ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Илон Маска шен твиттерера аккаунтан цIе хийцина Кадыровн жоп луш


Илон Маск
Илон Маск

Америкера миллиардера, SpaceX компанин кхоллархочо Илон Маска жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан социалан машанашкарчу дIахьедарна, шен твиттерерчу 78 миллион ешархо язвеллачу аккаунтан цIе а хийцина цо.

Кадыровн а, Маскана а юккъехь къовсам иккхира, говзанчас президент Путин Владимир вовшахлатаре а кхойкхуш Кремле дIахьедар дича. "Ставка – Украина", - яздира SpaceX-н куьйгалхочо.

Цунна дуьхьала Кадыров Рамзана хьехна Маскана Путинца ца тийсавалар, хIунда аьлча, президент спортхочун кепехь гуш хир вац "шел гIийлачу къийсамхочунна етта хIоьттича".

"Муха коьрте догIу хьуна иза? Хьо ринган цIечу сонехь хуьлу – бизнесхо, твиттерера блогер. Путин сийначу сонехь – дуьненан политик, стратег, Малхбузен а, Американ а кхерам. Цундела ахьа хьайн дегI тадан деза, ховхачу Илонех, брутале Илон хилархьама", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь.

И кхайкхам шен твиттерехь гIарабаьккхина Маска, аккаунтера шен цIе а хийцина Elona Musk аьлла, юха а Путин Владимир вовшахлатаре а кхайкхина.

"Иза тасвала кхоьруш велахь, со реза ву деккъа аьрру куьйгаца лата – ур-аттала со гаьзло а вац", - яздина Илон Маска.

Кадыров Рамзана цIаьххьана къобалдина Илон Маскан "ца хаьрца доьналла, амал, шалха стандарташ ца хилар а", цо Starlink зIенера оьрсийн сайташ дIакъовларна дуьхьало йар дага а доуьйтуш.

  • Хьалхо Кадыровс дIахьедира, "Украина схьатохарх" лаьцна шен дешнаш федералан центрца дагаваьлла аьлла дацара, иза шена хетарг дара аьлла. Оцу хеначохь цо билгалдаьккхира, "шен лаамерчу тIемалочун" вастехь "пачхьалкхан, президентан, къоман позициш къийса" ша кийча хилар.
  • Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртичхьана Кадыров Рамзана жигара дIахьедарш до оцу хьокъехь, Путинехьа агIо а лаьцна. Масала, цо саццанза дуьйцу "кадыровхой" шайх олучара луларчу махкахь лелочух лаьцна, иштта ша оцу тIеман тийсадаларшкахь дакъа лоцуш санна кепаш хIиттайо. Масала кIира долалуш оьрсийн Iедалехьа йолчу телеграмерчу каналашкахь ларми чохь дIаязйина шина минотехь йолу видео гIаръяьккхира, оцу тIехь дIахьочу тIеман кхеташонехь дакъалоцу Кадыров Рамзан а гойтуш. ТIечIагIдо, видео Украинехь дIаязйина хилар – Киевна ворхI километр генахь. Амма оцу хаамна цхьа а тоьшаллаш дала ца хIоьттира Кремл, ткъа шолгIачу дийнахь Кадыровс Соьлжа-ГIалахь тIелецира Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG