Садовская Алёна
Референдумах долчу низаман проект ца тайна цхьаболучарна
Митинг йолийна Магасехь юха а. ГIалгIайчохь референдум хIотто магош долу бахьанаш къасточу низаман проекто гIаттийна оппозици. Стенна ца мега протестхошна и проект?
Дечкен-бутт боьрзуш ГIалгIайн Республикан Халкъан Гуламо йийцарейира референдумах йолу проект, къобалйира иза коьртачу декъанна. Амма оцу хиламах лаьцна хаам ца баржийна Iедало кху баттахь бен. Цунна оьгIазъяхначу оппозицино сихонца митинге баьхна шен агIончаш.
"ГIалгIайчоь цахилийта гIерта дукха нах"
1997-чу шарахь тIеэцна низам ширделла. Ткъа керлачу низамна кечйинчу проектера дIадаьккхина уггаре мехала дакъа – "ГIалгIайчоьнан референдуме дахка торуш долу хеттарш".
Халкъе хаьттина бен мегаш дац ГIалгIайчоьнан статус, цIе, дозанаш хийца, бохура хьалхалерачу низамо. И кеп юкъараяьлла кечйинчу проектехь.
"Керла низам юкъадаккха бакъо Евкуровн [мехкан куьйгалхо] бен яц, цунна кечйина харжамийн комиссино референдумах йолу проект. Евкуров куьйгаллехь волчу юкъанна, референдуме дахка деза гIуллакхаш Iедалан каралуш, дукха хийцамаш бина I997-чу шарахь тIеэцначу низамна", боху "Яблоко" партин регионерчу декъан лидеро Муцольгов Руслана.
"Масала, федералан тIегIанехь референдум яр деха арайолу жигархойн тоба 20 я цул сов стагах вовшахкхетта хила езаш елахь, кхузарчу Iедало 100-нал кIезиг хуьлийла дац и тоба, боху", билгалдоккху Муцольговс.
"Гурахь иккхинчу ситуацина резабоцу хьакамаш нехан карара даккха гIерта дерриг а, халкъе ца хоттуш дан лаьа дерриг а. Хетарехь, пачхьалкх регионийн дозанашца хийцамаш бан дагахь ю, цундела ГIалгIайчоьнан Iедал а ду шен лаамаш халкъе ца хоьттуш чекхбаха кечлуш", аьлла хета оппозиционерна.
ГIалгIайчоьнан Кегийрхойн хьукматийн кхеташонан куьйгалхочо, юристо Хаутиев Бахьавдина а элира "Кавказ.Реалиига" изза. Керлачу низамо, иза тIеэцахь, "депутатийн каралур ю мохк цхьаьнатоха, бекъа, цIе хийца, я дозанаш дехьа-сехьа даха йолу бакъо", аьлла хета цунна.
"Дерриг а леладо Iедало цхьана Iалашонца – дукха хан йоццуш латтанаш Нохчийчоьне дIадалар нахе референдуме цадаккхийта, ткъа тIейогIучу ханна ши регион [Нохчийчоь а, ГIалгайчоь а], халкъе а ца хоьттуш, цхьаьнатоха аьтто кхолла", боху Хаутиевс.
Карарчу ханна гуламхой дагахь бу шина кIиранах арахь латта, амма референдумах долчу низамо халкъан каралуш йолу бакъонаш тахана кечйинчу проекто луччул бен ца хилахь, доза доцуш шорлур ю протест, чIагIдо Магасерчу жигархоша.
"Дуьйцучу низамна кечйинчу проекто гойту Москвахь а, кхузахь а, ерриг Кавказехь а ГIалгIайчоь цахилийта гIерта нах дукха буйла. И низам тIеэцахь, хаа ду ГIалгIайчоь Нохчийчоьнах дIатоха кечъеш юйла", чIагIдо Хаутиев Бахьавдина.
Депутаташ ца кхетта шаьш дечух
ГIалгайчоьнан парламентан депутата Евлоев БайIелас дийцира "Кавказ.Реалиига" муха нисделира ша а, шен накъосташа а муьлхъачу хьелашкахь къобалйира референдумах йолу проект.
"Цхьа сиха, тIехь тидам ца сацош, чекхъяьккхира оха проект. Юкъараяьлла хилла мехкан хатI, цIе, дозанаш хийца бакъо халкъехь хиларх йолу артикл. Иза тIаьхьа хиина, хIинца бIаьрга сара кхетча санна хьийза массо а. Ткъа тхоьга аьлларг кхин дара проект оха къобалъечу хенахь. Бохура, федералан низамца шалхадовлу хIуманаш ду хийцинарш", дагалоьцу Евлоевс.
ХIетахьлера гIулч шаьш юхаяккха гIерта, меттахIотто дохку проектна юкъарадаьккхинарг, депутаташ берраш а санна проект юхалистарехьа бу, элира политико.
"Ахь тесирий проектехьа кхаж?", хаьттира "Кавказ.Реалиино" кхечу депутате – Оздоев Аюпе. "Ас ца ешна референдумах йолу проект, ткъа ешна йоцчу проекташна кхаж ас цкъа а ца тосу", жоп делира цо.
"Проект федералан низамца дIанисйина ю, бохуш дуьйцура. Со аьттехьа а реза вац цунна, иза шозлагIа йийцаре йоккхур ю, амма ас тосур бац цуьнгахьа кхаж, элира Оздоевс.
Кху еарийдийнахь, 28-чохь, юьллур ю проект шолгIачу ладегIаршка. Ткъа митинг йолаяларо саметтахдаьккхинчу парламентан спикеран гIовсо Сукиев Асхьаба официалехь дIахьедина халкъе иштта: махканна деза ларало хеттарш референдуме дохку боху артикл ларамза яьлла проектна юкъара.
Низамаш кечдечу а, тIеоьцучу а хьукматашкахь иккхинчу галморзахалло карзахбаьхна нах кхаа денна, аьлла, митинге баьхна жигархоша.
Бакъду, митинг хила массех де дуьсуш Евкуровс юхаехна ша парламенте кховдийна хилла референдуман проект. Документ халкъца дийцаре дан дезаш ду, аьлла мехкан куьйгалхочо.
" Низам юхадоккхуш дац, Евкуровс кхаа баттана пауза эцна. Амма ца воллу иза проект тоян, воллу халкъ ша бохучунна тIетадан, шен лаам цуьнан коча таса", элира журналисташка "Яблоко" партин декъан хьалханчас Муцольгов Руслана.
Цхьаболчу хаамашца, Магасера гулам дIасабохийна полицино, тарло юхагIатта а.