаар, тешна ву Къилбаседа Кавказехула аналист волу Чемберс ХIарольд.

"Канадин йиш йу Бетербиевн тӀеман кхиамаш дӀакхайкхо, цуьнан Кадыровца гергарло хилар шайна ца хууш санна моттаргӀанаш а лелош. Оцу кхиамаша пачхьалкх дикачу агӀор гойту. Цу юкъана санкцеш меллаша хьежош йу Кадыровн боксершна а, латархошна а. Уьш дуьхьал ца йахахь, йа ладаме йукъараллин реакци ца хилахь, Канадас дIатоьттур вац Бетербиев", - аьлла хета экспертана.

Билггала, Биволца абсолютан чемпионан цӀе къовсуш тийсадаларш хиллачул тӀаьхьа, нохчийн спортхочух хӀинцале а Канадин зорбанехь "Квебекан боксан исторехь дуьххьарлера чемпион" ву аьлла, ткъа цуьнан толаман маьӀна оцу спортан кеп Канадехь кхиорах "Бетербиевн эффект" аьлла.

Украинехь шина шарахь сов тӀом лаьттинчул тӀаьхьа, Канадо Оьрсийчоьнна дуьхьало йан пачхьалкхана гӀо дан 4,5 миллиард сов долларш хьовсийначул тӀаьхьа, Кадыров Рамзанан доттагӀ Бетербиев Артур Канадехь официалан барамашка кхойкху веза хьаша вой, масала, хоккейн матчашкахь.

Хьалхо Канадерчу The New York Times, The Guardian газетийн журналисто Зидан Карима дӀахьедира Кавказ.Реалиин редакцига, Канадин Ӏедало вуно кӀезиг тидам тӀебохуьйту Кадыровна а, цо дечу зуламашна а, цундела Бетербиевна могуьйтуш ду цара диллина лелош долу доттагIалла.

  • Республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гӀортор йеш, кест-кеста летаршкахь дакъалоцу махкал арахьа бехачу нохчийн спортхоша. Кавказ.Реалии сайто къастийра, стенца йоьзна йу и тенденци.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долчу кIанта, республикин спортан министро Кадыров Ахьмада шен махкахошна дихкина поп-ММА-н турнирашкахь дакъалацар, иза "тӀаьххьара дIахьедар" хилар билгал а доккхуш. Ца хуьлчу далахь, шаьш "билггал гӀулчаш" лелор йу, элира кхиазхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG