ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ца бевлла хилла мухIажирш а, Конституци а


Акиев Тимур, "Эхо Кавказа"

Шайгара тIемаша дIаяьхна хIусамаш Iедало меттахIитто еза ГIалгIайчуьрчу нохчийн мухIажирша боху ду …иттаннаш шераш. Къар ца ло я уьш а, я Iедал а. Бакъо лохуш, Конституцин кхеле арздина мухIажирша.

ГIалгIайчоьнан Конституцин кхело кху беттан 19-чохь листира шайн махкахь баха саца луучу нохчийн мухIажирийн арз.

20-ха шо ду мухIажирш, петарара петара а кхелхаш, нехан хIусамашкахь беха. Iедало шайна тхов баларе сатуьйсу цара хIинццалц схьа. Дуккхаза а бийлина оцу бахьаница кхеле а.

ХIусамаш хила тарло бохучу дегайовхонца и нах бехира 2016-гIа шо тIедаллалц. Амма Пачхьалкхан Думано мухIажирех, аьлча а, "цабевлла беха меттигаш хийцинчу нахах долу низам" хийцичхьана, дIабайна цаьргара тешам. Муьлхха а, соьманна хилла а, царна жимма-тIам Iедало дина гIо делахь, генадолу хIусамаш ялар.

Низаман керлачу юкъадалораша аьтто бира ГIалгIайчоьнан Iедална шега петарш йоьхучу бахархойн (иштта мухIжирийн а) рагI лахъян. Арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан, информацин министралло довзийтинчу терахьаша бахарехь, стохка гурахь махкахь хIусам йоьхучу нехан рогIера баьккхина 2151 доьзал.

Коьрта бахьана – 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедало арахецначу №510 низамца а догIуш, доьзалша Iедалера субсидеш схьаэцар. Пачхьалкхан тахана бала а бац, делла ша хIусам эццал ахча нахана, я ца тоьира и ахча цIенна ши сторпал эца а.

МухIажирш шерашкахь кхелашкахула лела шайгара тховбацархойн хьал далхош. Ткъа стохка мухIажирех долчу низаман керлачу кепо дегайовхо а шелйина нехан.

2018-чу шарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун лаамца кхоьллира махкахь мухIажирийн могIа бацбойту комисси. Цо 280 доьзал дIабаьккхира "цабевлла беха меттигаш хийцинчу нехан" статусах.

Евкуров Юнус-Бекан лаам кхочушбинчул тIаьхьа комиссино шен белхан жамIаш зейта хьовсийра прокуратуре. Цул тIаьхьа ГIалгайчоьно дерриг а дийр ду йогIучу нахана хIусамаш яларца, аьлла дара мехкан куьйгалхочун негат. Амма ца листира прокуратуро комиссин болх, ца йиллира кхидIа бечу балханна неI.

Цундела бевллера мухIажирш хIинцачул а хьалха мехкан Конституцин кхеле. Амма схьа ца ийцира цо арз. Цундела хIинца кхечу дешнашца, кхечу казуистикан маттаца чуделла нохчийн мухIажирша Конституцин кхеле изза хаттар – "мегий-те мехкан низамашна пачхьалкхерчу Конституцица цадогIуш хила?"

​Арз мухIажирийн цIарах чуделларг ю Дзортова Мадина. Конституцин кхело кхайкхоза бу шен сацам цкъачунна – Зазадоккху-беттан 11-чохь ер ю кхел ша эриг аьлла. Дзортова а, цуьнан декъахь болу бIеннаш а Iа шайх пачхьалкханна къахетаре сатуьйсуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG