ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалшкара нийсоне хьоьжуш беха Сибрех бала хьегна гIалгIай


ГIалгIайчоь -- 1944-чу шарахь вайнах махках бахар дагалоцуш бу гIалгIай, Несар-гIала, 23Чил2012
ГIалгIайчоь -- 1944-чу шарахь вайнах махках бахар дагалоцуш бу гIалгIай, Несар-гIала, 23Чил2012

Махках а баьхна, бала а хьоьгуьйтуш, шайга Сибрех хан такхийтарна компенсаци йоьхуш бу ГIалгIайчура бIаьннаш бахархой. Царах цхьаберш и хаттар айина Страсбургерчу кхеле а кхаьчна. Амма говзанчашна Iедалшкара нахана Сибрех бала хьегарна дуьхьал компенсаци хир ю аьлла ца хета.

Масех бу хира бу, гIора дисина болу, гIалгIайн къаноша, кхелашка цу тайпа аьрзанаш деш долу. Цхьанна а, ахча кхаьчча, ян иза делла меттиг яцахь а, цу тайпа некъахула, бакъоне кхача гIертарш кIезга бац ГIалгIайчохь. Интернетехь а ю, леррина и дов чу дала кечам беш долу кехаташ.

«Мемориалан» Несар-гIалахь долчу декъан куьйгалхочуьнна Акиев Тимуран хетарехь хилла йолу жигаралла лахлуш ю хIинца. Баккхий нах, муьлхачу гIуллакхан ца хаа, амьа, цхьаммо Iехийна хилла, элира цо Маршо радиога.

Акиев Тимур: «Бакъ дерг дийцича,и нах болуш бара. ХIинца ишшта жигара дац иза. Мелла а кIезгаделла чу луш долу и кехаташ. Цхьаъ, шиъ бутт хьалха, къаной лелара кечдинчу оцу аьрзанаш тIехь долчу кехаташца. Уьш гIертара шайна компенсации хира ду моьттуш, Iедалшна тIекхайкха.

Иза гIуллакх хира долуш хIума дац. И кехаташ цаьрга кечдойтуш а, царна гIо дечара а ца олура цуьнах лаьцна. Наха чIогIа тешна бара, шай гIуллакх хира ду аьлла. Дуьйцуш дара, федерала бюджетера дуккха а ахчанаш ду цу гIуллакхан диллина аьлла. 2-3 миллион соьмаш дуьйцура. Халахетахь а, оцу къамелаша и жигаралла кхоьллинера».

ГIалгIайла хьалха, шаьш дIадуохадарна ахча доьхуш аьрзанаш чу делларш гIалмакхой хилла. Цхьаболчеран аьрзанаш адамийн бакъонашкахула Европерачу кхеле кхаьччера, амма, цигахь а къобал ца дина иза, аьлла кхин дIа а дийцира бакъонашларъярхочо Акиев Тимура.

Акиев Тимур: «Европерачу кхело, гIалмакхоша цу тайпа чу деллачу аьрзнийн хьокъехь сацам бира, и гIуллакх листар хуьлуш дац аьлла. Цул тIехь массарна а кхета дуоладеллера цуьнах гIуллакх хира доцийла. Хьалха юристашний бен ца кхетара иза. Оцу аьрзанийн кхане яц. Оьрсийчоьнан низамехь, цу тайпа гIуллакхашна ахчанаш луш ца хилар сов, дуьненаюккъерачу кхелан бакъонашца а дац иза луш».

«Казахстанера бераш» цIе йолчу юккъараллийн цхьанатохараллийн куьйгалхо Айсханов Аслан ву, деххачу шерашкахь, дIабуохийна хиллачу вайнеха бакъонаш меттахIотто гIиртинчарах цхьаъ.

Дукха тIех сов жигаралла гайта ма вуолавелнехь, иза провокацеш лелош ву аьлла тIе цIе кхоьллинчулла тIехь, шен болх сацо бийзира цуьнан. Тахана, къам дуохадаран гIуллакхан жоьпалле цхьа а воцуш лаьттина а ца Iаш, и бала лайна болу баккхий нах кхачабаллалца иза айдеш а дац, аьлла тидам бира цо.

Айсханов Аслан: «Замано дагалецамашкара дIа дайалца латтош ду и гIуллакх. Ша дерг гайне дирзина вай. Ахча делчхьаний, ша паргIат а маьрша а ву аьлла хета нахана. Хан дIаяьлла, архиваш ягийна. Истории дIаера ю, вай буьйцуш болу нах дIа ма боьвлнехь.

Шу дайша азиаташ ма ду, бохуш, шайна луучу агIора дуьйцура ду кхана. Оцу хIуманна юккъаралла кечъеш санна хеташ ву со. Суна оцу гIуллакхаца бала болуш, ян историкех а, ян политологех а ца карийна».

ДIадохор хилла дукха хан яьллехь а, хIора доьзална 10 эзар сом бен делла дац, Совета пачхьалкхан тIаьхьалонна жоьпалла шена тIелаьцначу Оьрсийчоьнан Iедалша. Иза а дукхачу доьзалшна кхача а ца кхаьчна.
XS
SM
MD
LG